Дуьненаюкъарчу турниран толамхой

Дукха хан йоццуш Россин пачхьнехь Москва г1алахь д1аяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула йолу турнир. Цигахь дакъалоцуш вара Россера а, Италера а, Белоруссера а, Казахстанера а, Норвегера а, Азербайджанера а 486 спортсмен.  Ярыгин Иванан ц1арах долчу ц1ийнехь д1адаьхьна  къийсадаларш олимпиадин чемпион волчу, спортан мастер волчу Гуревич Борисна лерина дара.Иштта оцу турнирехь дакъалоцуш Нохчийн Республикера кхо «классик» а вара.

Дег1ан йозалла 42 кийла йолчу категорехь леташ Амаев Абу-Муслим финале велира. Цуьнан коьртачу цхьаьнакхетарехь лата дийзира Азербайджанерчу Мамедов Елдашца. Оцу тасадаларехь вайн махкахочун толаме кхача аьтто ца белира. Детин мидал яьккхира вайн къоначу спортсмена.

Дег1ан йозалла 54 кийла йолчу категорехь леташ волчу Яхъяев Маьждис финалехь Краснодарерчу Сендалиев Рустамана толам баккхарца,  дешин мидал яьккхира.

Дег1ан йозалла 85 кийла йолчу категорехь леташ хилла волчу Абубакаров Сайд-Мохьмада а беара турнирехь толам баккхарца Нохчийчу хаза кхаъ. Финалехь Узбекистанерчу Мамажанов Тимурца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь вайн махкахочо б1аьрла толам баьккхира. Иштта оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш хиллачу кхаа спортсмена,  шаьш къона делахь а, Нохчийчохь хилла а ца 1аш, Россехь а тоьллачех «классикаш» хирг хилар гайтира.

Билгалдаккха дог1у, Яхъяев Маьжди а, Абубакаров Сайд-Мохьмад а кхиазхошна юккъехь (1997–1999-чуй шерашкара болчарна юккъехь) карарчу шеран Россин греко-римски кепара охьатохархлатарехула йолчу чемпионатан толамхой хилар.

А.АБДУЛАЕВ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: