Медицинехь къахьегна нохчий / Сулаев Мохьмад

Хьалха-Мартан кIоштарчу ГIойтIахь 1920-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 20-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла Сулаев Мохьмад.

Мохьмадан да Абу, Нохчийчохь а, Азербайджанехь а мах беш, вевзаш волу совдегар хилла. Цундела, Баку гIалахь а ехха хан йоккхуш хилла цара.

1928-чу шарахь, СулаевгIеран доьзал Соьлжа-ГIала схьакхелхича, Мохьмад №16 йолчу школе деша вахана, ткъа школа чекхъяьккхина Асланбековское (хIинца – Эна-Хишка) юьртахь.

1933-чу шарахь Сулаев Абу Мохьмадца цхьаьна Баку дIавахара. Цу тIехь царна гIо дира, хьалхуо Баку дIа вахана хиллачу, азербайджанан симфонин музыкин а, оперин а бухбиллархойх цхьаъ хилла волчу, СССР-хь цIеяхханчу музыканта Йоккхачу АтагIарчу Магомаев Iабдул-Муслима. Иза вевзаш волчу иллиалархочун Магомаев Муслиман деда хилла.

1938-чу шарахь СулаевгIеран доьзална боккха бохам хилира. Мохьмадан дена Сулаев Абуна, НКВД-н омранца, лаьцна дIа а вигна, тоьпаш туьйхира. Шайн дех лаьцна дерг доьзална еххачу хенахь ца хаийтинера…

Сулаев Мохьмад, 1937-чу шарахь С.М.Кировн цIарах йолу Бакура хьехархойн рабфак чекх а йоккхий, Азербайджанан медицинин институте деша воьду.

1941-чу шарахь иза чекхъяьккхина ваьлча, цIа вогIу. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча фронте ваха гIурту, амма бIаьрса дика цахиларна ца вуьгу. Цо болх бо тIеман госпиталехь чевнаш хиллачу эпсаршна а, салташна а дарбанаш лелош. ТIаьхьа Итон-Кхаьлларчу кIоштан больницехь коьртачу лоьран болх бо цо.

1944-чу шеран чиллин (февраль) баттахь нохчийн къам махках даьккхинчул тIаьхьа Казахстанерчу Джамбуле кхочу СулаевгIар. Оцу гIаларчу поликлинике терапевтан балха дIа а эцна, аьтто хуьлу Мохьмадан.

Жимма хан яьлча, говзалла кара а ерзайой, гIалин больницехь психоневролог волуш, къахьоьгу.

Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIоттийначул тIаьхьа доьзалца цхьаьна Соьлжа-ГIала цIа вогIу М.Сулаев.

1958-чу шарахь унахцIаналлин цIийнехь (Дом санитарного просвещения) коьртачу лоьран балха воьду.

1961-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н могашаллаIалашъяран министерствос Хьалха-МартантIерчу кIоштан больнице коьртачу лоьран балха хьажаво, цигара могашаллаIалашъяран хьал тодан.

1964-чу шарахь М.Сулаев юха а лакхахь хьахийначу ЦIийнан коьрта лор хIоттаво.

Цул тIаьхьа Республикин унахцIаналлин цIа, бакъдолуш, бахархойн унахцIаналлин культурин туш хуьлий дIахIутту. Кхузахь вовшахтохаранметодикин а, санитарнисерлонан а боккха болх бара дIахьош.

Пачхьалкхан предприятешкахь, учрежденешкахь халкъан университеташ а, могашаллаIалашъяран факультеташ а схьайиллира. Бахархойн хаттаршна жоьпаш луш, кест-кеста суьйренаш дIахьора.

Медицинин теманаш йолуш муьран зорбанехь статьяш араюьйлура. Иштта, телевиденехь фильмаш а, радиохь передачаш а дIахьора. Агитбригадица цхьаьна М.Сулаев леррина ярташка воьдура бахархошна медицинин декъехь хIун гIо-накъосталла оьшу хьажа.

Казахстанехь дуьйна вевзаш волчу цуьнца боккха ларам бара нехан. Оьшучунна дарба дан ваха даима а юххехь латтайора цо шен лоьран чамда. КIедачу амалехь, эсала, комаьрша волчу цунна хIоранга ала довха дош карадора.

Могашаллин а, къинхетаман а советийн фондан Нохч-ГIалгIайн отделенин хийцалуш воцчу председателан болх бар а дара нехан цуьнца ларам хиларан бахьана. Говза лор а, могашаллаIалашъяран декъехь дика вовшахтохархо а вара иза.

1935-чу шарахь Бакухь доьшуш волчу хенахь М.Сулаевс «Нохчийн йиш» шен хьалхара байт язйира. Лоьран балхаца дика цхьаьнадаладора цо литературин гIуллакх.

Нохчийн халкъан поэт, прозаик, литературин критик, публицист, гочдархо санна вевзира иза. Иза поэт вара я лор вара, ала хала ду. Исбаьхьа нислора цуьнан иза а, важа а. Шена юкъахь проза, поэзи, публицистика йолуш 20 сов книга арахийцира цо.

М.Сулаев кхелхина 1992-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 11-чу дийнахь. Цуьнан цIарах школа а, урам а бу иза ваьхначу ГIойтIахь.

Л.ИБРАГИМОВА (пайдаэцна Т.З.Ахмадовн «Нохчийн хьалхара лоьраш» книгах)
№18, бекарг (март) беттан 8 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: