Нохчийн пачхьалкхан А.-Хь.Кадыровн цIарахчу галерейхь вайн махкахь евзаш йолчу суьрташдахкархочун Дадакаева Элитин суьртийн гайтам схьабиллира хIокху деношкахь.
Цигахь дакъалецира Нохчийн пачхьалкхан галерейн директора Балатбиев ХIарона, Нохчийн Республикин халкъан суьрташдахкархочо Эльмурзаев Сайд-Эмис, Нохчийн Республикин халкъан артиста Исраилов Хож-Баудис, иштта Элитин гергарчара.
Гайтам схьабоьллуш, хьалхара дош олуш, вистхилира Балатбиев ХIарон: «Элитас дехкинчу суьртийн хIора гайтам шатайпа хуьлу. «Шира Соьлжа-ГIала» цIе йолу таханлера гайтам уггаре а мехала гайтам бу аьлла хета суна. ХIунда аьлча, цуьнан суьрташка хьаьжча, баккъал а, шира Соьлжа-ГIала дагайогIу, карлайолу хIетахьлера хан. ХIара гайтам вовшахтухуш Элитас дуккха а къахьегна хилар гуш ду. Лаьа, хьан дахарехь дуккха а кхиамаш хуьлийла», – элира цо.
Нохчийн Республикин халкъан суьрташдахкархочо Эльмурзаев Сайд-Эмис билгалдаьккхира, гайтаме дехкина суьрташ гуттар а чолхе хилла хилар. Цо лаккхара мах а хадийра цуьнан суьртийн.
«Со суьрташдахкархо волу кIезиг хан яц. ХIетте а, тахана а со сайн белхан говзанча ву ала ца хIутту, хIунда аьлча суьрташдахкархочун болх аттачарех бац, денна а керланиг довза а, Iама а хьажа веза. Оцу тайпана искусствон чолхечух цхьа кеп ю суьрташдахкар. Элитас диллина хIора сурт шатайпа ду. Цуьнан суьрташка хьаьжча хаало, цо шен хIора суьртана чу са диллина болх бина хилар», – элира цо.
Дадакаева Элита – Россин Федерацин Суьрташдахкархойн союзан декъашхо ю. Иза Веданан районерчу Гуьнахь йина ю. Соьлжа-ГIалахь №16 йолу школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, Элита деша яхара №1 йолчу берийн исбаьхьаллин школе. Иза кхиамца чекхъяьккхира цо. 1989–1990-чуй шерашкахь Ленинградехь Мухинан цIарахчу лаккхарчу исбаьхьаллин училищехь кечам баран курсашкахь Iемира Элита. 1991-чу шарахь дуьйна цо дакъалоцу гIалин, республикин, Россин, дуьненаюкъарчу гайтамашкахь.
Россин Федерацин Суьрташдахкархойн союзан цIарах делла дипломаш ду цуьнан. Россехь а, дозанал арахьа а болчу нехан долахь йолчу музейшкахь а ду Дадакаева Элитин суьрташ.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан сурт