Дукха хан йоццуш, Аштаркханехь дIаяьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула 16, 18-тий шераш долчу кегийрхошлахь хьалхеяккхаран Ерригроссин турнир.

Республикин спортан школерчу 20 спортсмена дакъалецира цигахь.
Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.
Финалехь, шайн-шайн йозаллин категорешкахь, толаме кхечира вайн спортсменаш: Батигов Ислам (41 кг.). Ахмадов Зелим (68 кг.), Сулейманов Муса (57 кг.), Архиев Адам (44 кг.), Дукаев Адам (52 кг.), Хучиев Ахьмад (48 кг.), Алхазуров Джабраил (60 кг.), Мусаев Килаб (80 кг.), Ахмадов Хьамзат (92 кг.), Кагерманов Гахо (55 кг.), Назиров Хьамзат (65 кг.), Дукаев Абубакар (71 кг.).
Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш: Р.Эскерханов, М.Таипов, М.Магомадов. А.Гусигов.
Толамхой билгалбехира мидалшца, кубкашца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№19, бекарг (март) беттан 12 де, 2019 шо