ХIокху деношкахь А.Айдамировн цIарахчу республикин Къоман библиотекехь дIаяьхьира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 75 шо кхачарна лерина йолу «Юбилей победы. Готовность номер один» «горга стол».

Цуьнан Iалашо яра юкъараллин патриотийн, ветеранийн организацийн а, учрежденийн а, ведомствийн а болх цхьаьнатохаран проблемаш йийцареяр.
Цигахь дакъалоцуш яра Россин Федерацин Юкъараллин палатин комиссин председатель, «Поисковое движение России» цIе йолчу Даймохк ларбеш кхелхинарш иэсехь латторан Ерригроссин юкъараллин боламан жоьпаллин секретарь Цунаева Елена, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатель Денильханов ИсмаьIал, Соьлжа-ГIалин мэран хьалхара заместитель Хаджимурадов Iийса, Нохчийн Республикин тIеман комиссар Джайрханов Ахьмад, Къилбаседа Кавказан а, Къилба а федеральни округийн регионийн Юкъараллин палатийн векалш, республикин законодательни а, кхочушдаран а Iедалийн органийн а, патриотийн а, ветеранийн а юкъараллин организацийн а, шуьйрачу хаамийн гIирсийн а векалш.
«Горгачу стоьлехь» дийцира тIекхуьу чкъор Даймохк безаш кхетош-кхиорехь пачхьалкхан органаша а, юкъараллин организацеша а, дешаран учрежденеша а цхьаьна болх бан безаш хиларх а, «2016–2019-чуй шерашкахь Россин Федерацин гражданаш Даймохк безаш кхетош-кхиор» цIе йолу пачхьалкхан программа кхочушъярх а лаьцна.
Цул сов, йийцаре йира историн хаарш лакхадахарна а, гражданийн медиахаарш лакхадахарна а, историх болу харц хаамаш баржорна дуьхьалоярна а, кхузаманан Россин юкъараллехь историн иэс лардарехь юкъараллин а, пачхьалкхан а организацеша беш болу болх цхьаьнатохарна а тIехьажийна йолу Iилманан-довзийтаран проекташ.
Хаджимурадов Iийсас билгалдаьккхира тIекхуьуш долу къона чкъор кхетошкхиорна лерина Нохчийн Республикехь дIахьош болу болх мехала хилар.
– Толаман де уггаре а маьIнечу дезачу денойх цхьаъ ду. Вайна хIора дийнахь евза оцу хенахьлерчу турпалхойн цIерш. Иза вайн истори, вайн иэс ду. Кегийрхошна бовза беза вайн берриге а турпалхой, – билгалдаьккхира I.Хаджимурадовс.
Цунаева Еленас дагадаийтира кестта, вайн ерриге пачхьалкхо а Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 75 шо кхачар даздийриг хилар.
– И дезде хилла ца Iа. Оцу терахьо таро ло дIадаханчу шерашкахь динарг ган а, Iедалан кхочушдаран а, законодательни а органийн а, кегийрхойн, юкъараллин, ветеранийн организацийн болх цхьаьнатоха а. Вай цхьаьна болх бан беза. Къилбаседа Кавказан а, Россин къилбен а Сийлахьбоккхачу Даймехкан тIеман истори кхоччуш Iамийна яц, берриге а турпалхойн цIерш хIинца а яьхна яц. Вай тIекхуьучу чкъурана довзуьйта фашизм а, нацизм а эшорехь Сийлахь-боккхачу Толаман маьIна, – элира Е.Цунаевас.
Денильханов ИсмаьIала дийцарехь, Даймохк безаш хилар, Даймахкана муьтIахь хилар тIеман историца доьзна дийцина ца Iаш, даима а дийца деза.
– Таханлерчу дийнахь ветеранийн организацеша дIахьо тIекхуьуш долу къона чкъор Даймохк безаш кхетош-кхиоран эвсаре болх. ТIамехь дакъалаьцначу наха уггаре дика дуьйцур ду кегийрхошна шаьш нийса хилла хилар а, майралла а, къонахалла а, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман турпалхойх дерг, – билгалдаьккхира И.Денильхановс.
Джайрханов Ахьмада тидам тIебахийтира тIекхуьуш долу чкъор тIеман-турпалаллин кхетош-кхиор Нохчийн Республикин коьрта Iалашо хилар.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана боккха тидам тIе а бохуьйту, оьшуш долу дерриге а хьелаш а кхуллу оцу декъехь болх эвсаре дIабахьарна.
Нохчийн Республикин Юкъараллин палатица цхьаьна «Горга стол» вовшахтоьхнарг яра Россин Федерацин Юкъараллин палатин кегийрхойн гIуллакхашкахула, шайн лаамалла (добровольчество) кхиорехула, кегийрхой Даймохк безаш кхетошкхиорехула йолу комисси.
I.МУРТАЗОВ
Авторан суьрта тIехь: «горгачу стоьлан» дакъалацархой
№18, бекарг (март) беттан 8 де, 2019 шо