Чекхдаьллачу шарахь Нохчийчу 147 эзар турист веана. 2017-чу шарца дуьстица, билгалдолу церан барам 19 процентана алсамбаьлла хилар. Иштта хаам бина республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ВКонтакте чуьрчу шен агIонехь.

«Суна чIогIа хазахета вайн пачхьенехь Соьлжа-ГIалахь а, лаьмнашкахь а, иштта кхийолчу меттигашкахь а туристаш гуш. 2018-чу шарахь 19 процентана алсамбаьлла церан барам. Оцу шеран 12 баттахь республике 146 670 турист а, экскурсант а веана. Уьш Чинера дIа Iамаркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн биста кхаччалц бу. Хазахета иза иштта долуш!», – яздина цо.
Шен йозанехь цо иштта билгалдоккху Нохчийчоь туризман йоккха тIаьхьало йолуш мохк хилар а, туристашна кхузара Iаламан а, архитектурин а хIолламаш а, хенан хIоттам а, истори а, шатайпа культура а, цIеяххана долу нохчийн хьошалла а хазахеташ хилар.
«Туризман инфраструктура кхиорехь жигара къахьоьгуш ду вай. Нохчийчохь йина а, болх беш а яккхий а, кегий а курорташ ю – «Ведучи», «Кезеной-Ам», «Нихалойские водопады», «Серноводск-Кавказский», «Ахки-ТIай». Цига оьхуш болу туристаш денна а алсамбовлуш бу. Ткъа вайн Iалашо хIун ю – Нохчийчоьнах Россехь а цIеяххана йолу туризман туш яр. Оцу Iалашоне вай кхочург хиларан цхьа а шеко яц сан!», – олуш, чекхдоккху республикин Куьйгалхочо шен йоза.
И.ИСЛАМОВ
№19, бекарг (март) беттан 12 де, 2019 шо