Ананур – сатоссуш гучуйолу синбилгало;
ХIайбате – тайна, куьцехь;
Архь – хаза, тамехь хьожа;
ТIайр – дуткъа Iена хи;
Бурчам – адаман Iаткъамна кIел ца соцу хIума (стихия);
ТIуьрлиг – деса хабар;
Гоь ца волуш – гIар ца волуш;
Акха – чIир эца, бекхам бан;
Гиба – шуьйра бертиг йолу кхийра кхаба;
Балур – хрусталь;
Мармар – мрамор;
Балат – платина;
Рум – Рим;
Чина – Китай;
ХIинди – Инди;
ГIоьвнаш – пенаш;
Кхало – тховкIело;
ХьакхлагIа – йохийначу гIишлонан баьрзнаш;
Оьзаг – орам;
Эрта – голгофа;
ИгIахь, мигIахь – лакхахь-лахахь;
КIарлагIа – наьIалтан барз;
Анаков – космос.
ДIаяздинарг – Хь.САИДОВ
№16, бекарг (март) беттан 1 де, 2019 шо