«Дай-наноша ЕГЭ дIаяларан юкъара де»
Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон а, Рособрнадзоран а дIадолорца Соьлжа-ГIалин №50 йолчу школехь акци хилира «Дай-наноша ЕГЭ дIаяларан юкъара де» аьлла.

Иза оьрсийн меттан экзамен яра.
Оцу гIуллакхехь дакъалецира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела Ахмадов Шаида а, Соьлжа-ГIалин мэрин Дешаран департаментан хьаькама Хатуев Руслана а, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала а, ткъа иштта хIокху шарахь школехь дешна бовлучу дешархойн цхьамогIа дай-наноша а.
Дешаран а, Iилманан а министерствон пресс-службо хаам ма-барра, гIуллакх кхочушдаран Iалашо яра экзаменаш дIалучу дешархойн дайнаношна экзамен дIаяларехь долу хьал уллера довзийтар.
Оцу гIуллакхехь дакъалаьцначеран ницкъ кхечира ЕГЭ-н тIедахкаршца ларон: регистрацех чекхбовла а, бланкаш дIаязъян а, пачхьалкхан экзаменехь терго муха латтайо хьажа а, экзаменан материалашна зорба муха туху а, уьш муха хоржу а хьажа а.
Церан аьтто хилира оьрсийн меттан ЕГЭ дIаяларехь хиндерг довза. Оцу гIуллакхна 30 минот хан бен ца ийшира, амма дуккха а хаттарш а, шеконаш а дIаяхарехь пайдехь хилира и гIуллакх кхочушдина хилар.
Министра Байханов ИсмаьIала баркалла элира оцу гIуллакхехь дакъалаьцначу дешархойн дай-наношна, ткъа дешна бовлучу дешархойн хинйолчу экзменашкахь аьтто хуьлийла шена лууш хилар хаийтира.
«World Skills Russia» чемпионатан регионан жамIаш дина
Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствехь «World Skills Russia – къона говзанчаш» регионан IV-чу чемпионатан финалисташ дакъалбар дIадаьхьира.
Вайн республикин ерриге а техникумийн, колледжийн студенташа дакъалецира оцу проектехь. Конкурсан зерех чекхбевлира царна юкъара тоьлларш. Кхаа дийнахь жамIаш деш болх бира комиссин декъашхоша.
Дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала баркалла элира оцу чемпионатехь дакъалаьцначу студенташна а, жюрин декъашхошна а.
– Шух хIорамма а юьхькIам болуш дакъалецира шайн колледжийн а, техникумийн а цIарах. Дика хаарш а, даггара бина кечам а гира тхуна. Регионан муьрех чекхбевллачу студенташа Россин чемпионатехь а, иштта толамаш бохийла луур ду вайна. Корматаллин дешарна тIехь кхиамаш хуьлда шун, – элира И.Байхановс.
«Корматаллин хьуьнарш гайтарна «World Skills Russia – къона говзанчаш» регионан чемпионатан толамхошна Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон дипломаш делира.
Регионан чемпионатан толамхоша хIокху номинацешкахула меттигаш ехира: «Сваркин технологеш»: 1-ра меттиг Нохчийн пачхьалкхан колледжан студента Таштамиров Мохьмада, 2-гIа меттиг Устрада-ГIалин пачхьалкхан механикин-технологин техникуман студента Хасиев Аюба, 3-гIа меттиг Нохчийн индустрин техникуман студента Гайтамиров ИсмаьIала яьккхира.
«Кегийчу машенийн хьашташ кхочушдар а, ремонт яр а» номинацехь: 1-ра меттиг Устрада-ГIалин пачхьалкхан механикин-технологин техникуман студента Абубакаров Мансура а, 2-гIа меттиг Нохчийн пачхьалкхан колледжан студента Товзырханов Рашида а, 3-гIа меттиг Соьлжин пачхьалкхан колледжан студента Альмадов Iийсас а яьккхира.
«Кибарчиг йоттар» номинацехь: 1-ра меттиг Невран кIоштан Гал-ГIалин юьртабахаман механизацин техникуман студента Умаров Рамзана а, 2-гIа меттиг Соьлжин аграрин техникин колледжан студента Гадаборшев Мохьмада а, 3-гIа меттиг Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан университетан студента Сардалов Сайд-Хьамзата а яьккхира.
«Юьхьанцарчу классийн хьехархо» номинацехь: 1-ра меттиг Гуьмсан С.Джунаидовн цIарахчу хьехархойн колледжан хьехархочо Асхабова Рованас а, 2-гIа меттиг Соьлжа-ГIалин хьехархойн колледжан студенткас Бельтиева Хадижата а, 3-гIа меттиг Нохчийн пачхьалкхан университетан колледжан студенткас Гайрбекова Мадинас а яьккхира.
«Медицинин а, социальни а хьашташ кхочушдар» номинацехь: 1-ра меттиг Нохчийн медицинин колледжан студенткас Дилаева Лайлаа, 2-гIа меттиг юучун индустрин а, сервисан а, урхаллин техникуман студента Хусанов Мохьмада а, 3-гIа меттиг Нохчийн энергетикин техникуман студенткас Бетмирзаева Иманис а яьккхира.
Word Skills Russia чемпионатан финальни мур схьабеллар дуьненан 45-гIа чемпионат схьаеллар ГIезалойчоьнан пачхьенехь (Казань гIалахь) дIахьур ду.
Информатикехула Пачхьалкхан коьрта экзамен дIаелла
Вайн Республикин школашкарчу 200 гергга дешархочо Пачхьалхкхан коьрта экзамен (зеран) информатикехула дIаелла хилла. Иштта хаамбо Дешаран а, Iилманан а министерствон пресс-службо.
Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетехь дешархой Пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечбаран проектан гурашкахь йолчу кIирандийнан программехь информатикехула долу 23 тIедиллар кхочушдира.
Иза вовшахтоьхначара дийцарехь, юьхьанца дешархошна юкъахь информатикин декъехула универсиада дIаяхьа лерина дара, амма, тIаьхьа, олимпиадин мехха Пачхьалкхан коьрта экзамен дIаяларан сий лакхадаккхарца догIу аьлла дитира информатикин экзамен дIаялар.
Белхаш дика кхочушбинчу дешархошна бонусан баллаш лур ю олимпиадин толамхошна санна, иштта, мехкадаьттан техникин университете деша боьлхуш царах гIо хир ду дешархошна.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№19, бекарг (март) беттан 12 де, 2019 шо