«Со-м хьан цIийнах яра, Нохчийчоь»

(Гайтукаева Банин 60 шо кхачар билгалдаьккхира)

ХIокху шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь 60 шо кхочур дара нохчийн халкъан яхь йолчу йоьIан Гайтукаева Банин. Иза бакъдуьнена йирзира 1994-чу шарахь, шен 35 шо долуш. Амма Банин дош, дош хилла, дехаш ду тахана а.

Гайтукаева Бана дуьнен чу еана 60 шо кхачарца доьзна чиллин беттан 21-чу дийнахь А.Айдамировн цIарахчу республикин къоман библиотекехь дагалецамийн суьйре хилира.

Поэтессин кхолларалла дукхаеза нах, республикин дешаран, Iилманан, кхоллараллин интеллигенцин векалш, Банин накъостий, гергара нах, студенташ бара оцу суьйрене гулбелла.

Царна юкъахь бара филологин Iилманийн доктор Джамбеков ШаIрани, республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, Россин Федерацин хьакъйолу артистка Багалова Зулай, Нохчийн Республикин хьакъболу журналисташ: Аболханов Хьаьким, Дадаев Сайд-Хьасан, Барзанукаева Айза, литературин критик Бурчаев Хьалим, педагогин Iилманийн кандидат Серганова ТIаус, евзаш йолу нохчийн меттан хьехархо Вагапова Асет, иштта кхин дуккха а нах.

Суьйре дIахьош яра Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиева Аза.

Гайтукаева Банин сурт а, дешнаш а тIехь долчу баннерца кечйина яра зал. Библиотекин белхахоша Банех лаьцна язйинчу статьях вовшахтоьхна гайтам а бара.

Литературин критика Бурчаев Хьалима дагалецира Бана, цуьнан кхоллараллин лаккхара мах хадош, дийцира цуьнан гIиллакхех, амалх лаьцна. Хьалимана, Баница цхьаьна белхаш бина хиларе терра, дика хаьара цунах дош ала.

Ибрагимов Кантас хаам бира тIедеанчу 2019-чу шарахь юбиляраш болчу яздархошна юкъахь Гайтукаева Бана а хиларан хьокъехь. Цуьнца доьзна М-С. Гадаевн, Х.Ошаевн, Хь.Сатуевн, Б.Гайтукаеван книгаш зорбане яха Iалашо ю Яздархойн союзан.

Джамбеков ШаIрани Банин хьехархо хилла ву, иза Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан студентка йолуш. Цунна дика дагайогIу шен шатайпа хилла студентка. ШаIранис дагалийцира шаьш лаьмнийн ярташкахула нохчийн фольклор гулъеш лелла хан.

«Доьналла долуш яра Бана. Цунна уллехь нисвелла боьрша стаг осала хила йиш йолуш вацара. Университетехь мел болу культурин декъехула болх, литературин суьйре, даздарш Банас дIахьош дара. Цунна санна нохчийн мохк а, халкъ а дезаш адам наггахь бен ца хуьлу. Иза шен халкъан йоI яра. Нохчийн мотт безаш а, иза хаза бийца хууш а яра Бана», – билгалдаьккхира Ш.Джамбековс.

Банин юьртахо ву Нохчийн Республикин юкъараллин Палатин председателан гIоьнча Гайрбеков Шамхан. Хаза, довха дешнаш элира цо Бана дагалоцуш. Банин уллера доттагIий бара артистка Багалова Зулай а, Серганова ТIаус а, Чагаева Тамара а.

Цара массара а дийцира Банин къонахчун амалх, гIиллакхех лаьцна. Зулайс Банин байташ йийшира. Аболханов Хьаькима а йийшира цуьнан «Хьо вац и къонаха» боху байт.

Серганова ТIауса билгалдаьккхира Бана нохчалла йийцина ца Iаш, шен гIиллакхашца, хIора дийнан Iеряхарца нохчаллица яьхна йоI хилар.

«Бакъдерг дийцича, тахана суна чIогIа ца тоьа Бана санна болу нах», – элира цо.

Баница цхьаьна дешначу Магомадова Зайнаа дийцира цунах лаьцна хаза хIуманаш.

Шелан кIоштан БелгIатой-Эвларчу школин дешархочо Солтамурадова Хьавас Банин «Аганан илли» дийцарна кечйина инсценировка гайтира. ЛадогIархойн дагахкхеташ хаза дIадийшира Хьавас поэтессин гIардаьлла девзаш долу дийцар.

Оццу школин 9-чу классан дешархочо Масаева Маккас «Тамашийна ду хIара дахар» байт йийшира. Уьш кечбинарг БелгIатой-Эвларчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Тарамова Iайнаъ яра.

Зала чохь студенташ а, дешархой хилар а дика дара. Кегийрхошна бовза беза шайн халкъан бакъболу яздархой – патриоташ, церан кхолларалла.

Оцу суьйренехь, лакхахь ма-аллара, Банин байтийн гулар Яздархойн союзо зорбане йоккхур ю алар а кхаъ хилира массарна а, цул сов, тIейогIучу хенахь Банин поэзина лерина суьйренаш дIаяхьа а, цуьнан цIарах литературин конкурс хилча дика хир дара аьлла йолу ойла йовзийтира.

Суьйренехь дакъалоцуш Банин ваша Гайтукаев Iаьлви вара. Шен йиша лерина суьйре вовшахтоьхначарна а, цигахь дакъалаьцначарна а баркалла элира цо.

Бана санна йоI ца хуьлийла дацара халонаш-баланаш лайначу вайн халкъан. Ишттачух дош ала а лаьа, цунна леринчу суьйрене кхача а лаьа.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Суьрташ тIехь: Б.Гайтукаева дагалацаран суьйре

№16, бекарг (март) беттан 1 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: