Хазбулатов Бекхан, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Парламентан депутат: – Чокаев Кати нохчийн къоман исторехь цхьа шатайпа меттиг дIалоцуш ву.

Дала делла доккха хьекъал а, мало йоцуш, къахьегар а, шен къоман воккха патриот хилар а шегахь хилар бахьанехь Iилманехь яккхий лакхенаш яха ларийна нохчийн юьртахь, нохчийн ахархойн доьзалехь кхиъна нохчийн кIант.
Иза меттан воккха Iилманча ву, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик, Нохч-ГIалгIайн АССР-н Iилманан хьакъволу деятель, Нохчийн Республикин сийлаллин белхахо, Россин лакхарчу дешаран сийлаллин белхахо, ткъа уггаре а коьртаниг, ас лакхахь ма-аллара, нохчийн къоман бакъволу патриот ву.
Умхаев Хьамзат, Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан директор: – Чокаев Катис дуккха а шерашкахь болх бира Россин Федерацин серлонан министерствон къаьмнийн школийн институтан Нохч-ГIалгIайн филиалехь (хIинца Нохчийн Республикин дешар кхиоран институт).
Тхан институтаца кхоллараллин уьйраш тахана а ца хадийна цо. Нохчийн меттан къамелан дакъош кхолладалар талларна лерина цуьнан Iилманан белхаш шуьйра бевзаш бу. Амма меттан Iилма кхиорца цхьаьна, республикехь дешаран тIегIа лакхадаккхарехь а доккха дакъалаьцна ву Кати. Цуьнан боккха лазам хилла лаьтта юьхьанцарчу классашкахь хьехар нохчийн матте даккхар.
Оцу гIуллакхан, цо санна гIо лаьцнарг хир вуй а хаац вайн Iилманчашлахь. Шен мохк, мотт, халкъ дезаран а, царна хьанал вацаран а бIаьрла масал хилла лаьтта Чокаев Кати.
Овхадов Муса, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн пачхьалкхан университетан юкъарчу языкознанин кафедрин хьехархо: – Нагахь санна, Чокаев Катис «Горные говоры Чечни» Iилманан болх бен ца язбинехь а, цуьнан цIе гуттаренна юьсур яра нохчийн Iилманан исторехь, ткъа Кати Iилманан 150 сов белхан автор а, къоначу Iилманчийн хьехамча а ву.
Iилманан дуьненахь дика евза цуьнан цIе «Ведущие языковеды мира» энциклопеди юкъа а вахана иза. Ас билггал а дозалла до оцу башхачу стагаца цхьаьна болх беш а, уьйр-марзо лело йиш йолуш а со хилирна.
Минкаилов Эльбрус, яздархо: – Чокаев Кати – нохчийн меттан Iилманча, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик. Иза дика вевза вайн маттах, историх, Iер-дахарх йолчу тайп-тайпанчу статьяшций, книгашций, монографешций.
Дахарехь а, Iилманан балха тIехь а къоначарна масал хилла лаьтташ ву иза. Даима а лехамийн новкъахь ву Iилманча. Дала могашалла латтайойла цунна, Iилманан балха тIехь керла кхиамаш а хуьлийла!
Альбеков Нурвади, филологин Iилманийн кандидат, Нохчийн Республикин Iилманийн академин меттан, литературин, фольклоран отделан куьйгалхо: – Нохчийн мотт талларехь цуьнан структурно-семантически кеп Iилманца билгалъеш уггаре а хьалха болх бинчарех, уггаре а гIолечех а волу Iилманча ву Кати. Шен шерашка хьаьжна ца Iаш, тахана а Iилманехь жигара къахьоьгуш схьавогIу иза.
Тхуна, кегийчарна, Iилманан белхан а, шен къоман дуьхьа хьанал вахаран а, оьздангаллин а масал хилла лаьтта Кати.
Дала цуьнан оьмар яхйойла, тахана нохчийн лингвистикехь дийна болчу турпалхойх цхьаъ ву Чокаев Кати.
№16, бекарг (март) беттан 1 де, 2019 шо