ХIокху шеран бекарг беттан 2-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь «Honk Fest» цIарца дIаяьхьира республикин дуьххьарлера хьонкин фестиваль.

Цигахь дакъалоцуш бара республикин тоьллачу ресторанашкара а, тайп-тайпанчу кIошташкара а кхачанхой (поварш). Хьонканах тайп-тайпана кхачанаш кечбарехь, уьш хьалха бахкарехь шайн говзалла гайтира цара.
Меттигерчу бахархошна а, Россин тайп-тайпанчу регионашкара а, кхечу мехкашкара а баьхкинчу туристашна а чIогIа тайнера кхачанан дезде.
«Фестивале баьхкинчеран таро хилира леррина билгалъяьхначу меттигашкахь хьонканах кечбина кхачанаш баа а, Нохчийчоьнан хелхаран а, иллиаларан а искусствон говзанчийн концерте хьовса а, халкъан исбаьхьаллин корматаллийн ярмаркехь пхьераша а, куьйгана говза болчара а бина белхаш эца а, церан мастерклассех пайдаэца а», – яздира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Mylistory чохь йолчу шен агIонехь.
Нохчийн Республикин ресторанашна юкъахь хьалхара меттиг яьккхира «Кхачанан туш» пачхьалкхан казенни учрежденис, шолгIачу меттехь яра гIараяьлла евзаш йолу «Кофетун» ресторан, ткъа кхоалгIа – «Даар Хаус».

КIошташкара баьхкина кхачанаш кечбеш хиллачарна юкъахь дIаяьхьначу конкурсехь туьйлира Хьалха-Мартан кIоштара кхачанхой. Иштта, кхин а кхаа номинацехь толамхой билгалбехира: «Тоьлла стенд» (Нажи-Юьртан кIошт), «Хьошалла» (Шуьйтан кIошт), «Уггаре а сиха хьонка цIанбар» (Итон-Кхаьллан кIошт).
Республикин Куьйгалхочо шен агIон тIехь билгалдаьккхира фестиваль кхиамца чекхъяьлла лара мегарг хилар.
Республикин Туризмехула волчу министрана Байтазиев Муслимна баркалла элира цо Республикин дуьххьарлера «Honk Fest» хьонкин фестиваль лаккхарчу тIегIанехь вовшахтохарна.
А.ВАХАЕВА
№17, бекарг (март) беттан 5 де, 2019 шо