Байханов ИсмаьIал: Нохчийн меттан ойланца цхьа а харцо а я кIезгалла а яц

Цхьанна а шеко яц муьлхха а къам хиларан тоьшалла цуьнан мотт а, меттан йоза а хиларан. Меттан йоза лахделча, мотт, ша орам телхина дитт санна, шен сирлачу асанах талха болало. Шен мотт ца хуу адам, кхечу къаьмнашна юкъахь, шен генах хаьдда гIа санна хуьлу… Шеца цхьа а керланиг доцуш, дахаран зеделларг а, бакъдерг а ду иза. ТIаккха стенгара дIадолалуш ду ненан мотт Iамор, меттан йозадешар шардар?!

Коьрта декхар дена-нанна тIехь делахь а, беро берийн бошмашкара дуьйна и мотт а, йоза а лелоре терра «кхоллало» цуьнан кхетамехь а, иэсехь а мотт-йоза а, иза дахарехь кхидIа даржаран кеп а, кхиаран некъ а. Иза а ду, цхьа а шеко йоцуш, бакъдерг.

ХIун хьал ду тахана вайн маттехь оцу декъехь, муьлхачу тIегIанехь ду нохчийн мотт хьехаран, меттан йоза Iаморан хьал берийн бошмашкахь, школашкахь?!

Цу хаттаршна жоьпаш каро лааран Iалашонца тхан къамел хилира нохчийн меттан хьехархочуьнца, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министраца, филологин Iилманийн кандидатаца Байханов ИсмаьIалца.

– ИсмаьIал, тахана вайн мехкан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дукха хIума до нохчийн мотт халкъалахь баржорна а, иза оьрсийн мотт санна, Iедалан тIегIанехь лелорна а тIехьажийна. Делахь а, и гIуллакх жимма тийсалуш долуш санна хетало. Цунах лаьцна хIун эр дара ахь?

– ЦIена бакъду иза. Оцу гIуллакхна тIехьажийна дара Ахьмад-Хьажин Рамзанан «Нохчийн меттан де» дIакхайкхор а, «Нохчийн Республикин меттанийн хьокъехь долу закон» Парламенто тIеэцар а.

Оханан (апрель) беттан 25-гIа де «Нохчийн меттан де» ду аьлла, Указ арадаккхаро вешан мотт лелон а, цунах шуьйра а, жигара а пайдаэца а болу аьттонаш совбаьхна.

Амма, мел халахеташ делахь а, и де тIекхочуш нохчийн мотт а лелош, иза дIадаьлча охьа а буьллуш леларо я мотт а, я меттан йоза а кхиор дац.

Цу тIе, Россин меттанийн хьокъехь долчу законо Россехь мел дехачу къаьмнийн меттанаш пачхьалкхан юкъара хазна а лору, уьш лардар Iедална тIе а дуьллу.

Юха, цул сов, Россин дерриге а къаьмнийн меттанаш бакъонашкахь цхьатерра бух болуш хилар а чIагIдо.

– Наха, меттан йозанан хьокъехь цхьацца хьахаделлачохь, ЮНЕСКО цхьаьнакхетаралло цхьаъ аьлла, кхин аьлла бохуш, эладитнаш дуьйцу, цунах хIун аьлла хета хьуна? Муха го хьуна меттан хьал?

– Со, министр хиларал сов, нохчийн меттан, сайн ненан меттан хьехархо а ву. Цунах дозалла до ас. Ткъа ахь хьахийначу ЮНЕСКО-с меттанашкара хьал гайтарехь (довзийтарехь), пайдаоьцуш лелош исс билгало ю: 1) Мотт цхьана чкъуро тIекхуьучу чкъуре дIакхачор; 2) Мотт буьйцучеран барам; 3) Халкъалахь шайн къоман мотт хуучеран барам; 4) Маттах пайдаэцаран хьелаш хийцадалар; 5) Мотт леларан дакъош а, хаамийн гIирсаш а; 6) Дешаран материалаш а, мотт хааран тIегIа а; 7) Меттан хьокъехь болу Iедалан хьежам а, политика а; 8) Шайн маттаца бахархойн йолу юкъаметтиг; 9) Iедалан кехаташ тIехь мотт лелор.

Ас ягарйинчу билгалонашца дуьстича, таханлерчу нохчийн меттан хьал дика ду ала йиш яц… Я, ма-дарра аьлча, вайна тIехь лаьттинчу тIемашка, харцонашка хьаьжча, иза кхин дика хуьлийла а дацара.

Делахь а, тIаьхьарчу хенахь вайн мехкан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Ахьмад-Хьаьжин Рамзана мотт а, меттан йоза а кхиорна тIехьажийна бечу балхо, шайн меттанаш кхиорехь хьалхадевллачу халкъашна тIаьхьакхиорал сов, царал хьалха а дохур ду вай.

Ахьмад-Хьаьжин Рамзана ша нохчийн мотт а буьйцу, нохчийн маттахь ойла а йо, иштта, нохчийн мотт кхечара буьйцийла а лаьа цунна… Вайн мотт кхуьург хиларан, уггаре а лакхарчу тIегIане кестта иза бериг хиларан коьрта билгало а, тоьшалла а ду иза.

Суна дагадогIу, Дала цуьнан гIазот къобалдойла, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Iабдул-Хьамидан Ахьмад-Хьаьжас «Нохчийн къам лаьтта тIехь дехаш хиларна тоьшалла ду нохчийн мотт» олуш.

Ойла йича доккха маьIна долуш а, боккха чулацам болуш а дешнаш ду уьш. И дешнаш хIора а нохчичун дагахь латта дезаш а, болатан гIала санна лардан дезаш а ду аьлла хета суна.

– ДIадаханчу бIешеран чаккхенехь вайн халкъана тIехь лаьттина къизаллаш, халонаш бахьана долуш, доккха зен хилла вайн йозанан маттана. Дуккха а лахбелла бевлла нохчийн маттахь яздеш, доьшуш берш. Ткъа йоза меттан тоьшалла ду. И хьал хийца хIун оьшу аьлла хета хьуна, ИсмаьIал?

– Мотт гIелбелла вайн. Халахеташ делахь а, меттан дийнна дакъош юкъара дIадовлуш лаьтта. И хьал иштта «тесна» дита кхин йиш цахиларна, Дела реза хуьлда цунна, долийна Ахьмад-Хьаьжин Рамзана тахана маттана гонаха долу даккхий гIуллакхаш.

Терахьдешнаш а, кIиранан денойн цIерш а нохчийн маттахь олуш верг наггахь бен вац. Ткъа тахана, цунна лерина, нохчийн меттан урокашкахь берашца болх бу дIаболийна. Церан жамIаш а цхьа жимма хан яьлча гуш хир ду.

Дийнатийн, акхаройн, олхазарийн, бецийн цIерш а, дукха хьолахь, оьрсийн маттахь йохуш карайо. Кхин дерг-м стенна дуьйцу, баккхий нах а, молланаш а нохчийн мотт кхечу меттанашца иэбеш бийца буьйлабелла вайн.

Ишттачу гIуллакхо къоман меттан хьал, туо-м муххале а ца дора, кхин а чолхе доккху.

– «Нохчийн Республикин меттанийн хьокъехь долчу законо» республикехь пачхьалкхан гIуллакх шина а маттахь – нохчийн, оьрсийн – лелор магадо. Амма вай ца леладо. Бахьана хIун хета хьуна?

– Бахьанаш дуккха а ду. Коьрта бахьана, берриге а болх, хууш а, гуш а ма-хиллара, вай оьрсийн маттахь бар ду. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Ахьмад-Хьаьжин Рамзана ма-аллара, нохчийн мотт хаар, йозанан мотт а ца хууш хуьлийла дац.

Ткъа йозанан мотт кхачам боллуш хаа йиш яц, нагахь санна, цу маттахь наггахь мукъане а пачхьалкхан гIуллакхаш лелош ца хилча, хIора а стеган дуьненан аьтто хилар я цахилар нохчийн мотт хаарх доьзна ца хилча, деша я балха хIуттуш йозанан нохчийн мотт хаарна иза зуьйш ца хилча.

– ИсмаьIал, ахь буьйцуш болу Iедалан белхашка хIуьтту нах, цхьанхьа дешна, Iамийна арахоьцуш болу говзанчаш бу, ткъа уьш Iамочохь, царна хьоьхучохь и гIуллакх оьшшучу тIегIане даьккхина, дIахьош ду аьлла хетий хьуна?

– Хьалхо вайн махкахь лаьттина хьелаш бахьана долуш, и кечамаш бар кхачам болуш дацара. Амма хIинца, кху тIаьхьарчу шерашкахь, мехкан Куьйгалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан накъосталлица а, цуьнан къаьсттина болчу тидамца а и гIуллакх мелла а алсамдолуш лаьтта – школашкахь нохчийн меттан а, литературин а классаш ю кечйина; хIора шарахь, мехала совгIаташ деш, дIахьош ю тайп-тайпана конкурсаш, похIма долчу берашна гIодаран Iалашонца, хIора шарахь вовшахтуху тайп-тайпана олимпиадаш; дешархошна нохчийн мотт а, литература а Iамон а, этнокультурин предметаш толлуш болх бан а догдаийта, кест-кеста дIахьо дешархойн семинараш а, конференцеш а; Нохчийн хьехархойн говзалла лакхаяккхаран институтехь болх беш ю нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн хаарийн тIегIа лакхадаккхаран курсаш.

Дешар кхиоран институто, керлачу федеральни лехамашца нис а еш, хIинцале а кечйина 1–11-чуй классашкарчу дешархошна лерина йолу нохчийн меттан а, литературин а Iаматаш.

Шаьш Iаматаш хилла ца Iаш, дешаран-методикин комплекташна юкъа догIу методикин куьйгаллаш а, белхан тетрадаш а, электронни юххедилларш а.

Юьхьаьнцарчу классашна хIинццалц хилла йоцу дешаран Iаматаш арахецна.

Цу тIе, кхузахь билгалдаккха догIу и болх, таханлерчу дийне кхаччалц, Россерчу къаьмнийн республикашлахь Нохчийчохь а, ГIезалойчохь а бен чекхбаьккхина цахилар.

Цул сов, нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна гIоьнна арахецна тайп-тайпанчу предметашна лерина йолу методикин пособеш а, диктантийн а, изложенийн а, зеделлачун белхийн а гуларш, орфографин а, доштидаран а, терминийн а дошамаш.

Болх беш ю интернет-сайташ, арадолуш ду Дешар кхиоран институтан «Вестник» цIе йолу Iилманан-теорин а, Iилманан-методикин а журнал…

– ИсмаьIал, аш бинарг а, бийриг а инзаре боккха болх бу. Дела реза хуьлда шуна! Ткъа кхачамбацарш карадой шуна цу шайн балха тIехь? Я массо а хIума дика ду?

– Дера, халахеташ делахь а, кхачамбацарш а долуш ду. Амма вайн къоман мотт а, йоза а уггаре а лакхарчу тIегIане даккхар мехкан Куьйгалхочун Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан коьрта Iалашо хиларца доьзна, сихделла, и болх нисбан гIерташ дохку тхо.

Предмет санна, нохчийн мотт дешаран учрежденешкахь оха Iамабо кхаа агIор: меттан теори а, орфографин, пунктуацин бакъенаш а, къамелан культура кхиор а. Амма коьрта тидам меттан бакъенаш Iаморна тIебохуьйту. Ткъа дозуш долу къамел Iаморна тидам жимма кIезиг бу.

Меттан чолхе бакъенаш еккъа цIена дагахь Iаморо нийса яздан Iамадахь а, ненан матте безам ца кхуллу, цуьнан хазалла ца йовзуьйту. Тахана Россин дешаран хьокъехь долчу керлачу законаца дешаран программашна юкъара къаьмнийн-регионийн компонент дIаяьккхина. Цо къаьмнийн республикашкахь бехачу бахархошна шайн мотт а, культура а Iаморехь боккха эшам бина.

Иштта, оцу керлачу законаца республикин программашна юккъехь хIинца, ша къаьстина, «Нохчийн Республикин истори» а, «Нохчийн Республикин географи» а яц, уьш, цу законаца нийса а догIуш, Россин истори а, географи а йийцарехь Iамо магийна…

И дерриге, тхайн ма-хуьллу, цхьа некъаш а лоьхуш, вайн берашна беркате хир доллучу агIор нисдан гIерташ дохку тхо…

– Ткъа лакхарчу дешаран учрежденешкахь муха ду аьлла хета хьуна нохчийн мотт хьехаран хьал?

– Лакхарчу корматаллин заведенешкахь нохчийн мотт хьехаран хьал а дац дика. Масала, нохчийн мотт хьехар мехкадаьттан университетехь 108 сахьтана тIера (2001-гIа шо) 72 сахьтана тIе охьадаьлла, хьехархойн университетехь 2013–2014-гIий дешаран шо тIекхаччалц нохчийн мотт шина семестрехь хьоьхуш хиллехь, хIинца цхьана семестрехь бен хьоьхуш бац.

Дикка лахделла нохчийн мотт Iамор Нохчийн пачхьалкхан университетехь а. Хьалха университетехь хиллачу нохчийн меттан кхаа кафедрех цхьаъ йина.

Цул сов, нохчийн маттана а, литературина а луш йолу бюджетан меттигаш а дIахедийна.

– ИсмаьIал, жимма хьалхо вай хьаха а дина дисира цхьа гIуллакх – дикка хан ю меттанийн хьокъехь долу закон республикехь тIеэцна, цуьнца цхьаьна а догIуш, нохчийн мотт Iаморан, Iалашбаран, кхиоран программа чекх ца йолуш лаьтташ-м яц-те? Закон ара а даьлла, иза кхочушдаран болх дIаболийна цахиларна иза лаьтташ санна-м ца хетало хьуна?

– Закон тIеэцна, иза нийса ду. КхидIа бан безаш болу болх а бу, жим-жима, цхьаьна хорше боьрзуш.

Ас хьалха а ма-аллара, шина тIамах чекхъяьллачу республикина хьалха хIиттийна Iалашонаш а, дан дезарш а дукха хиларна жимма хало дара. Амма, и хала гIуллакх ду, тIаьхьа дийр ду аьлла, тхоьга иза дIатоьттуьйтур долуш вац мехкан Куьйгалхо Ахьмад-Хьаьжин Рамзан.

Цо хан а тоьхна тIедиллина, мелла а сиха, вайн республикехь, хIара Нохчийн Республика хиларе терра, нохчийн мотт лелор совдаккхар. Цунах беркат а даьлла, Дала мукъ лахь, хIинца вай вешан маттана а, меттан йозанна а дерза ма-деззара тIедоьрзург хиларх тешна а ву-кх со.

– Республикин меттанийн хьокъехь долчу законаца нийса а догIуш, меттигийн цIерш, хиш довзийтаран аннаш нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь хила дезаш ду. Вайн цхьадолу йозанаш бен дац нохчийн матте даьхна, ткъа даьхнарш а гIалаташца хуьлу…

– Иза нийса билгалдаьккхина. ГIалаташ хуьлу. Тахана оьрсийн маттахь ша цхьаъ дIаяздеш гIалат даьлча, эхь а хеташ, шен ненан маттахь шегара гIалат далар бен цахетар ду галдаьлларг. Къоман синкхетамехь нийсса бIостанехьа хила дезарг тахана иштта нисделла. И кхетам бу хийца безарг.

ГIалат цхьана а маттахь хила ца деза. Шен ненан маттахь долчу йозанехь гIалат дар – шозза эхье ду аьлла хета суна. Хьалха, Советийн Iедал долуш, оцу аннаш тIехь долчу йозанийн кепаш меттан а, литературин а, историн а Iилманан-талламан институтехь йолчу терминологин отдело билгалйохура. Цара магийнарг бен тIе а ца тухура.

И хIума а юха вай меттахIоттийча бакъахьа хир дара. Нохчийн мотт Iалашбарехь а, Iаморехь а, кхиорехь а йолу халонаш вай вешан ненан мотт шен коьртачу декхарех паргIат битарца йоьзна ю.

Шегарчу доьналлица а, оьздангаллица а дуьне цецдаьккхина долу нохчийн халкъ, кху лаьтта тIера, шен мотт а байна, доь доцуш дан йиш йолуш дац. Иза ца дайта, цунна хьакъ боллу, таханалерчу дийнан лехамашна жоп луш болу нохчийн къоман мотт а, меттан йоза а оьшу.

Ткъа иза иштта, нохчийн мотт массо а тIегIанехь лелош хилчий бен хуьлийла дац. Иза данне а дац оьрсийн я кхидолу меттанаш а Iамо ца деза бохург. Уьш Iамор, вайга хаьттича, кхин а совдаккха деза. Иза иштта хилахь, дистина догIучу хинан чалх санна, шена новкъа дерг юьстах а кхуссуш, сихачу боларца кхуьуш дIагIур бу вайн мотт.

Иза ду мехкан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана вайга бохург а.

– ИсмаьIал, Дела реза хуьлда! Беркате а, чулацаме а, вайн къоманна падехь а гIуллакхаш ду аш долийнарш. Дала аьтто бойла!

– Хьуна а хуьлда Дела реза! Дала аьтто бойла-кх вайн массеран!

Б.МОВСУРОВ
№17, бекарг (март) беттан 5 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: