Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствехь юкъарчу дешаран организацийн дешархошна юкъахь «Шеран дешархо – 2019» конкурсан республикин мур дIаболабелла хиларх лаьцна хаам бо дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала Инстаграмехь йолчу шен агIонехь.
Конкурс дешаран а, Iилманан а министерствос республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца дIахьош ю.
Цуьнан Iалашо ю республикин юкъарадешаран организацийн дешархошна юкъахь зIе тасар а, дешархойн зеделларг довзийтар а.
Конкурсан республикин муьрехь хIокху тайпа тIедахкарш хир ду: «Кхоллараллин презентаци «Кху дуьненахь ас дIалоцу маьIна», «Со – гражданин», иштта конкурсаш а хир ю: «Со – лидер», «Сан хьоме боккха Даймохк», «Йиллина дискусси», «Хьекъале технологеш».
Дакъалацархой министерствон цIарахчу Баркаллин кехаташца билгалбохур бу, ткъа толамхошна мехала совгIаташ дийр ду.
Массара а кхаж тасарца къастор ву хьовсархоша билгалваьккхинарг.
З.ШАЛИЕВА
№18, бекарг (март) беттан 8 де, 2019 шо