Зама. Жималлехь, кханенан дикачу белхашка сатуьйсуш, уьш бовза болчу лаамашца, сихйо вай иза. Воккхаллин бешарчу стоьмийн чам бевзина девлча, кханенах кхоьруш, ма-хуьллу и сацо гIерташ, хIинца санна сиха йоьдуш зама хилла а яц, бохуш, юьхь йоху вай цуьнан.
Вайн шераш мел дукха дIаэхарх, зама шен боларца йоьду. Иза цхьабоссачу бендацараллица хьоьжу адамийн ойланийн лакхенашка, церан лаамийн кIоргенашка, церан сатийсамийн анайистошка. Зама бехке еш, адамаша шайна бехказлонаш лоьху. Дукха хьолахь, зама юхаяккха йиш хилча, шайн дахар а кхечу агIор нисдийр долу адамаш дукха ду вайна юккъехь. Царах цхьаннах а бехк баккхар доцуш, амма заманан хIуманаш алссам девзаш, и хийца а, ерзо а йиш цахилар дика хаарца веха 101 шеран заманан теш волу, шена дагадогIучу бIе шарахь дуьненан серло газа волу мержойн Сулимин Султан.
Цуьнца цхьаьнакхета йолчу Iалашонца еана со иза вехачу ТIехьа-МартантIе. Iаьнан юккъера бутт белахь а, стиглара кхоьссинчу лайнах лаьттан йовхоно ткъарш бина, бIаьстенна юьхьах тардина Iалам, амма цу хенахь хуьлу Iалам самадаларан корта бахон хьожа яц гуонаха. Дахкарца серсачу догIано а, адам доцуш десачу урамаша а серла ца йолуьйтуш, хьаьшна латтайо ойланаш.
Султан вехачу ураме дIакхача мел юьйли а сан са меттахь дац. Со кхоьру, кхайкхаза веанарг доттаза вахана бохург хиларна а, цул сов, сан сахьийза, бIаьрзечу стагаца хIун дуьйцур ду а, я цуьнга хIун хоьттур ду а цахаарна.
Массеран а цхьабосса йолчу цIечу эчиган кертана чоьхьа ду Султан веха цIенош. Церан уьйтIа волучу кевнах пен тоьхна, амма дуьхьал цхьа а керт йоцуш, кху тIаьхьарчу хенахь вай ган Iеминчу башхаллица кечдина а доцуш, амма лакхахьуо дашон варкъаца яздина исбаьхьа йоза долу Делан цIа – «Султанан маьждиг» ду лаьтташ.
ГIеххьа шуьйрачу, лаьттан цIенкъа йолчу рагIун кIоргехь, уьйтIехьа кораш долуш, кIайн кир тоьхна лохуо шира цIенош ду Султан вехарш. РагIу кIел лаьтта, дуьхьал эчиг тоьхна, иштта кIайн кир тоьхна кечйина нохчийн шира пеш. ТIе хIума йилла аьтто болуш а, вуьшта, лаамна кечбича санна бу цуьнан туьнталган гуо. Пешанна тIехваьлча, дуьхьал тесна кIади а долуш, тIехь Iуьллуш шира бустам болу палс болуш, амма пена тIехула тоьхна «колоннаш» йолчу суьртаца кечдина обойш долуш лаьтта дечиган паднар. Воттанца шардеш къахьегна доцучу тхевнан дукъойх чуохкаелла, хIордан тIулгIенех терра кхозу юткъа «кехатан» фанер а. Шеко йоццуш, кху кертарчу бахархойн аьхкенан меттиг ю хIара.
КIайн басар хьаькхна неI жимачу уча йолу. И схьайоьллушехь, хеза: «Мила ву, схьачувола!». Керла йина гIишло цахиларна, гонахара шираллин бос бетталахь а, арахь-чохь цIена а, массо а хIума шен меттахь хилар а хаало. Шеко йоццуш, цIано коьрта хетачу зудчун куьг кхаьчна массанхьа а.
Со дIакхето веана администрацин белхахо Рамзан хьалха а волуш, тхойшиъ чоьхьа долу. Дуьхьалара пен дIалаьцна лаьттачу, рагIу кIелахь санначу паднара тIехь Iаш ву даге кхаччалц кIайн маж йолу воккха стаг. Цуьнан цIена чкъор долчу юьхьа тIе хьаьжча, цкъа бIаьргаш хилла деса бIаьргийн гуонаш къаьста. «Гомер». БIешерийн кIоргерчу Iилманчин сурт хIутту суна хьалха.
БIаьргаш тухучу юкъанна тидам бало цуьнан боьмаша кучан шина а кисанахь, «моллин маж» охьакхозучу суьлхьанех. Вовшашна тIе-кIел дехкина, некхе лаьцна паргIат Iохку, пианистан санна, кIайн деха пIелгаш долу куьйгаш. Вовшийн чучча бехкина, кIеда пошмакхаш туьйдина когаш, жимма паднара бухара палс кхачаза йисина можа басар хьаькхна меттиг гойтуш лаьтта.
Суна дагадогIу: «ОхьатаьIна бухахьаьжча, гIабакхаш ган а там бара», – олий. Шеко йоццуш, воккхачу стагана гуонаха еха паргIато, синтем. Иза сиха вац цхьанхьа а. ГIелъелла зама а, шен урх дIахецна, кху чохь сецна хетало.
Со гIеххьа юьхьIаржа ю, дуьненан серло муха хуьлу ца хуучу стагера дахаран дIахIоттамах, цуьнан хIуманех лаьцна дийцийта суо ярна. Амма могаш-паргIат хоттий, сайн цIе а, белхан меттиг а юьйций, сайна а къаьсташ, дегочу озаца боху ас:
– Султан, шун юьртарчу РаIса-Хьаьжин кIентан кIанта Iимрана хьо вийцина, хьо вовза, хьоьга хабар дийцийта, хьан дахар довза лиъна, кху дуьнене болчу хьан хьежамашка ладогIа (циггахь ас сайн дагахь сайна маIар къовзайо) еанера со. Нохчашна даима а хуьлучу иэшамаша баккхийнаш а ца битина вайн, берш а, хIумма а дагадогIуш а, я дийца лууш а ца хуьлу. Хьуна Дала деллачу диканах ду иэсах талхаза, хабар дийца кархдолуш хьо хилар…
Сан дешнийн ойла еш Султан Iачу юкъанна, чухула бIаьрг кхарсто ларайо со.
Кху чохь кхузаманан ши хIума ду. Султана шен куьйга йиначу пешана чохь йогу цIе, стоьла тIехь лаьтта телевизор. Вуьшта, кхин генарчу шираллин хIуманаш дацахь а, амма дагна цхьа мела йовхо луш ду пешана тIехула, товханна дуьхьал оьллина, йовхоно меллаша меттаххедо лилан бос беттало кIайн киса. Султанан хIусамнана ца йовзахь а, «кархдаьлла кхуьнан», – дагадеара суна.
Воккха стаг меттахь Iуьллуш цомгаш вацахь а, муьлххачу а хенахь дIатовжа аьтто болуш дIабаржийна бара ерриге а цхьана басахь цIена шаршу, гIайбин а, юргIина чкъуьйригаш, йолу мотт. Пеша хьалха лаьттара ламазна хIоттийна тас-гIуммагIа, жимма дIанехьуо Iаса а. Ехачу паднаран сонехь кIайн шаршу тесна хьалабоьттинера сов болу мотт-гIайба а. Корера бой-киса а керла диттина хилар хаалора. Стоьла тIехь лаьттара шура чохь кхаба а, и ца Iанош чуйотта аьттонна хIоттийнера шуьйра бертиг йолу зока а.
– Сан ден цIе СаьIид яра, – долийра Султана, – цуьнан ден цIе Сулим, церан дай Тепсаркъа, Жовстха, ЗалгIат, Мержо хилла. Дукха зама дIаяьлла со волу, 1913-чу шарера ву со. БIе шо сов хан ю сан. Ден СаьIидан, ненан Мареман хиллачу пхеа кIантах, шина йоIах висина со цхьаъ ву. Сан а, йиш-вешин а тIаьхье яц. Эцца дехьа бехаш Индербин Мовлиддий, Лечий бохуш цхьа нах бара. Царах цхьаъ кхелхина, маьждигера верта дезара аьлла, баьхкинера шу схьакхачале, нах дIаоьху, со хIинца а Iаш ву-кх, бохуш, ойла еш Iара со. ХIун дийр ду, зама кхаьчча бен ца кхойкху-кх цига а…
Шо кхаьчча морзгал-моьнаш (оспа) олуш цхьа хIуманаш евлла, цара дIамелла сан бIаьргаш. Цу хенахь вайн лоьраш а ца хилла, нахана иштта алар бен и хIун ду хууш а ца хилла. Дуьненан серло ца евза суна. Бакъду, 10 шо кхаьчча хьуьжаре вахана, дагахь Къуръан Iамош, доьшуш Iийна. Диканиг- вуониг а, мегар дерг-доцург а къасто хьуьжарехь Iемина. Къуръано, жайно бохург а циггахь девзина. Сан ненан деваша эвлаяъ хилла, эвлаяийн хабарш сайн ненада волчохь хезна суна. Цара юьйцура хIара тIаьхьара зама. Цхьаъ нийса дIагIерта, важа юхагIерта. Массарна а дуьненан толам беза. Делан некъа тIехь чекхбовла гIертарш кIезиг бу. Делан хIумма а эшалур дац вай мел юьхахьа девлча а, вай дика хилча а хIумма а толур дац. Дела ша ма-варра Дела ву. Э-э, ма хIумма а яц хIара дуьне! Пайхамарех, эвлаяэх, мел дукха баьхначех а дисина хIара. Хийла пачхьалкхаш йоьхна, ца боха хевшина паччахьаш боьхна. Цхьаъ верг, бакъ верг Дела ву-кх. Дала Шен къинхетамца Ялсаманин декъа дойла вай.
Нах санна Сибрех а вахана. Хало а яйна, гатто а яйна. Ца яйна аьлча, бакъ а дац. Амма кхо дей, кхо буьйсий, ши дей ши буьйсий бага кхосса ялтех буьртиг боцуш дисарх, кхехкхийна хи а муьйлуш: «Везан Дела, сан хан чекхъяьллехь, ийманехь дIаверзаве Ахь со, сан зама чекх ца яьллехь, собарца чекхвалийта Ахь со», – бохуш, Деле доIанаш деш, сан ден хеннарчу наха, хьуна сагIийна хIума лур ма ю, еха, аравала аьлча а, «сагIийна куьг ца кховдош, лийр ву-кх со», – олий, куьг кховдийна ара а ма ца ваьлла.
Сибрех даханчу шарахь ялх марха дохийна ас, кхин сан синна хууш марха а ца дохийна, ламаз а ца дитина. Сайна дина ас и гIуллакх. Нахана ца дина. Сан рогIанна барми тIехь кхиверг гIур вац.
Дукха лерина ладоьгIучу тхох ца вешаш санна, велааьшна: «Кхоъ диканиг а, кхоъ «кевнна меттана зIар» ялх хIусамнана а елла, шиъ дIа а яхана, уьссалгIаниг кху чохь ю, амма цIахь-м яц иза. Ас-м дикка йорт йиттина шуна!» – аьлла, хецна велавелира Султан. ЙогIаелла Iачуьра жимма сапаргIатделира сан а.
– Баккъал а ахь-м дукха къахьегна, Султан, захало дийца дукха оьхурий хьо? – хотту ас.
– Деллахь, захало дийца дукха оьхуш вацара со, цхьаццамма хьахайора, цигахь яра, эццахь яра, олий. «Хьуо соьца яха яшахь, схьайола олий», – хабар дохьуьйтура ас. Вуьшта, Деле сайн болх дIалора: «Дела, хьуна хаьа-кх Ахь со муха витина», – олий.
Суо висина, чу-ара долуш адам доцуш кхо бутт зама а яьккхина ас. ТIаккха а: «Везан Дела, Ахь витна-кх со, соьгара хьал Хьуна хаьа-кх», – олий, – «Со бIаьрзе хьунда витина Ахь», – аьлла, сайна дагадарна кхоьруш, кху хене а ваьлла. Дала динарг дерриге а мегаш ду, и нийса а, дика а ду.
