Соьлжа-ГIалин 7-чу поликлиникехь…

Маштакова Iайшат йина 1992-чу шарахь Йоккхачу АтагIахь.

2014-чу шарахь цо цIечу дипломца чекхъяьккхина Ставрополь гIалара медицинин университетан лечебни факультет. Цул тIаьхьа, циггахь чекхъяьккхина терапихула интернатура а, кардиологехула ординатура а.

Болх бина СоьлжаГIалин Чурт-ТогIерчу куьпан больницехь – терапевт.

2017-чу шарахь дуьйна Соьлжа-ГIалара №7 йолчу поликлиникехь кардиологан болх беш ю.

ТIаьхьарчу хенахь вайн республикехь дуккха а лазарш гучудуьйлу вайн бахархошна. Къаьсттина инфаркт, инсульт. Иза стенца доьзна ду аьлла шега хаьттича, Маштакова Iайшата дийцира: – Вайн наха вонаш, дукха халахетарш лайна, дуккха а ницкъ хилла. Шайна вон хиллачу сохьтехь лоьра тIе ца богIу нах, лазар генадаллалц. ХIокху поликлиникехь дIахьош бу гIалин бахархошна диспансеризаци яран болх.

Бахархоша шаьш тидаме оьцуш делахьара и гIуллакх, царна мелла а сиха гIо хир дара. Йоккха меттиг дIалоцу кхача нийса бааро. ЦIийца холестерин дика а, вон а хуьлу. Вониг совдаьлча, цIий лела пхенаш дукъло, цIийлелар галдолу. Даг тIе доьлху пхенаш дIакъовлало, тIаккха инфаркт хуьлу.

Цундела кхача баар нийса лело деза. Дайшкара-наношкара схьа а хуьлу и тайпа лазарш. Нагахь доьзалехь гипертоник я ИБС (ишемическая болезнь сердца) йолуш цхьаъ велахь, цу доьзалера кхиберш лоьрийн талламах чекхбаха беза.

Энергетикин маларш, газировкаш дукха муьйлу кегийрхоша. Буьйсанна кхоччуш наб ца йо. Цара шаьш галйоккху шайн могашалла. Цундела уьш а дукха богIу тхуна тIе.

Гипертоникаш (цIийн таIам лакхара берш) дукха бу вайн, геннара, кхоалгIа стади ерш цхьаьна. Дийнахь 25–30 цомгаш стаг тIеоьцу ас. Царна юкъахь, хIора кхоалгIаниг бохург санна, инфаркт миокарда, инсульт хилларг ву, кхузахь хьесапе эцна а волуш.

Нагахь санна, цомгашчу стагана генадаьлла хIума делахь, иза тIеман госпиталера коьртачу говзанчина Х.Бацыговна тIехьажаво.

Цо операци ян еза алахь, оха кехаташ кечдой, могашаллаIалашъяран министерствера квота а йоккхий, кхечу гIала операци яйта вохуьйту. Дукха бу и саннарш. ХIокху шарахь цхьаъ вахийтина ас.

Вуьшта, шарахь 10–20 стаг вохуьйту. Ш.Эпендиевн цIарахчу Республикански клиникин больницехь А.Н.Бакулевн цIарах туш схьайоьллур ю, дагна операци ян йиш йолуш. Иза боккха аьтто бу бахархошна.

Вайн республикерчу ТIеман госпиталехь а, I.И.Хамбиевн цIарах йолчу медицинин сиха гIо даран республикин клиникин больницехь а йо деган пхенаш чохь цIий леларца доьзна (стентирование) операцеш.

Стентировани йинарг оха хьесапе оьцу. Баттахь я кхаа баттахь цкъа тIе а вогIуш, лоьрийн тергонехь хуьлу иза.

ХIокху поликлиникехь дийнан стационар ю, 20 стаг охьавижо маьнгеш долуш. Царех – 5 неврологин, 5 гинекологин, 10 терапевтан. Кхузахь дарба леладойтуш берш тайп-тайпана цамгарш йолуш лазархой бу: шелонан цамгар, хронически бронхит, деган пхенийн цамгар, шекаран диабет, иштта, цIийн таIам лакхара берш, ИБС ерш.

Кхузахь цомгашчарна дарба 7–10 дийнахь леладо. Оьшуш долу молханаш долуш ду. Дарбалелор маьхза ду.

Стационарехь, планаца дарбанаш лелош, леррина стационаран лоьраш бу: невролог, терапевт, кардиолог, гастроэнтеролог, дерматовенеролог. Медйижарша системаш хIиттайо, мехий детта.

Кхузахь дарба дайтинарш чIогIа реза хуьлу. Отделенин заведующи ю стационаран балха тIехь терго латтош.

– Коьртачу декъана 50–60 шераш дерш бу оха хьесапе оьцуш берш. Шекаран диабет йолчеран цIий лела кегий пхенаш телхича жаннаш галдовлу. Дог а чIогIа лардан дезаш ду. Цундела уьш лоьрийн тергонехь латтош бу. Профилактика йо. Ерриге анализаш вай кхузахь еш ю. Флюорографи, рентген кабинет ю. ЭКГ аппарат шиъ ю: цхьаъ – цIеххьана лоьре кхайкхича хьош ю, важа планови – кху чохь еш ю. УЗИ-н кхоъ кабинет ю: кийра, жаннаш, хьорзамха екхоъ (щитовидная железа), деган пхенаш толлуш. Оьшуш йолу аппаратура хилча, цомгашчарна а атта хуьлу кхузахь чекхбовла, – дийцира Iайшата.

Ф.АСИЕВА
Авторан сурт

№17, бекарг (март) беттан 5 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: