Эшнехь а, вон ца ловзура

Россин Премьер-Лигин 18-чу турехь (хIокху шеран дуьххьарлерчу матчехь) Нохчийчоьнан «Ахмат» клубан футболисташ Казанерчу «Казань Аренан» стадионехь меттигерчу «Рубин» командин футболисташца левзира.

Цхьаьнакхетаран юьххьехь дуьйна а хIусамдайл мелла а гIолехь ловзура хьеший. Церан тIелатарш а ира дара, говза дара хIусамдайн тIелатарш юхатохар а.

Делахь а, гол тоха цхьана а командин аьтто ца болуш чекхъелира хьалхара а, шолгIа а таймаш. Аьлча а ловзаран 90 минот. Амма суьдахочо тIетоьхна хиллачу кхаа минотах тIаьххьарниг чIогIа аьтто боцуш еара «Ахматана».

«Рубинан» тIаьххьара тIелатар вайн махкахойн кевна чу буьрка тохарца дирзира. Башкиров Евгенийс майданан сонера схьатоьхначу буьрканна дуьхьал ког а лаьцна, иза Городов Евгенийс лардечу кевна чу туьйхира Сагитов Артура. Матч цу тIехь чекх а елира.

Оцу цхьаьнакхетаран хьокъехь шена хетарг олуш, «Ахматан» футболиста Раванеллис билгалдаьккхира: «СоьлжаГIалара команда «Рубинна» эша хьакъ яцара. Матчан «архаш» тхан карахь яра, тIаьххьара минот тIекхаччалц. Толаме кхача таронаш тхан алсам а яра. Делахь а, тIаьххьарчу минотехь малдаларо дерриге а дохийра. ТIейогIучу хенахь ишттачу гIалатех лардала хьовсур ду тхо…».

РогIерчу 19-чу турехь Соьлжа-ГIалара «Ахмат» шен цIахь «Урал» командин футболисташца ловзур ю. Иза бекарг (март) беттан 11-чу дийнахь хир ду.

Хь.САЙДАЕВ
№18, бекарг (март) беттан 8 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: