ДIайолийна къоначу яздархойн конкурс

«Бенара бIаьсте» хIорашеран халкъан кхоллараллин фестивалан гурашкахь республикехь дIахьош ю къоначу яздархойн говзарийн конкурс. Цунах лаьцна хаам бо «Бенара бIаьсте-2019» хIорашеран халкъан кхоллараллин фестивалана кечамбаран а, иза дIаяхьаран а вовшахтохараллин комитето.

Конкурсехь дакъалаца йиш ю республикехь бехачу а, 35 шаре кхаччалц хенаш йолчу а къоначу авторийн.

Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин пресс-службо хаам ма-барра, конкурсе шайн говзарш яла йиш ю лахьанан (ноябрь) беттан 22-чу дийнера оханан (апрель) беттан 30-чу дийне кхаччалц йолчу хена чохь.

Заявкаш хIокху почтин адресца дIаяхьийта еза: 364051, Соьлжа-ГIала, Пушкинан урам, 6, Нохчийн Республикин Яздархойн союз я хIокху электронни адреса тIе: konkurs.poetov@mail.ru.

Конкурс дIахьур ю 6 муьрехь. ЖамIаш дийр ду 2019-чу шеран хIутосург (май) бутт юккъе бахча. Экспертийн комиссис къастор ю оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь язйина йолу тоьлла говзарш.

Конкурсан вовшахтохархой: проектан куьйгалхо –­ республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместитель Байсултанов Идрис, конкурс дIаяхьарна жоьпалле ву­ Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта.

Экспертийн комиссин декъашхой: республикин Яздархойн союзан декъашхо Ахмадов Муса, Союзан редактор Ирисханов Iимран, Союзан декъашхо Ахматукаев Адам, республикин «Даймохк» газетан коьрта редактор, Союзан председателан заместитель Шамсудинов Бувайсар, Союзан декъашхо Халикова Асет.

Конкурсан толамхошна совгIаташ дийр ду сийлаллин грамоташца а, ахчанца а. Иштта, зорбане йоккхур ю авторша схьабахкийтинчу белхех экспертийн комиссис схьахаьржинчу байтийн гулар а.

Гуларан гайтам дIахьур бу хIокху шеран чаккхенехь А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь, «Бенара бIаьсте-2019» хIорашеран халкъан кхоллараллин фестиваль схьайоьллучу дийнахь.

Вовшахтохархоша дийцарехь, конкурсан Iалашо ю похIме къона авторш билгалбахар, къоначу авторийн кхидIа кхиа таро хилийтар, поэзи дIакхайкхор, йовзийтар, шуьйрачу юкъараллин кхузаманан поэзина тIе тидам бахийтар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: