ГIалахь Iан Iеминчара ГаланчIожан кIоштахь дан хIума дац

Карара шо, республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца нийса а догIуш, ГаланчIожан шо ду аьлла, дIакхайкхийна.

Оцу шеран гурашкахь меттахIотточу кIоштахь дIахьош дукха белхаш бу хIинцале а – некъаш дахар а, дахкар а, тIайш тахкар а, кIоштан карта хIоттор а, цигахь Iан луучу бахархошна хIусамаш яр а, социальни инфраструктура кхоллар, историн а, архитектурин а тIаьхьалонийн объекташ меттахIиттор а, и.дI.кх.а.

МеттахIоттийначу кIоштахь ваха хьалаваха хIун оьшу аьлла, хаттам дIабаьхьира оха бекарг (март) беттан хьалхарчу деношкахь.

Иштта ойланаш ю бахархойн: – КIоштан администрацехь дIаяздина тхо – ГаланчIожан кIоштахь даха хьаладаха луурш. Дуьйцург бакъ делахь, тхуна цигахь хIусамаш а, иштта, даьхни я бошмаш лело аьттонаш а бийр бу. Цул сов, хи а, ток а, газ а, мобилан зIе а, телевиденин а, радион а эфир а хир ю бохуш дуьйцу. Цундела реза хилла со а, со санна кхиберш а – иттаннаш ду тхо, – бохуш, дийцира Соьлжан кIоштан вахархочо Мисирбиев Гиланис.

Иза накхармозий лелош ву.

– ГIалахь Iан Iеминчара дан хIума дац ГаланчIожан кIоштахь. Нагахь санна даьхни я беш лелорх хьо къехкаш велахь, тIаккха а дац хьан цигахь дан хIума. Даьхни а, беш а лелор ю, дай баьхна ярташ ден а йийр ю аьлла, ойла йолуш воцург Iалур волуш меттиг яц и, – элира Соьлжа-ГIалин вахархочо Дутаев Бекхана.

Иза таксица напха латтош ву шен доьзална.

– Iедало Iан а, даха а хьелаш цигахь кхоллахь, дуккха а нах хьала гIур бу цига. Цкъа делахь, шайна маьхза хIусамаш яларна а, шолгIа делахь, дахаран кхидолу хьелаш кхолларна а. Дуьххьара хьала баханчарна хала хир ду. Амма нохчаша олуш ду: «Довха худар даа а дац атта» олий, – шен ойла йовзийтира Элинас.

Иза республикин пачхьенерчу цхьана университетехь болх беш ю.

Делахь а, Элина дагахь яц ГаланчIожан кIошта яха хьалаяха.

И.АДАМОВ
№18, бекарг (март) беттан 8 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: