Нохчийн хоккеист Раисов Аслан

Россин хоккеист, тIелатархо, 2008-чу шарахь кегийрхошлахь дIаяьхьначу дуьненан чемпионатан датон совгIатхо Раисов Тимуран Аслан дуьнен чу ваьлла 1990-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 29-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь.

Нохчийчохь тIом болчу хенахь РаисовгIеран доьзалан Москва дIабаха дийзира. Циггахь волавелира Аслан хоккейх ловза. 13 шо кхаьчча Казань гIала дIавахара. Меттигерчу «Ак-Барс» клубехь масех шарахь муьран хьалхара кечамаш а беш, доттагIаллин матчашкахь левзина.

А.Раисовс шен хьалхара корматаллин матч дIаяьхьна Лениногорскерчу «Нефтяник» командехь ловзуш.

2008-чу шарахь кхиазхошна (юниоры) юкъахь дIаяьхьначу Дуьненан чемпионатехь 6-зза левзина. Ши шайба кевна чу а тоьхна, толаме йоьрзуш 4 пас а елла. Цул тIаьхьа Тюменехь кегийрхошна юкъахь дIаяьхьначу Дуьненан чемпионатехь ши гол тоьхна, толаме йоьрзуш 2 пас елла.

2014–2015-чуй шерашкахь Краснодарерчу «Кубань» командехь 50-зза левзина иза. Оцу матчашкахь цо 37 (17+20) очко яьккхина, «гол+пас» системица. Цу тайппана дукха очкош йолуш цуьнан клубехь цхьа а вацара. Оцу жамIаша ВХЛ-н бомбардирашна юкъахь кхоалгIачу метте ваьккхира иза.

2015–2016-чуй шерашкахь Воронежерчу «Буран» команди юкъахь ловзуш цо 51 матчехь 18 шайба кевна чу тоьхна, толаме йоьрзуш 28 пас а елла. Лигерчу хоккеисташна юкъахь уггаре а лакхара жамI дара цо гайтинарг.

Цунна, ВХЛ-н уггаре а дика ловзархо ву аьлла, Фирсов Анатолийн цIарах а, Лигин уггаре а дика бомбардир аьлла а совгIаташ дира.

Краснодаран махкарчу Геленджик гIалахь Лаккхарчу хоккейни лигин (ВХЛ) мур дIакъовлуш даздарш дара дIахьош. Фирсов Анатолийн цIарах лаккхара совгIат дара дIадала дезаш.

Оцу шарахь и сийлахь совгIат даьккхира нохчийн цхьаъ бен воцчу корматаллин хоккеиста Раисов Аслана. Оцу хенахь иза Воронежерчу «Буран» командехь ловзуш вара.

СовгIат схьа а эцна, дIа ца вахийтира Аслан. Мероприяти дIахьош волчо дийхира нохчийн хелхар дар, цунна дуьхьал забар а йина, дIаваха вуьйлира Аслан. Амма дIахьош волчун дехарна тIетайра ВХЛ-н куьйгалхо Скоропупов Герман а, ерриге зал а. Иштта, хелхарехь а шен говзалла гайта дийзира жимачу стеган.

Цул тIаьхьа Аслан Красноярскерчу «Сокол» клубе дехьаволу, хIетахь цо 42 матчехь 21 очко йоккху (8 гол + 13 пас).

2017–2018-чуй шерийн муьрехь словакийн экстралигин «Эволен» командехь ши ловзар дIадаьхьна цо. Юха Альметьевскерчу «Нефтяник», Санкт-Петербургерчу «Динамо», Воронежерчу «Буран» командашна юкъахь левзина.

Таханлерчу дийнахь А.Раисов Москварчу «Динамо» клубан а юкъахь, 44-чу номерца, ловзуш ву. Иза Дуьненаюкъарчу хоккейни лигин (КХЛ – Континентальная хоккейная лига) нохчийн дуьххьарлера хоккеист ву.

Хууш ма-хиллара, цу юкъахь ю Россера, Белоруссера, Казахстанера, Чинера, Латвера, Словакера, Финляндера хоккейни клубаш. ХIора шарахь цара къовсу коьрта совгIат – Гагаринан Кубок.

Дукха хан йоццуш, Магнитогорскерчу «Металлург» командина дуьхьал дIаяьхьначу матчехь, Аслана, КХЛ-хь ловзуш волуш, шен хьалхара гол чутоьхна. Ткъа финийн «Йокерит» командица ловзучу хенахь А.Раисовн мара бохийна. Иза хоккейхь сих-сиха хуьлуш хIума ду.

ТIейогIучу хенахь болельщикашна хазахетар деш, Аслана кхин а дика ловзарш дIахьур ду.

Л.ДАУТОВА
№17, бекарг (март) беттан 5 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: