С.Михалковн цIарахчу берийн библиотекехь журналистан, яздархочун Чагаева Тамарин «Нохчийн туьйранаш» книга йовзийтар хилира.

Цигахь дакъалоцуш вара Октябрьски кIоштан префектан заместитель Бесиев Муса, Нохчийн Республикин Ростехнадзоран куьйгалхочун заместитель Пожаев Мохьмад, филологин Iилманийн доктор Джамбеков ШаIрани, ОвгIанан тIеман ветеранийн Союзан председатель Уздарбиев Iабдулхьамид, журналист, яздархо, публицист Арсанукаев Муса, иштта дуккха а яздархой, журналисташ, хьехархой, библиотекин ешархой.
Книга йовзийтар дIахьош яра библиотекин директор Сайдумова Зулай.
– «Нохчийн туьйнараш» книги тIехь автора вайна довзуьйту нохчийн халкъалахь барта кхолладелла шира туьйранаш. Оцу книгин мехалла ю хIора а туьйра нохчийн а, оьрсийн а, ингалсан а меттанашкахь хилар. Авторан Iалашо яра Россехь дехачу кхечу халкъийн а, кхечу пачхьалкхийн а берашна нохчийн туьйранаш довзийтар. ХIора а халкъан шен-шен туьйранаш хуьлу, оцу туьйранийн турпалхой а хуьлу шайн Iадаташка, культуре хьаьжжина. Амма муьлххачу а халкъан туьйра дикано вон эшош чекхдолуш ду, хIунда аьлча, ширачу заманахь дуьйна а схьадогIуш ду, баккхийчу наха берашна дика-вон, бакъо-харцо къасто а, къинхетаме хила а туьйранаш дуьйцуш Iамош хилар, – элира З.Сайдумовас.
«Нохчийн туьйранаш» книги тIерачу суьрташ тIехь, бераллехь шайна дийцинчу туьйранийн турпалхой бевзира гулбеллачу баккхийчарна. Шаьш бералле кхаьчча санна самукъадаьллера церан.
– Со жима волчу хенахь, муьлххачу беро санна, сайна хезначу туьйранийн турпалхойн васташ хIиттадора ас сайн иэсехь. ХIетахь, хIинца санна дацара, турпалхойн суьрташ долуш-м дуьйцур дацара, нохчийн маттахь язйина книгаш а кIезиг яра. ХIокху книгин агIонаш луьстуш, дагна там хуьлуш Iара со. Тамарас шуна (берашна) динарг доккха совгIат ду. Цуьнан къинхьегам а шун дуьхьа бу, – элира Бесиев Мусас.
Чагаева Тамарин «Нохчийн туьйранаш» книга керла елахь а, цу тIера туьйранаш долу дукха зама ю. Уьш вовшахтухуш, оьрсийн а, ингалсан а меттанашка гочдойтуш, церан сюжеташна суьрташ дохкуьйтуш дукха а къахьегна автора.
– Нохчийн шайн туьйранаш тIехь мультфильмаш яха аьтто белахьара вайн берашна боккха пайда хир бара, цул сов, уьш кхечу пачхьалкхашкахь гойтуш а хир яра. КIорггера маьIна долуш, массо а замананца догIуш, хаза ду вайн туьйранаш. Нохчийн халкъан цхьаъ бен туьйра ца хилча а, и цхьа туьйра тоьар дара нохчичуьнгахь хила дезаш долу гIиллакхоьздангалла, яхь, майралла, тешам, хьекъал довзийта, – элира нохчий меттан хьехархочо Арсанова Асмаа.
Гулбеллачара Чагаева Тамарина даггара баркалла элира нохчийн туьйранашна керла дахар даларна, кхечу халкъашна уьш довзийта аьтто барна.
ВЕГИЕВА Макка
Авторан суьрта тIехь: «Нохчийн туьйранаш» книга йовзийтаран суьйренехь
№16, бекарг (март) беттан 1 де, 2019 шо