Нохчийн Республикина а, ГIалгIайчоьнна а юккъера доза ДIасацабахьалучу пачхьалкхан бахаман цхьааллин реестрана (ЕГРН) чу даьккхина Федеральни кадастран палато (Росреестр).

Россин субъекташна юккъера дозанаш къасторан декъехь юкъаялийначу керлачу бакъенашца нийса догIучу дозанех дуьххьарлера ду иза.
Росреестран куьйгалхочо – Россин экономикин кхиоран вице-министра Абрамченко Викторияс иштта хаам бина оцу хьокъехь: «2018-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь бинчу хийцамашца нийса догIучу дозанех ДIасацабахьалучу пачхьалкхан бахаман цхьааллин реестрана чохь дуьххьарлера доза ду Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юккъера доза. Россин субъекташна юккъера дозанаш къасторан декъехь юкъаялийначу керлачу бакъенийн хьокъехь аьлча, хилла сацам иштта бу – латтана экспертиза яран а, дозанийн хьокъехь болу хаамаш ДIасацабахьалучу пачхьалкхан бахаман цхьааллин реестрана чу бахаран а болх Росреестран коьртачу урхаллин а, Кадастран палатин а говзанчаша бийр бу».
Росреестан Кадастран палатин директора Тухтасунов Парвиза довзийтина и доза реестрана чу даккхаран декъехь бинчу балхах лаьцна.
«Оцу шина республикина юккъера доза реестрана чу даккхаран декъехь масех баттахь къахьийгира Росреестран а, Кадастрин палатин а, Росимуществон а, Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолчу федеральни министерствон а, Россин Iаламан тIаьхьалонийн а, экологин а министерствон а говзанчаша а, кадастран инженераша а. Карарчу хенахь и доза ДIасацабахьалучу пачхьалкхан бахаман цхьааллин реестрана чу даьккхина даьлла, законодательствон лехамаш а кхочушбина», – дийцира цо.
Дагадоуьйту Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юккъера доза къастийна дIадаханчу шеран товбецан (сентябрь) беттан 26-чу дийнахь «Нохчийн Республикина а, ГIалгIайн Республикина а юккъера доза къасторан хьокъехьчу бартаца» Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, ГIалгIайчоьнан Куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека а.
Иштта, билгалдаккха догIу ДIасацабахьалучу пачхьалкхан бахаман цхьааллин реестрана чохь Нохчийчоьнна а, Къилбаседа ХIирийчоьнна а юккъера доза долуш хилар. КхидIа дан дезарг – Нохчийчоьнна а, Ставрополан махкана а, Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юккъера доза къастор.
И.ХАСАХАНОВ
№17, бекарг (март) беттан 5 де, 2019 шо