Республикехь дIадаьхьира Зударийн дуьненаюкъарчу денна лерина даздарш. Соьлжа-ГIалин театран-концертийн залехь дIабаьхьира дезачу денна лерина гулам.

Цигахь дакъалоцуш вара республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан, Правительствон Председатель Хучиев Муслим, Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Израйилов IабдулкъахIир, Правительствон Председателан заместитель – финансийн министр Тагаев Султан, Чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, Экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин советан секретарь Усмаев ВахIит, Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, кхиберш.
Бекарг (март) беттан 8-чу денца зударий декъал а беш, Р.Кадыровс билгалдаьккхира зудчо лелочу маьIнех лаьцна дийца дуккха а хилар.
– Доьзал кхиорехь а, чIагIбарехь а, вайн къоман гIиллакхаш лардарехь а, тIекхуьуш йолу тIаьхье кхетош-кхиорехь а зударша дIалоцуш йолчу меттигах дийцина а вер вац. Вай баркалла боху вайн наношна безамца а, тергоярца а цара вай кхиорна а, тIеман шерашкахь уьш къар ца луш схьабахкарна а, – элира Кадыров Рамзана.
Иштта, республикин Куьйгалхочо совгIаташ дира тайп-тайпанчу дакъошкахь билгалбевллачу зударшна.
Даздар дерзош зударийн денна лерина концерт гайтира Нохчийчоьнан артисташа.
Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь а дIадаьхьира Зударийн дуьненаюкъарчу денца доьзна заьIап бераш кхиош болчу зударшца цхьаьнакхетар.
Цигахь дакъалоцуш вара Парламентан депутат Нагаев Iаднан, Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, министран заместительш Абдулмуслимов Сайд-Селим, Гудаев Лоьма, Нохчийн Республикин халкъан поэт Яричев Iумар, иштта, юкъараллин а, динан а организацийн векалш.
– Вайн зударшка дика дош ала а, церан самукъадаккха а дика бахьана ду хIара де. Хьомсара зударий, шун ирсаьтто а, могашалла а, доьзалехь беркат а хуьлийла лаьа суна. Шун дахаран хIора а де хуьлда бекарг беттан 8-гIа де санна, – элира Д.Умаровс.
– Ас даггара декъалдо шу бIаьстенан зударийн дезачу денца. Шуна дерриге диканиг хуьлийла а, шун берриге лаамаш кхочушхуьлийла а, шу дуккха а дехийла а лаьа тхуна. Вайна массарна а хууш ма-хиллара, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадис ду ялсамани ненан когаш кIелахь хиларх лаьцна дуьйцуш. Шу дийна мел ду ялсаманийн неIарш тхуна йиллина ю, – элира I.Нагаевс.
Яричев Iумара а декъалбира зударий дезачу денца. Нохчийн зудчух лаьцна йолу шен байт йийшира цо.
Министра Умаров Джамбулата зезагаш делира заьIап бераш кхетош-кхиош болчу наношна.
Мероприятехь нохчийн эстрадин иллиалархоша а, берийн кхоллараллин тобанаша а концертан программа гайтира.
I.МУРТАЗОВ
№19, бекарг (март) беттан 12 де, 2019 шо