Кху дечиган паднарна тIехь, кIеда диван эцалар йоцуш ца Iа со. 12 бIе туьма пенси ду сан, айса къа а хьегна даьккхина, 40 шарахь артелехь болх бина ас, нораш доьхкуш. Вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), вайн эвлаяаш (Дала къайле тойойла церан), шайна аьтто лоьхуш ца баьхна, суна Делах эхь хета кIедачу метте хаа а, ишттачу метта дIавижа а. ГIийла стаг ву со, Дала мукъ лахь, Делан лай ву со. Ден-ненан сибат а ца девза суна, царах марзо а ца эцна ас…
Дукха йорт йиттина ас Сибрехахь а. ТIаьххьара тхан юьртахочо Хасболата хIуманаш йохка а Iамийна, шортта даа-мала а, ахча а долуш цIа веара со. Хьостамаш, неIаран кIажаш, тIемаш, дагарш духкура ас. Карагандара шина дийнахь-бусий цIерпошта тIехь Алма-Ата а воьдий, цигара сайна йохка хIума йохьура. 1957-чу шарахь, суо дIавахханчу кху керта схьавеара, цхьа барз бен бацара тхан хиллачу цIенойх бухабисина, цIа веанчу шарахь дира ас хIара цIенош, цул тIаьхьа, елларг дIа а юллуш, яшаза яьлларг дIа а йоьдуш, тIаккха сайна керла зуда а ялош, Iаш ву-кх со. ХIара, ШаIми-Юьртарниг Iаш йолу 16 шо ду, жима а ю хьуна иза, 50 шо а кхачаза…
Султанан хIусамнана сан юьртахо хилар хиъча, цунах сайн кхоллаелла ойланаш дагаяьхкина, юьхькIам хилира суна. Цуьнан дахар довзарна, цхьана гуьржечун иллин дешнаш дагадаьхкира:
Дахаран некъа йистехь цхьаьнакхетта цхьалха долу вайша,
Юкъара цIе латон гIертарх, ма ца йолу иза марса.
АлхьамдулиллахI, кхузахь-м иштта дац. Делахь а, цхьа волу Султан а, нана йоцуш кхиъна цуьнан хIусамнана а…
– Маьждиг хIун дагадеана дира ахь? – шега деллачу хаттарна доцца жоп делира Султана: – «Сайн вала деза дела».
ТIаккха дийцира:
– Сан тIаьхьа вуьсуш стаг вац. Сан ден СаьIидан зIе хеда со дIаваьлча. Юьртан моллех дага а ваьлла, цо мага а дина, вайна тIемаш хилале хьалха дара иза, цхьана дийнахь кху юккъера зударий-бераш вовшахкхетта буьйда кибарчигаш еш белхи а бина, цул тIаьхьа айса къахьегначух, мехах иза хьала а доттийтина, тIе шипар йиллийтина, молла кхайкха а, ламаз дан а меттиг йолуш, жамаIатан маьждиг хилира цунах. Мархин баттахь тархь а до цу чохь. ХIинц-хIинццалц а лами тIехула со хьала а валалора, молла а кхойкхура. ХIинца а наг-наггахь сайн «говран» гIо-накъосталлица ламазе а воьду, – гуш йоццушехь, Iаса лаьттачу корта ластийра Султана. – Стохка цхьаъ веанера, тхов тIе эчиг диллийтахьара, аьлла. Со реза ца хилира, цхьанхьа чу догIуш ладар дац, кхин исбаьхьаллаш оьшуш а яц. Дуьненан куц дезаш а, лоьхуш а вац со, цу чохь дина ламаз куьце дойла АллахI Дала.
ТIеман шерашкахь салти гена бацара вайна, цара хабар даийтинера, Iуьйра ламазна ма кхайкхахьара, аьлла. «Шуна-м ха хаьрцича наб кхетар яра, ламазан шен хан ю, аьлла», – жоп делира ас.
Цкъа а со ах стаг ву, соьца цхьа билггал ларам хила беза аьлла дага а ца деана суна, мелхо а, айса дича хиндолу дика дан гIиртина. Цхьа дика бани яра сан кху уьйтIахь, тхов тIехь лаьтташ 2 бIе литр хи чу доьдуш ши бочка а долуш. Цу хенахь нехан уьш ян а яцара, дехьа юккъера а тIехь зударий, бераш оьхура бани, мел баккхийбера уьш, суна а, хIусамнанна а баркаллаш баьхна а ца бовлура. ДIаюжуш «4 ког берг» яра вайн, хIусамнанас йоьдий, наха дIакхийсина калош, мачаш гулйора, цара дика йовхо лора.
«Хьуо санна веза хьайн ваша а, хьайна безза дика болх беза цунна а», – боху вайга Дала. ХIара дуьне даима лаьтташ яц, даима лаьттарг эхарт ду. Деллачул тIаьхьа вайн Iамал ян меттиг бац, цуьнан амал тахана бан беза вай. Дала де бохург деш, ма де бохург дуьтуш, чекхдовла деза. Дала мукъ лахь, ницкъ кхочучу кепара цу тIе гIиртина со, сайн хIусамнаной хиллачийн напха а, урдо а ца доллу сох, сайн дахарехь сан са кхуьуш стагана хьарамло а ца йина ас. Веза хинволчу Делан къинхетамал дукха дац вайн къинош, Цуьнан комаьршонал алсам яц вайн Iосаллаш, вай тешаш ду Цунах, Шен къинхетам бойла Цо вайх, – сецира Султан.
Цхьана а дашна гал ца волура воккха стаг, я х1умма а дицделла ойла еш а ца 1ара. Дала деллера цунна и дика.
Малхбузу хан яра тIекхочуш, воккха стаг шен ламазна паргIат витархьама:
– Султан, кхин хьо хьийза а ца веш, тхо дIадахча хIун дара-те? – боху ас.
– ДIадахаран а шайн лаам бу-кх шун, вуьшта, ас кхайкхина а ца даьхкина. ХIара цIахь елахьара юучун цхьа амал а бийр бара…
– Деллахь Султан, ма нисделла невцалла леладо ахь, – йоьлу со, – хIусамнана чохь ца хилча, иштта юьхь яккха мега? Ас дIадийцахь хIун хир ду?
– Деллахь, ахь дIадийцина, хIара яшаза ялахь, генахь йоццуш Iаш жеро ю, байлахь вуьсур вац со-м, – шек воцуш жоп ло воккхачу стага.
– Вай, хьо-м сай лаьттах боьллина ча санна Iаш хилла, мацах цхьамма баьхначунна а дайна, кхин чам ца бойъуш, дIадохуьйту ахь тхо? – хоьтту ас.
– Дика ду, цхьа хаттар дийр ду ас, шу «гарамотни» нах ма дуй. Кхаа доттагIчо рогIехь лелош ши коч хилла. Цхьана баттахь цхьаьнга маса дийнахь кхаьчна иза?
– Иза ойла ян езаш гIуллакх ду, – Султанна хезаш олий, сайца волчу накъосте бIаьргашца хаттар до аса: «Маса?».
Султана боху: – БIаьрса дацахь а, дIо неIсагIийна тIехьахь цуьрг такхийна доьдучу зингато нох доккхуш хезаш, лерса делла суна Дала, ойланаш цIахь еш Iийр ду шуьшиъ, – олий, кисанара сахьт хьаладоккхий, цуьнга ламазан хан тIекхачар чIагIдойту цо.
– Хьуна цхьа совгIат ца дуьтуш дIадоьлхийла а дац тхан, – боху ас, – новкъахь догIуш стаг, зудий хилла. Царна дуьхьалкхеттачо аьлла: – Деллахь, ма товш ду шуьшиъ, гергара-м дац шу? Стага жоп делла: – Кху йоьIан марнанас сан стуненах «папа» олу, – аьлла, – хIун хуьлуш хилла и шиъ вовшийн?…
Султан волчу йогIуш сайн хилла къийлаялар дIадаьлла, иза вевза дуккха а хан йолуш санна, Iодика йира ас. Шеко йоццуш, вайн къоман яхь, доьналла, хьуьнар долчу нахах ву иза. Хийла халонех чекхваьллехь а, цкъа а Делан диканах дог ца диллина цо. Дийца хьекъале хабар а, ян забар а, шортта дагалецамаш а бу цуьнан. Вайх муьлххачун а, бIаьрса долчун, ламаз-мархица, Далла ечу Iамалца, буьйцучу маттаца, къинхетаме, комаьрша хиларца, кху дуьненан марзонех коьртаниш – Далла гIуллакх дарца, цхьанна а вуон хIума ца аларца, мел халонаш гинехь а леткъамаш ца беш, Далла тIе болх биллина вахарца, эца масал ду цунах.
Цуьнан тоьшаллица, Дала тесна ца витина иза цкъа а. ХIинца а, шен мел верг дIаваханчу ваха са латтахь а, Делан кхиэлаца бен иза хир доцийла хаарна, Цунна резаволуш веха.
Дала шен йисинчу оьмарехь дегIан долара ца воккхуш вахавойла Султан.
Т.САРАЛИЕВА
Авторан суьрташ тIехь: С.Сулиманов а, цуьнан маьждиг а