Нохчийн Республикин тIемийн ветеранийн госпиталан терапин отделенин заведующин, лор-терапевтан Закараева Сацитин цIе баркаллица, сий-ларамца йоккху дархоша а, белхан накъосташа а.

Дархошца кIеда-мерза хиларца, цомгашчуьнга доггах хьажарца евзина цуьнан цIе.
Сацитас дарба динчо, шена бевза-безарш цомгаш хилча цунна тIехьовсабо, ткъа цара кхиберш.
2005-чу шарахь дуьйна госпиталехь болх беш ю Сацита.
Хьекъал, кхетам болуш, цIархазмана а доцуш, гIиллакхе, оьзда хиларна, белхан накъосташна, юьхьанца дуьйна а дукхаезаелира Сацита. Иштта, дархошна юкъахь а сиха гIараелира говзачу лоьран цIе.
Ткъа 2013-чу шарахь терапин отделени тешийра цунах. Жоьпе, деза дукъ тIедуьйжира цунна. Госпиталан куьйгаллина хаьара иза оцу декхарца ларор юйла.
ХIетахь дуьйна а диканиг бен, шех ала дош ца дуьтуш, хьанал къахьоьгуш схьайогIуш ю иза, ницкъ ца кхоош, садаIар доцуш, доггах къа а хьоьгуш. Шен отделенехь дарба деш болчу нахана оьшуш долу хьелаш хилийтар а, молха-маханца кхачояр а дика кхочушдо цо.
Сацитин амалехь дац ша-шен хестор а, ша нахана дина диканаш дийцар а.
Цо хаддаза хестабо шен белхан накъостий лор-терапевт Хаджиева Елизавета а, лор-кардиолог Берсанова Милена а, медйижарий а, санитаркаш а.
– Тхан коллектив чIогIа барт болуш ю, лоьраш шайн декхаршца дика ларош бу. Цул сов, дархошца кIеда-мерза, собаре бу уьш. Массеран амалш цхьатерра ца хуьлу, цхьаверг цомгаш хилча, муххале а, дера хуьлу. Ткъа лоьранна адамийн амалш йовза еза, хьаьнцца а бийца мотт каро хууш а хила веза. Цкъа дика цIе яккхийта хала дац, и цIе ларъян хьанал къехьега деза, – дийцира Сацитас.
Хьалхарчу дийнахь дуьйна а ша куьйгалла деш йолчу отделенина чу са диллина, дарбане сатуьйсуш, цига мел кхаьчначу цомгашчун хьал шен семачу тергонехь латтош, схьайогIуш ю, нехан дегнаш чохь шех лаьцна сирла ойла юьтуш болх беш йолу Закараева Сацита.
УСУМОВ Яхьъя
Суьрта тIехь юккъераниг: Закараева Сацита
№19, бекарг (март) беттан 12 де, 2019 шо