Ишхойн-Эвлара Молла

XX-чу бIешеран 30-чу шерашкахь вайн боккхачу махкахь чIогIа даьржинера Iедало таIзарш дар, адамаш Iазапехь латтор. Иттаннаш эзарнаш адамаш дара денна хIаллакдеш, таIзарш даран хьерано охьуш. Дукха хьолахь, цу тайппана Iазапаш хьоьгуш, таIзарш ловш, бала хьоьгуш берш похIме адамаш: Iилманчаш, Iеламнах, яздархой хуьлура. Советийн Союзера цхьа а юрт, кIотар яцара оцу таIзарийн къизалла йовзаза. «Тоьпаш тоьхна байъина» бохучу исписки тIехь махкахь дехаш долчу дерриге а халкъийн векалш бара. Цхьаннах а беш къинхетам бацара.

Цхьамма моттоьхча, цхьана а тайпа таллам бар доцуш, дийнна доьзалш махках бохура. Я Iедалан векалша шайггара харц цIе кхуллий, «кхааннан» сацамца, бехк-гунахь доцу стаг набахте хьажавора, цIийнах-цIарах воккхий, я беш таллам боцуш, тоьпаш тухура. Цу тайппана лецна, набахташ чу кхийсина тутмакхаш Сийначу Сибрех дIахьовсабора.

Цигахь, лай санна, бацабора. Тутмакхаш эзарнашкахь кхелхара шелонна а, мацалла а, халачу балхо чохь (кийра) хадийна а.

Лаьцна дIавигначух хилларг хIун ду хьажа цхьана а тайпа аьтто бацара. Иза хаа лууш верг кхеравора, дIахьажийначунна тIаьххье Сибрех дIахьажор ву я набахтехь вахкор ву, олий. ТIаккха а цасецнарг набахте а кхуссура. Оцу къизалло вайн махкахь эзарнашкахь байш дитира, миллионаш бераш шайн дайх-нанойх хьега дитира.

Нохчийчохь а кIезиг бацара оцу таIзарийн къизалла лайнарш. Царах цхьаъ вара Гуьмсан кIоштарчу Ишхойн-Эвлара Саидов Мовлади. Къона Iеламстаг вара иза, юьртарчу берашна ламаз-марха, Iаьрбийн мотт Iамош. Иза бехке вира бусалба дин даржорна, Iаморна.

Амма даррехь бехкеварехь и хьахош дацара, Советийн Iедална дуьхьал агитаци еш ву, адам Iедална дуьхьалдоккхуш ву аьлла бехке вира М.Саидов. Ткъа иза луьра таIзар дан догIуш зулам дара.

Доцург а кхоьллина Молла, 8 шо хан а тоьхна, Сибрехарчу Мурманскехь йолчу набахтехь бала а, Iазап а хьегийта дIахьажийра.

Цуьнан къона, 18 шо бен доцу, зуда Iайшат а, цхьа шо долу кIант Мовлатхьаьжа (Махьмуд) а, вала да воцуш, шаьш дисира. Саидов Мовладин кхолламан хьокъехь хууш хIумма а дацара. Цу хьокъехь дерг хоттуш дахьийтина кехат жоп доцуш дуьсура, хIунда аьлча, къайле йина дара иза. Довзийта йиш йолуш дацара.

Оццул дукха кхехьийтинчу кехаташна дуьххьара жоп даийтира 1994-чу шеран кхолламан (январь) беттан 4-чу дийнахь Нохчийн Республикин пачхьалкхан кхерамазаллин департаментан подразделенин хьаькама П.Г.Запашнийс.

Цо даийтинчу жоьпехь хIара хаам боцург кхин хIумма а дацара: «Саидов Мовлади вина 1908-чу шарахь Гуьмсан кIоштарчу Ишхойн-Эвлахь. Нохчи ву. Партехь вац. Ахархо ву. Доьзал: зуда Iайшат – 18 шо, кIант Махьмуд – 1 шо. Лаьцна ОГПУ-с 1933-чу шеран чиллин (февраль) беттан 5-чу дийнахь. Бехкевина Ишхойн-Эвлан молла хиларна, бахархошна юкъахь антисоветийн пропаганда ярна. ПП ОГПУ СКК-хь йолчу Крайполиттройкин кхеташоно 1933-чу шеран бекарг (март) беттан 14-чу дийнахь, 8 шо хан тоьхна, чувоьллина».

Делахь а, 8 шо хан а тоьхна, Сибрех дIахьажийна волу Саидов цIа ца веана. Антисоветийн агитаци ярна «бехке ван» хIумма а хала доцу зама яра иза. РСФСР-н УК-н 58 статьяхула («Даймахкана ямартло ярна») бехке вора милла а.

Запашнийс деллачу жоьпо тутмакхан кхолламах дерг кхидIа къасто цхьакIеззиг сатийса меттиг яьккхира. Цуьнан кIантана Махьмудана шен да дагавогIийла дацара. Дукха жима волуш гинера цунна иза.

Iеламстаг хиларе терра, Исламо доьхкуш хиларна, Молла-Мовладис цкъа а сурт даккхийтина ца хилла. Кхуьнга дахкийтинчу документашца а ца хилла тутмакх волуш цуьнан даьккхина сурт. Иштта, хууш дацара 8 шо чекхдаьллачул тIаьхьа Мовлади цIа хIунда ца веана.

Цуьнца цхьаьна Мурманскехь набахтехь хан яьккхинарш цIа ма баьхкина. Цара ма дийцина Мовлади тутмакхашна юкъахь сий-ларам болуш вара, бохуш.

Цара тоьшалла дарехь, набахтера аравала ахшо диссинчу хенахь, шеца чохь бохкуш хиллачаьрга цо ша цIа вогIур вац бохуш дийцина хилла. Амма ша цIа хIунда вогIур вац ца аьлла цо.

ХIун хилла те 6 бутт баьлча набахтера аравала везаш хиллачу къоначу, нуьцкъалчу стагах? Шена набахтехь яккха тоьхна хан чекхйолуш 33 шо бен ма ца хилла цуьнан. Цуьнан кхолламах дерг хIунда ца хаьа гергарчарна? Къилбаседан буьрсачу шелонаша могашаллех ваьккхина те иза? Я цхьана цамгарх кхелхина те иза? Мичахь ву те дIавоьллина?

Хаттарш дуккха а дара. Цундела 2013-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь Мовладин кIанта Махьмуда юха а запрос йохьуьйту Россин ФСБ-н Коьртачу архиве. Цо яздора: «Сан 82 шо кхаьчна. Суна цкъа а сайн да ца гина. Сан ден кхолламан хьокъехь хаамаш а, суьрташ а дахкийта суна…».

Жоп сихха, цхьа бутт баьлча деара. Россин ФСБ-н Коьртачу архивера, почтехула, Саидов Мовлатхьаьже (Махьмуде) уголовни гIуллакхан копи яийтира.

Уголовни гIуллакх, коьртачу декъана, лаьтташ ду Саидов Мовлади леварх а, бехкеварх а. Цунна мотт беттийтинчеран (донос) фамилеш яьхна.

Амма юха а ца дуьйцу и кхалхаран бахьана, ца йовзуьйту иза дIавоьллина меттиг. Юха а – дуккха а хаттарш, шайна жоьпаш карош доцу.

Ша цIавогIур воций мичара хаьара цунна? Нийсачу некъа тIера дIа ца хьовзарна Лекхаволчо хиндерг хаар делла хилла те цунна? Iедална хIунда цавезавелла хилла юьртарчу берашна Iаьрбийн йозадешар Iамош волу стаг? Жоьпаш кароза дисина хаттарш ду уьш. Кест-кеста хьахош ду уголовни гIуллакхехь: «Юьртахошна юкъахь боккха сий-ларам болуш ву иза», – боху дешнаш.

2013-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 23-чу дийнахь Россин ФСБ-н Коьртачу архиван хьаькаман заместитела А.П.Черепковс яздо Саидов Мовлатхьаьже: «2013.10.10-чу дийнахьлерчу хьан дехаре хьаьвсина. Хаам бо…».

Цул тIаьхьа дуьйцу М.Саидов лацарх, чуволларх.

Дерзош яздо: «М.Саидовн цул тIаьхьа хиллачу кхолламах лаьцна хаамаш гIуллакхан материалашкахь бац. Россин Федерацин Генеральни прокуроран 2004-чу шеран чиллин (февраль) беттан 26-чу дийнахьлерчу сацамца М.Саидовна реабилитаци йина… Россин ФСБ-н Коьртачу архивехь М.Саидовн суьрташ дац, иза мичахь дIавоьллина дуьйцуш хаамаш бац».

КIант мел чIогIа тIаьхьаваларх шен ден Мовладин хьокъехь кхин хIумма а хаа аьтто ца белира. Вайна а къайле хилла дуьсуш ду Моллин дахар а, кхалхар а.

Цхьа а бехк-гунахь доцуш хIаллакбинчу иттаннаш эзарнаш нохчех цхьаъ хилла иза аьлла дуьтийла йоцуш, вайн массеран а дегаIийжам бу иштта стаг Iедало доьза вайъар.

ХIун хилла-те цунах? – боху хаттар даха дуьсур ду вайн а, тIаьхьа тIейогIучу тIаьхьенийн а иэсехь.

Д.ХАМЗАТОВ (пайдаэцна «Архивийн геланча» журнала тIерачу Р.Батаеван статьях)
№17, бекарг (март) беттан 5 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: