Нохчийн боккхачу, оьздачу кхерчахь хьалакхиъна Абдулазиева Сайсан жимачохь дуьйна бераш дукхадезаш яра. Бераллехь а цуьнан чIогIа самукъадолура шен йижаршца «школах» а, «берийн бешах» а ловзуш.

ХIара даима а «хьехархо» хуьлура, ткъа кхуьнан кегий йижарий а, кхеран лулара зудабераш а Сайсанан «дешархой» хуьлура. ЙоIана чIогIа дукхабезара и «болх».
Цундела, цхьа а цец ца велира, кхиамца Iалхан-ГIалара юккъера школа чекхъяьккхина яьлла Сайсан Нохч-ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан университетан филологин факультете деша яхча.
КIорггера Iамийра цигахь нохчийн мотт, литература. ТIаккха ша дешначу школе юхайирзина, ткъех шарахь сов, хьехархочун болх бира, дешархошна ненан меттан хазалла, литературин исбаьхьалла йовзуьйтуш.
Абдулазиева Сайсанна школехь доьшуш йолуш дуьйна а чIогIа дукхаезара Бадуев СаьIидан а, Мамакаев Мохьмадан а, Мамакаев Iаьрбин а, Арсанов СаьIид-Бейн а, Сулаев Мохьмадан а, Айдамиров Абузаран а, иштта, дуккха а кхечу нохчийн яздархойн а башха кхолларалла. Цундела берашка а дIакховдийра цо нохчийн яздархойн кхолларалле болу шен ховха безам.

Сайсанан хиллачу дешархошна юкъахь, шайна дукхаезачу хьехархочух масал эцна, тахана Iалхан-ГIаларчу школашкахь нохчийн мотт, литература хьоьхушберш бу.
ПохIмечу хьехархочух даьлла беркат ду аьлла хета иза. Стаг шен меттехь хилча, цо болх цIеначу даггара бо, ша динчу диканийн беркате жамI хилийта лууш, кханенан ойла еш. ТIаккха цунах массарна юьхькIам а хуьлу. Тахана Iалхан-ГIаларчу №1 йолчу берийн бешахь болх беш ю Абдулазиева Сайсан.
2013-чу шарахь дуьйна кхузахь куьйгалхо ю иза. Грозненски кIоштахь тоьллачарех цхьаъ ларалуш ю и беш. Ялх тобанехь 189 бер ду берийн бешахь, 47 белхахо ву. Царах 16 стаг хьехархочун корматалла йолуш ву. Цундела атта ду берашца кхетош-кхиоран болх дIабахьа.
Белхахошна хаьа мел кегий делахь а, берашца болх дIабахьа, цаьрца къамелаш дан. Берийн бешахь психолог, музыкант ву берашца болх беш. Исламан баххаш довзуьйтуш хьехархо ву.
Кхо шо кхаьчча даладо бер берийн беша, ворхI шо кхаччалц цигахь кхиадо иза. Деа шарахь Iамадо бераш кхидIа долчу дахаре гIулчаш яха, шайгахь йолчу таронца школе дахийта кечам а бо. Вайн махкахь билгалдохучу дерриге а дезачу деношна лерина даздарш дIахьо берийн бешахь.
Берашка байташ, эшарш Iамайойту, дайшна, наношна хьалха концерташ хIиттайойту. Леррина тидам тIебохуьйту Абдулазиева Сайсана шена хьалха долу бераш ийманехь а, нохчийн оьздачу гIиллакхца а кхиорна.
2017-чу шарахь марха досту денош гергакхочуш цо шен берийн бешахь долу бераш «Нохчийчоьнан дог» маьждиге дигира.
2018-чу шарахь Толаман Де тIекхочуш, Соьлжа-ГIаларчу «Сийлаллин Алее» далийра. Нохчийн къоман историх дерг довзийта кест-кеста ХьалхаМартантIерчу «ДIонди юрт» музей а дуьгу уьш. Кхетошкхиоран болх иштта дIахьош хиларна ду аьлла хета оцу берийн бешара бераш хьекъале а, хьуьнаре а.
2018-чу шарахь вайн махкахь дIаяьхьначу «Юные Таланты» республикин конкурсехь дакъалоцуш дара кхузара бераш. Ялх шо кхаьчначу Элимбаева Селимас «къона хореограф» номинацехь 1-ра меттиг яьккхира. Пхи ши кхаьчначу Исаева Саминас «Юный чтец» номинацехь 2-гIа меттиг яьккхира. Баьхначу толамех тоам бина, тахана а сапаргIат Iаш яц Сайсан. Даггара къахьоьгу цо шена хьалха долу бераш халкъана, махкана пайдехь кхио лууш. Иза дика кхета таханлера бераш къоман кхане хиларх.
«Таханлера синтарш ховхачу безамца ца кхиадахь, кхана цара белла стом чомехь хир бац», – боху Абдулазиева Сайсана.
А.АЗИЕВА
№19, бекарг (март) беттан 12 де, 2019 шо