Яздархойн союзехь кхеташо хилира

Чиллин (февраль) беттан 21-чу дийнахь Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленин кхеташо хилира.

Союзан Правленин декъашхошна юкъахь вара республикин Яздархойн союзан председатель К.Ибрагимов, цуьнан заместитель Б.Шамсудинов, Яздархойн союзан коьрта редактор I.Ирисханов, поэт, яздархо Э.Мамакаев, поэт, журналист Хь.Аболханов, поэт, гочдархо, прозаик, публицист А.Ахматукаев, поэт I.Яричев, къона поэтесса А.Халикова, хаамийн гIирсийн векалш.

Хьалха вистхилира К.Ибрагимов. Цо элира: «ХIокху шеран эсаран (октябрь) беттан 17-чу дийнахь Нохчийн Республикин Яздархойн союзан 90 шо кхочуш ду. Иза шуьйра билгалдаккха деза. Оцу денна лерина политологан I.Авторхановн цIарах хIорашеран Дуьненаюкъара литературин совгIат а (50– 100 эзар соьман барамехь), Нохчийн меттан денна лерина нохчийн-оьрсийн меттанийн дошам хIоттийначу А.Мациевн цIарах халкъан литературин совгIат а юкъадаккха деза. И гIуллакх чекхдаккхархьама хьокъала йоллучу ведомствошка кехаташ яздан деза».

Франкойн ешархочунна дика евза XIX-чу бIешеран оьрсийн литература. Чиллин (февраль) беттан 15–18-чуй деношкахь Парижехь Оьрсийн книгин денош дIадахьарх лаьцна дийцира К.Ибрагимовс.

Иза вовшахтоьхнера «Франци – Урал» ассоциацис Париж гIалин V-чу округан мэрехь. Цуьнан Iалашо яра франкойн ешархошна кхин а кIорггера оьрсийн литература а, Россин, Францин культурин башхаллаш а йовзийтар.

Цигахь дакъалоцуш бара «Франци – Урал» ассоциацин декъашхой, шина пачхьалкхера культурин министерствийн векалш, Россера яздархой, царна юкъахь вара К.Ибрагимов.

Цара кхузаманан литературехь долчу хьолах лаьцна йоцца докладаш еш, билгалдехира дан деза гIуллакхаш, йовзийтира Iалашонаш.

Оьрсийн книгин денойн программехь коьрта тидам тIебахийтира Россин регионийн литературин дахарна. Программин гурашкахь дIадаьхьира Нохчийн литературин де.

Кантас доклад йира кхузаманан нохчийн халкъан литературах лаьцна.

Pierrotet залехь «Кавказе бIаьргкхарстор: А.Дюма, М.Лермонтов, А.Пушкин, Л.Толстой» «горга стол» дIаяьхьира.

Цигахь нохчийн яздархочо шен романаш язъяран истори йовзийтира.

Парижан оьрсийн меттан публикин а, нохчийн диаспорин а аьтто хилира романийн авторца къамел дан, хаттарш дан.

Цо дийцира Кавказо поэзина бечу тIеIаткъамах лаьцна. Иштта, «Академик Петр Захаров» книгин презентаци йира.

Лаккхарчу тIегIанехь дIадаьхьира Парижехь Оьрсийн книгин денош.

Цул тIаьхьа вистхилира I.Ирисханов.

Цо дийцира Союза II-чу чийрикехь бан леринчу балхах лаьцна. «С.Маргошвилис гочйина В.Пшавелин говзарш а, I.Гакаевн поэзин гулар, И.Джабировн «Заманан куьзганахь» а, Э.Мамакаевн шен дахарх лаьцна «Если бы не то утро» а книгаш ю арахеца кечъеш», – элира I.Ирисхановс.

Белоруссин хаамийн министра Карлюкевич Александра кхайкхина Белорусси вахана хиллачу А.Ахматукаевс дийцира цигахь ша бинчу балхах лаьцна.

«Чиллин (февраль) беттан 6–10-чуй деношкахь цигахь дIабаьхьира Дуьненаюкъара книгийн ярмарка-гайтам, 20 сов пачхьалкхера яздархоша дакъалоцуш, – дуьйцура цо. – Оцу гайтаман гурашкахь дIаяьхьира литераторийн, яздархойн V-гIа Дуьненаюкъара симпозиум. Цигахь билгалъяьхначу коьртачу теманех цхьаъ «Гочдар» яра. Ишттачу меттигашка вай дIадахча кхечу пачхьалкхашкарчу яздархошца гергарлонаш тийсало, вовшийн довзар хуьлу, цаьргара вайна пайдехь долу хIума схьаэца аьтто хуьлу. Гочдаршна боккха тидам тIебохуьйту цара. Масала, цигахь бара Узбекистанера баьхкина яздархой, цара дийцарехь, церан мехкан куьйгалхочо яздархошна хIусамаш елла, лаккхара алапаш хIиттийна. Дуьненан литературера 100 том узбекийн матте яккха аьлла декхар хIоттийна царна хьалха. Иза шайн меттан гIайгIа беш дина хIума дуй хаьа шайна, боху цара а, цаьрга ладоьгIуш Iаш долчу оха а. Оцу гIуллакхо церан мотт дуьненна бовзийтар, шарбалар хуьлуьйту. Суна вайн Яздархойн союзо Россехь йолчу республикийн а, кхечу пачхьалкхийн а яздархошца бечу балхана алссам тидам тIебахийта луур дара. Уьш даима а кхуза бахка лууш хуьлу. Пачхьалкхан тIегIанехь юкъаметтигаш еза царна», – элира А.Ахматукаевс.

Б.Шамсудиновс Нохчийн меттан де билгалдаккхаран мероприятеш дIаяхьарх лаьцна дийцира.

Халикова Асета бовзийтира къоначу яздархошца бан лерина болх.

Л.ИБРАГИМОВА
Суьрта тIехь: К.Ибрагимов – Парижехь

№17, бекарг (март) беттан 5 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: