Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара зударий! Даггара декъалдо шу Зударийн дуьненаюкъарчу денца – бекарг (март) беттан 8-чу денца!

Шу юххехь хиларо тхан дахар маьIнех, аьхналлех, хазаллех дузу. ХIокху дуьненахь мел долу исбаьхьаниг, диканиг, цIенаниг, тешам, ховха безам, гIайгIабар шуьца ду, шух схьадолуш ду. Доьзална а, юкъараллина а хьалха доккха жоьпалла ду шун белшаш тIехь. Амма шайн экамалле хьаьжна ца Iаш, аш доьналлица лов цатемаш, кхерчан йовхо ларйо, тIекхуьуш йолу къона тIаьхье кхиорна шайн ерриге а йовхо а, ницкъ, а ховхалла а дIало. ХIаъ, шун карахь ду адамийн хиндерг. Ткъа и хиндерг вайн бераш ду.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас даима а боккха сий-ларам бора зударийн. Юкъараллехь цара лелош долчу маьIнин хьокъала боллу мах хадабора цо. Билгалдоккхура цара машар хилийтарна, доьзалехь барт, аьхналла хилийтарна, бераш Даймохк безаран ойланехь кхетош-кхиорна Iаламат йоккха хазна юкъаюьллуш хилар.

Суна даггара баркаллин дешнаш ала лаьа тIеман кIуркIаманин муьрашкахь шайн белшаш тIебоьжна хилла вуно боккха бала, гIайгIа, сингаттам доьналлица ловш чекхбевллачу нохчийн зударшна. Даймахкана хьокъала боллу кIентий кхиийна аш. Церан майралло а, стогалло а таро елира дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал дIабаьхьначу луьрачу къийсамехь сийлахь-боккхачу толаме вай кхачо.

Хьомсара зударий! Даггара декъалдо шу Зударийн дуьненаюкъарчу денца! Лаьа шун чаккхе йоцу ирс хуьлийла, ондда могашалла хуьлийла, доьзалехь ийман, беркат, лаьттийла, даима а маьрша дахар хуьлийла!

№18, бекарг (март) беттан 8 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: