«Россин лахаран болам»

Нохчийн пачхьалкхан университетан буха тIехь архивийн документашца болх бийр болу тоба вовшахтоьхна. Цунна юкъахь 15 студент хир ву. Уьш, къаьсттина, историн а, кхечу къаьмнийн меттанийн а факультеташкара хир бу.

Бекарг (март) беттан хьалхарчу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь дIаяьхьира «Къилбаседа Кавказан а, Къилбан а федеральни округийн регионашна юкъара лахаран цхьаьнакхетараллийн» семинар.

Иза дIаяьхьира Нохчийн Республикин Юкъараллин палато а, Россин Федерацин Юкъараллин палатин кегийрхойн гIуллакхашкахула а, патриоталлин кхетошкхиорехула а йолчу комиссис Россин кегийрхойн федеральни агентствон гIоьнца.

Семинарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан депутат Нагаев Iаднан, Нохчийн пачхьалкхан университетан хьалхара проректор Киндаров Заур, Россин Федерацин Юкъараллин па латин кегийрхойн гIуллакхашкахула а, патриоталлин кхетошкхиорехула а йолчу комиссин председатель, Ерригроссин юкъараллин («Поисковое движение России») «Россин лахаран боламан» куьйгалхо Цунаева Елена, республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран заместитель Хусаинов Азарбек, Оборонин министерствон, Даймохк ларбеш кхелхина турпалхой дагахь латторан урхаллин, Нохчийн Республикин тIеман комиссариатан, «Росгвардин» векалш, кхиберш.

Мероприяти дIахьош волчун «омранца» Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а, «Россин лахаран боламан» а байракхаш чуеара. Цул тIаьхьа дош делира I.Нагаевна. Цо элира: «Лараме доттагIий! Сайн а, депутатийн а цIарах ас даггара декъалдо шу хIара гIуллакх дIадолорца. Нохчийн Республикин коьртачу вузехь студентийн «лахаран тоба» вовшахтохар мехала а, историн а хилам бу, хIунда аьлча, республикехь кIеззиг болх бина оцу декъехь. Белш белшах а тоьхна, юххе дIа а хIиттина, вовшийн накъосталла а деш, цхьаьна хилча бен дуьхьало ялур яц вайн маршонна дуьхьал болчу мостагIашна. Вайн ницкъ цхьааллехь бу. Оьшучунна тIехь Iедалера гIо-накъосталла хир ду шуна. Доккха баркалла хIара гIуллакх вовшахтоьхначарна а, кхуза баьхкинчарна а».

Е. Цунаевас элира: «БIаьстенан хьалхарчу дийнахь Соьлжа-ГIалахь башха ши мероприяти хилла. Тхуна мехала ю уьш, хIунда аьлча, республикехь «Россин лахаран боламо» дуьххьара еш ю иштта мероприятеш. Цхьаъ «горга стол» яра, Нохчийн Республикин Юкъараллин палато гIо а деш дIаяьхьна. ШолгIа – семинар. Кхузахь гулбелла Къилбаседа Кавказан а, Къилбан а федеральни округийн итт субъектера лахаран цхьаьнакхетараллийн векалш, белхан накъостий, эксперташ. Тхуна мехала хета архивехь белхаш бар хьоьху мастер-классаш ялар. Тахана кхузахь, Нохчийн пачхьалкхан университетан буха тIехь, лахаран тоба кхоллаелла. Тхуна мехала ду студенташна архивийн документашца нийса болх бан Iамор а, лахаран балхана уьш духе кхиор а, цуьнан маьIнех уьш кхетор а».

Цул тIаьхьа гулбеллачара Соьлжа-ГIаларчу Сийлаллин Аллейхь болчу А-Хь.Кадыровн хIолламна хьалха зезагаш дехкира.

ШолгIачу а, кхоалгIачу а деношкахь масех кхеташо дIаяьхьира, иштта, мастер классаш елира.

Кхеташонашкахь дийцира хIокху шарахь бан безачу балхах лаьцна, федеральни органашца а, кхочушдаран урхаллашца а цхьаьнагIуллакхаш дарх лаьцна.

Цул сов, презентаци йира. Цигахь дакъалацаре кхайкхинера лакхахь хьахийначу округерчу субъекташкара ерриге а лахаран тобанаш. Царна юкъахь яра Кавказан лаьмнашкахула – ГIирмехула, ГIебартойн-Балкхаройчухула, Нохчийн Республикехула, Къилбаседа ХIирийчухула чекхйолуш йолу «Заоблачный фронт» башха экспедици.

Л.ИБРАГИМОВА
№18, бекарг (март) беттан 8 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: