Вайн республикин хьехархойх доккхахдолу дакъа, къаьсттина нохчийн меттан а, литературин а хьехархой Джамбеков ШаIранис кхиийна, гIо дина ала бакъо йолуш ду.

Студентийн хьехархо хилла ца Iаш, церан доттагI, хьехамча, воккхахволу ваша хилла схьавеана ву иза. ШаIрани, схьагарехь, даснанас «нахаца велалой-векхалой хилалахь, гIиллакхах ма вохалахь, хьайга далуш долчунна тIех а ма валалахь» бохуш, кхиийначу дикачу кIентех ву.
Нохчийчохь вевзина ца Iаш, Къилбаседа Кавказехь а вевзаш, цул коьрта, везаш-лоруш Iилманча ву профессор, филологин Iилманийн доктор Джамбеков ШаIрани.
Тамашийна хетахь а, жимма тхуна моьттинчул воккха хилла хиллера иза. Чиллин (февраль) беттан 17-чу дийнахь 70 шо кхаьчна цуьнан.
А.Айдамировн цIарахчу республикин Къоман библиотекехь билгалдаьккхира ШаIранин 70 шо кхачар. Юбилейни суьйре дIахьош яздархо Кацаев Сайд-Хьасан а, литературин критик Бурчаев Хьалим а вара.
Къоман библиотекин йоккха зал юьззина бара юбиляр везаш, лоруш болу нах, вайн республикин Iилманан, дешаран, культурин интеллигенцин векалш, ШаIранин гергара нах, юьртахой, студенташ. Царна юкъахь вара Республикин Парламентан депутат Хазбулатов Бекхан, Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди, Республикин дешар кхиоран институтан директор Умхаев Хьамзат, республикин Юкъараллин палатин декъашхо Агаева Яха, Россин Федерацин хьакъйолу артистка Багалова Зулай, халкъан яздархо Кусаев Iадиз, профессорш ИбрагимовгIар: Муса, Мовсар, Гайтукаев Казбек, Турпалов Лоьма, Навразова Хьава, Нохчийн Республикин хьакъболу журналисташ: Аболханов Хьаьким, Дадаев Сайд-Хьасан, Караев Руслан.

Суьйре дIайолош Кацаев Сайд-Хьасана билгалдаьккхира: «ШаIрани цкъа гинчунна вицлур воцуш, гуттаренна везалур волуш стаг ву. Нахана ша везийта хаар доккха совгIат ду», – аьлла.
Иза бакъ а ду, ШаIрани ца везаш верг хуьлийла а дац. Нохчийн къоман фольклор вовшахтохарехь дукха къахьегна ву иза. Студенташца цхьаьна цо гездина Нохчийн ламанца йолчу ерриге а яртийн, кIотарийн некъаш. Цунна уллехь нисвеллачу студентана безалора Даймохк.
«Хьайн дай бовзалахь, хьо муьлхачу тайпанах-тукхамах ву хьажалахь. Нохчийн стаг шен орам бевзаш хила веза», – олура цо студенташка.
Нохчийн матте, фольклоре безам кхолларца цхьаьна ШаIрани даима а кегийрхошца кхетош-кхиоран болх дIахьош вара.
Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис, Парламентан депутата Хазбулатов Бекхана, Iилманан-талламан институтан директора Магомадов Супьяна, Дешар кхиоран институтан директора Умхаев Хьамзата, ШаIрани декъалвеш, къамелаш динчара билгалдаьккхира ШаIрани нохчийн халкъан хазна-фольклор вовшахтохархо, оьзда стаг хилар. Говза Iилманча хилла ца Iаш, дикачу доьзалан да иза хилар.
«Джамбеков ШаIрани Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь культурехула йолчу кхеташонан декъашхо ву 2017-чу шарахь дуьйна. 2009-чу шарахь дуьйна КунтаХьаьжин цIарахчу Россин исламан университетан филологин кафедрин доцент а, 2014-чу шарахь дуьйна Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн филологин кафедрин профессор а ву. 2016-чу шарахь цо чIагIйина филологин Iилманийн докторан диссертаци. ТIеман халонаш бахьана долуш, дукха хIума тIаьхьадисира цуьнан», – элира Бурчаев Хьалима.
ШаIранах дош ала луурш дукха бара. Юбиляр леррина декъалван веанера Нохчийн Республикин халкъан артист Паскаев Рамзан. Нохчийн къоман эшарш лекхира кехатпондарца.
Иштта, I.Шахбулатовн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан филармонин солиста, Нохчийн Республикин халкъан артиста Межидов Сахьаба а элира иллеш. Массеран самукъадаьллера суьйренехь.
Иза ерзош ШаIранис элира: «ХIара суьйре вовшахтухуш къахьегначу библиотекин директорна Исраилова Сацитина баркалла ала лаьа суна. ХIинца шуна велакъежар доцург ас дан дезаш хIумма а доцуш, шен белхан накъосташка бен шайна кхин цхьаьнгга гIо ца дойтуш, кечйира цо хIара. Дела реза хуьлда шуна массарна а. Шу дацахьара со а вацара. Иза дика хаьа суна».
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Суьрташ тIехь: Джамбеков ШаIранин 70 шо кхачарна лерина суьйре
№18, бекарг (март) беттан 8 де, 2019 шо