Нохчийчохь тIом чекхбаьлла ткъех шо даьллехь а, шен къизалла йицъян ца буьту цу тIамо республикин бахархой. Хууш ма-хиллара, дIабаханчу баттахь ТIехьа-Мартан кIоштарчу бахархошна авиабомба карийнера.

Иза эккхийта республике балийначу говзанчаша билгалдаьккхира авиабомба 1994–1996-чуй шерашкара хилар, аьлча а, оцу муьрехь дуьйна лаьттах яьллина хилар.
Цул тIаьхьа дIабаьлларг бутт а боццушехь, изза говзанчаш юха а кхайкха безна республике хIокху деношкахь – кхин а 3 авиабомба карийна бахархошна: Гуьмсан а, Курчалойн а, Хьалха-Мартан а кIошташкахь.
«Меттигерчу бахархошна карийна йолу авиабомбанаш, 20 шарахь лаьттах яьхкина хиларе терра, муьлххачу а минотехь лелха кхерам болуш яра. Уьш дIаяха, республике хьовсийнера Дона-тIерачу-Ростовера (Россин МЧС-н Донан кIелхьарбахаран туш) говзанчаш. Оцу балха тIехь зеделларг долуш бара уьш», – яздинера Россин МЧС-н сайта тIехь.
Кхуьй а авиабомба, лерринчу полигона тIе дIа а яьхьна, лакхахь хьахийначу говзанчаша куьйгалла а деш, эккхийтина.
И.ИСЛАМОВ
№18, бекарг (март) беттан 8 де, 2019 шо