«Бенарчу бIаьстенна» билгало оьшу

Халкъан исбаьхьаллин «Бенара бӀаьсте» фестивалан билгалонан конкурс дӀакхайкхийна республикехь. Конкурсана леринчу белхашкахь гайтина хила езаш ю фестивалан Ӏалашо а, мехалла а.

Дакъалацархойн таро ю Конкурсе луъучул белхаш бахьийта. Цул сов, йиш ю исбаьхьаллин мел болчу гӀирсех а, графикийн редакторех а пайдаэца.

Бекарг (март) беттан 1–31-чуй деношкахь схьаоьцур бу Конкурсана лерина белхаш. Толамхочунна 50 эзар соьмаца совгӀат дийр ду.

Конкурс 4 декъе екъна ю:

I-ра дакъа: Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а (chechnya.gov.ru), Культурин министерствон а (gov.95mk. ru), Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а (minnac-chr.ru) сайташ тIехь Конкурс дIакхайкхор а, бекарг беттан 1–31-чуй деношкахь Конкурсана лерина белхаш схьаэцар а.

II-гIа дакъа: Оханан (апрель) беттан 1–10-чуй деношкахь полуфинале бевлла белхаш къастор.

III-гIа дакъа: Оццу беттан 11–25-чуй деношкахь полуфинале бевллачу белхашна тIехь хийцамаш бар.

IV-гIа дакъа: Финале бевлла белхаш а, царна юкъахь толам баьккхина болх а къастор.

Белхаш хIокху адресашца дIабахьийта беза: – почтин адрес: 364051, Соьлжа-ГIала, Гайрбеков Муслиман ур., 69, Культурин министерство; – электронни почтин/email-н адрес: mail@mk-chr.ru.

Конкурсах лаьцна алссам хаам хӀокху сайташ тӀехь карор бу: республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а сайт – chechnya.gov.ru; Культурин министерствон сайт – gov.95mk.ru; Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствон сайт – minnac-chr.ru.

№18, бекарг (март) беттан 8 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: