Кхаа аукционехь тоьлла «Чеченнефтехимпром»

Къилбаседа Кавказан федеральни округехь Лаьттан маьIданех пайдаэцаран йолчу департаменто (Кавказнедра) республикехь дIаяьхьначу пхеа аукционах кхоъ «Чеченнефтехимпромо» яьккхина – Малхбузе-Бенара, Къилбаседа-Джалкхера, Хан-ГIалин майданаш.

Аукционехь толар бахьана долуш, оцу майданех 25 шарахь пайдаэца бакъо елла «Чеченнефтехимпромана». Пайдаэцарна юкъадогIу маьIданаш лахар а, царна таллам бар а, уьш дахар а, дохкар а.

Лакхахь билгал ма-даккхара, пхеа майданах кхоъ бен ца кхаьчна «Чеченнефтехимпромана». Йисина шиъ, – Малхбузе-Грозненски а, Шелковски а, я «Чеченнефтехимпромера» а, я кхийолчу компанешкара а заявкаш цахилар бахьана долуш, аукционехь «эцархошна» юкъахь ца къевсина.

Кхузахь дагадаийта догIу «Чеченнефтехимпром» республикин долахь йолу масех бутт бен цахилар. Ткъа и долаяккхаран «къийсам» лаьтта масех шо дара: 2015-чу шарахь Россин Федерацин Президента Путина Владимира «Чеченнефтехимпром» Нохчийчоьнан долаяккхар тIедиллина доллушехь, и гIуллакх чекх ца доккхуш, 2018-чу шаре даьллера.

2018-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 18-чу дийнахь Россин Президента Путин Владимира юха а тIедиллира федеральни долаллехь хилла йолу «Чеченнефтехимпром» ОАО Нохчийн Республикин долалле дIаялар, цу хьокъехь лерринчу Указана куьг а яздеш.

Цуьнца нийса а догIуш, Россин Правительство декхарийлахь яра, ши бутт балале, цуьнан акцеш республикина дIаяла. Амма и гIуллакх, оцу шина батта тIера беа батте делира.

Карарчу хенахь, республикин доларчу «Чеченнефтехимпроман» долахь 1 113 мехкадаьттан а, газан а бурош (царах 270 гергга болх беш ду) а, 11,6 гектар латтанаш а, 4 мехкадаьттан база а, 500 километр сов мехкадаьттан а, газан а биргIанаш (проводаш) а ю.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «Чеченнефтехимпром» республикин дола схьаяларан а, цуьнан таханлерчу бахаман а хьокъехь дIахьедар дира.

– ТIемаш хилале хьалха хиллачу «Чеченнефтехимпромах» кIезиг хIума дисина. Хьалха хилла заводаш, комбинаташ, мехкадаьттан промыслаш, бIеннаш километраш мехкадаьтта кховсу биргIанаш яц. Амма уьш, баккъал а дай а хилла тIедирзича, меттахIитталур ю инвестицеш юкъа а ийзош. Инвесторшца хIинцале а цхьаболу барташ бина. Къаьсттина хьашт-дезар долуш ю кхузахь Чинера а, Герггарчу Малхбалера а фирманаш а, компанеш а, – элира цо.

Схьагучу суьртаца, республикин Куьйгалхочун кхайкхам хезна ца Iаш, кхочушбан а болийна, хIунда аьлча, республикин дола яьллачул тIаьхьа дуьххьара дакъалоцуш яра компани оцу тайпанчу аукционехь.

И.ИСЛАМОВ
№18, бекарг (март) беттан 8 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: