Бекарг (март) беттан 7-чохь Соьлжа-ГIалахь схьадиллина 4-чу клиникин хьалхара дакъа. Цигахь дакъалецира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Премьер-министра Хучиев Муслима, МогашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана, Россин Пачхьалкхан думин депутата Делимханов Адама, Россин коьртачу неонатолога – Санкт-Петербурган пачхьалкхан медицинин педиатрин университетан ректора Иванов Дмитрийс, кхечара.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира республикехь медицина кхиоран болх кхидIа а дIахьуриг хилар.
– МогашаллаIалашъяран белхахойх доьзна дуккха а хIума ду, амма коьртаниг – адамийн дахар. Цундела шу декхарийлахь ду шайн декхарш дан ма-деззара кхочушдан. ХIинццалц вайн республикин бахархой кхечанхьа боьлхура шайна дарба лаха, ткъа тахана вай долчу оьху кхечанхьара бахархой. Цо гойту оьшшу дарба дан вайн говзанчаш а, хьелаш а хилар, – элира цо.
Сулейманов Эльхана шен а, лоьрийн а, республикин бахархойн а цIарах баркалла элира Кадыров Рамзанна кIайчу духарийн белхахошна – лоьрийн а, дархойн а тергоярна.
– Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, хууш ма-хиллара, карара шо, хьан дIадолорца республикехь МогашаллаIалашъяран шо хилар дIакхайкхийна. Тахана вай схьайоьллуш ерг дуьххьарлера клиника ю – могашаллаIалашъяран шарахь дан а, схьаделла а леринчарах. Схьадоьллург 4-чу клиникин хьалхара дакъа бен дацахь а, иза 90–120 дархочунна леринчу корпусах а, поликлиниках а лаьтташ ду, – билгалдаьккхира министра.
Шен къамелехь Иванов Дмитрийс дийцира Россин кхийолчу субъекташкахь Нохчийчохь санна медицина кхуьуш цахиларх а, нохчийн лоьрашна а, дархошна а кхоьллина а, кхуллуш долу хьелаш цигахь цахиларх а лаьцна.
Цул тIаьхьа, доIа а дина, ламасте дирзина ма-хиллара, цIен аса хадорца схьадиллира клиникин хьалхара дакъа.
КхидIа, Сулейманов Эльхана ша хьалха а ваьлла, безачу хьешашна гайтира цигахь кхоьллина хьелаш.
Дагадоуьйту «Соьлжа-ГIалин 4-гIа клиника» проект кхочушъяр шина декъе декъне хилар. ШолгIачу декъехь белхаш хIинц-хIинца дIаболо лерина бу. Ткъа схьадиллина долу хьалхара дакъа 5 гIат йолчу поликлиниках а, 5 гIат йолчу акушеро-гинекологин корпусах а лаьтташ ду.
Р.ВАЧАЕВ
№19, бекарг (март) беттан 12 де, 2019 шо