лерина кхоллараллин суьйре хилира къоман библиотекехь
Россин яздархойн союзан декъашхо Гайтукаева Бана йина 1959-чу шеран 23-чу февралехь ТIехьа-Мартан районан ВаларгтIе юьртахь. Циггахь чекхъяьккхина юккъера школа. Байташ язъян йолаелла жима йолуш. Шен 15 шо кхаьчча Хьалха-Мартан районан газетехь дуьххьара зорба тоьхна цуьнан стихаш. Нохчийн матте, ира, говза дош аларе безам дукха хьалха кхоллабелла Банехь. Бана кхелхина 1994-чу шеран 14-чу мартехь.
Кху деношкахь нохчийн халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран цIарахчу Нохчийн Республикин къоман библиотекехь дIаяьхьира Гайтукаева Банин кхоллараллина лерина суьйре. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин яздархойн союзо а, Нохчийн Республикин къоман библиотеко а. Цхьаьнакхетар дIахьош яра Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиева Аза. Цига баьхкинера: Россин Федерацин хьакъйолу артист Багалова Зулай, Iилманийн академин вице-президент, профессор, физико-математикин Iилманийн доктор Дадашев Райком, филологин Iилманийн кандидат, фольклорист Джамбеков ШаIрани, евзаш йолу нохчийн меттан хьехархо Вагапова Асет, Банин гергара нах, цуьнца цхьаьна школехь дешнарш, ткъа иштта цуьнан поэзиезархой.
Цхьаьнакхетар долош, Банех лаьцна дош олуш Газиева Азас дийцира иза мел яхь йолуш, шен Даймохк безаш нохчийн йоI хилла.
Иштта цо дийцира цуьнан амалх лаьцна:
– Цхьана дийнахь Орджоникидзен цIарахчу урамехула шен белхан накъосташца цхьаьна схьайогIуш хилла Бана. Цу дийнахь масех баттахь далаза долу алапа а хилла царна схьаделла. Базарна гергакхача боьлча, карахь локхуш дечиг пондар болуш, хиъна Iаш сагIадоьхуш стаг хилла. Банас цунна тIе а яхана аьлла: «Хьажахь, ас сайгахь долу ахча дIаделча, кху нохчийн пондаран сий а ца дойъуш, цIагIур варий хьо». «Иштта шен Даймахках дог лозуш, цIена нохчийн йоI хилла иза», – Газиева Азас.
Бана евзаш, цуьнца гергарло лелош хиллачара билгалдаьккхира, Банин кхолларалла гIайгIане елахь а, дуьненахь забаре, самукъане стаг а, тешаме накъост а иза хилла хилар.
Баьхкинчара леррина ладуьйгIира Багалова Зулайс Банин «Аганан илли» тIера ешначу кийсаге. КIорггера маьIна а, боккха чулацам а болуш дара и могIанаш. Цигахь автора гойтура мел доьналла, яхь йолуш бу нохчийн наной.
– Ирхъолла дIавигначу кIанте нанас аьлла, ша паччахье хьо паргIатваккхар доьхур ду. «Нагахь санна сан коьртехь кIайн шипон хилахь, хьо паргIат вуьту бохург хир ду иза, Iаьржа бос боцуш хилахь, со паччахьна тIе ца кхаьчнийла хоийла хьуна», – аьлла цо. ШолгIачу дийнахь майданахь, логах муш тесна, тангIалкха бухахь лаьтташ хилла кIант. Геннахь шен ненан коьртахь кIайн шипон гича, ша Iехош бу-кх хьуна уьш, бохуш Iаш хилла кIант. Амма нанас шен кIант шена а, нахана а воьхна, де эшна ца гайтархьама тиллина хилла кIайн шипон.
Гайтукаева Банин поэзиезархоша, Джабраилова Каметас, Джавотханов Разета, Виситаева Туманис байташ йоьшуш а дIаяьхьира суьйре.
З.САГАЕВА
Авторан сурт