Кегийрхошца церан тIегIанехь дан деза къамел

«Кегийрхой кхетош-кхиор а, къоман ламасташ а, Iадаташ а царна довзийтар а» темина лерина «горга стол» дIаяьхьира масех де хьалха Юкъараллин палатехь.

Цигахь дакъалецира республикин муфтин наиба Абдулаев Аслана, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин Динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан вице-директора Эльмурзаев ИсмаьIала, иштта, Юкъараллин палатин а, дешаран учрежденийн а, Iедалан органийн а, юкъараллин организацийн а векалша.

«Горгачу стоьлан» модератора, Юкъараллин палатин векала Муцаев Мамийс билгалдаьккхира тIекхуьуш долу чкъор ийманехь кхетош-кхиоран цхьааллин концепцина мелла а хийцамаш юкъабало хан тIекхаьчна хилар а, цхьаьнакхетаран дакъалацархойн цуьнан хьокъехь шайна хетарг довзийта таро хилар а.

Гулбелларш дийца доцуш ца хиллера. Соьлжа-ГIалин мехкдаьттан университетан векала Салгириев Рустама, Юкъараллин палатин векала Яхъяев Денис, Дешархойн дай-нанойн юкъараллин союзан векала Агаева Яхас, муфтин наиба Абдулаев Аслана, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин Динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан вице-директора Эльмурзаев ИсмаьIала, иштта кхечара а довзийтира оцу хьокъехь шайна луург а, хетарг а, шаьш сатуьйсург а.

Цара массара а, билгалдаьккхинарг цхьаъ дара – Цхьааллин концепци кхочушъяро луш дика жамIаш а ду, иза кхачаме а ю, цундела цунна дукха хийцамаш юкъабало оьшуш хьал дац.

Делахь а, Концепцина юкъабало хийцамаш дукха оьшуш бац аьлла, ойла церан хиллехь а, иза кхочушъяран балхана юкъахь хийцамаш оьшуш хиларна шек царах цхьа а ца хиллачух тера дара.

Къаьсттина тIе ойла йоьдуш дара оцу хьокъехь Дешаран а, Iилманан а министран гIоьнчас Ирасханов Ханпашас дина къамел.

– Тайп-тайпана цхьаьнакхетарш а деш, даима а тIекхуьучу чкъурана цхьаъ дийца я цунна кхетам бала гIерташ ду вай. Амма вай дицдо уьш хIинцале а хаарш а, шайн хене хьаьжжина, кхетам болуш а хилар. Цундела, хIоразза а вай царна хьалха охьа а хуьйшуш, лакхара охьа цаьрга къамелаш даро цхьа а хийцам, цхьа а жамI лур дац. Вай дуьйцург дIалоцур дац, дIалацахь а, тIеоьцур дац кегийрхоша, нагахь санна вай шайн «тIегIане» охьа ца диссахь. Уьш-м дера бац вайгарчу даржех я вайн говза керчачу маттех цецбевр болуш, – билгалдаьккхира цо.

Абдулаев Асланна хетарехь, кегийрхошна алссам дийца догIу кхечу халкъийн а, къаьмнийн а векалшна нохчийн къоман гIиллакх-оьздангалла девзаш хиларца доьзначу масалех лаьцна.

Кегийрхоша лелочу гIиллакхах а, гойтучу оьздангаллах а лаьцна дийца догIуш хиларан хьокъехь къамел дира Яхъяев Денис.

Ткъа Агаева Яхас билгалдаккхарехь, кегийрхошца кхетошкхиоран декъехь къамел дан веана лектор оцу балхана охIла хилар ду уггаре а коьрта.

Соьлжа-ГIалин БухIан-Юьртарчу маьждиган имама Хамадов Шамхан-Хьаьжин къамела тIехь дIабирзира «горгачу стоьлан» коьрта болх – кхетош-кхиоран декъехь долчу цхьаьнакхетаршкахь, кегийрхошна хьалха охьа а хуьйшуш, баккхийчара царна довдар я цаьргара бехкаш дахар нийса цахиларх лаьцна дийцира цо.

ТIекхуьуш долу чкъор ийманехь кхетош-кхиоран цхьааллин концепци кхочушъяр шен тергонехь латточу Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин Динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан вице-директора Эльмурзаев ИсмаьIала хаийтира «горгачу стоьлехь» мел дийцинарг Департаментан куьйгалхочуьнга ша дIакхачор хилар.

И.ИСЛАМОВ
№17, бекарг (март) беттан 5 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: