«Дависа хьан, оьздангалла,

Акташ-Аух

хьо массаьрца хIунда яц-те?!», – хийлла коьрте догIу ширачу илли юккъера и дешнаш. Цунна бахьана ду шайца гIиллакх-оьздангалла йоцу я, йолу керла нах  бовзар.

Ас цIе ца яккхахь а, сан дийцаран турпалхочунна ша вовза тарло. Вевзича а, цунна башха бен хетар ду аьлла-м ца хета… Иза дара 2013-чу шеран бIаьста. Дагестанерчу Акташ-Аух юьртахь Нохчийн меттан денна лерина цхьаьнакхетар ду аьлла кхайкхинера тхо. Хуьлуш ма-хиллара, телевиденин белхахой шаьш (шайн машенахь) дIабоьлху ишттачу метте. Ткъа зорбанан а, интернетан а изданийн корреспонденташ – шаьш. Ма-дарра аьлча, цхьаьнакхетар вовшахтухучара  машенахь дIабуьгу уьш (нагахь гена некъ бан безаш хилча). Мукъа де а доллушехь, тхайн министерствон тIедиллар а доццушехь дахнера тхо цу дийнахь. Билгалдаьккхина цхьаьнакхетар вовшахтохарехь дакъалоцуш йолчу цхьана юкъараллин организацин председатела шуьйрачу хаамийн гIирсийн редакторшка телефон а тоьхна, цхьацца корреспондент ваийта аларна. Билгалдаккха деза и накъост редакторшна хьалхе дуьйна вевзаш хилар. Цундела кхаьчнера со а, соьца цхьаьна «Грозный-информ» агентствера кхин цхьа корреспондент а Дагестанерчу нохчийн юьрта. Бакъдерг аьлча, хазахета а ваха мегар долуш меттиг яра иза. Делахь а, оцу стага тхоьца ца хIоттийначу гIиллакхо дерриге а  дойъура.

Акташ-Аухара шена вевзачу накъосте Iумаре тхо машенахь дIадига аьллера лакхахь хьахийначу организацин куьйгалхочо (дийца атта хилийта, Руслан аьлла цIе туьллур ю вай цунна). Руслане хьежар дахделлера тхан. Цхьаьнакхетаре тIаьхьадуьсуш лаьттара. Эххар, тхо дIадига ваийтинарг схьакхечира. Тхо ши корреспондент воцург, кхин ши стаг а вара цуьнца. ГIеххьа некъ бинчул тIаьхьа, Акташ-Аухе дIакхечира тхо. Некъ юьрта чу боьрзучехь совца лиира, хIунда аьлча, бIаьргашна хьалха хIоьттина сурт дийцина ца валлал хаза дара. Басах чухьаьжча, кера юккъехь санна гуш яра башхачу Iаламна юккъехь Iуьллу юрт. Геннахь гора шен когех дохк хьерча лекха лаьмнаш, бамбанах таръелла яьржина мархаш, керла хьаладевлла аренан зезагаш санна цхьабосса лаьтта цIенош а. Оцу хазаллех дог-бIаьрг а Iабийна, юьрта чу дахара тхо. Цхьаьнакхетар доладелла-м дикка хан хиллера. Цигарчу дешархоша шатайпа аларца юьйцучу нохчийн стихотворенешка, лоькхучу эшаршка хазахетарца ладоьйгIура хьовсархоша. Нохчийн маттах лаьцна дийца луурш дукха хиларна, гIеххьа дахделлера цхьаьнакхетар. Концертан программа чекхъяьллачул тIаьхьа, юьртарчу спорткомплексе дигира тхо, цигахь мовлад доьшуш ду аьлла. Тхаьш схьадалийначу машенахь юха а дуьгур ду моьттучу оха башха са ца гатдора цIадахарна. Тхуна-м ца хаьара тхо схьадалийна Iумар Соьлжа-ГIала воьдуш воций а, тхаьш Руслана цIадига дезаш дуй а. Иза тIаьхьуо бен ца хиира. Мовлад доьшучу дахна, сагIанах кхийтира тхо. Цигахь Руслан лийхира Iумара. Телефон дIа ца кхийтира цуьнга. ТIаккха «вайнарг» схьакараваллалц аьлла (иза-м мичахь ву а ца хаьара, Iумара шен цIадигира тхо. ХIунда аьлча, ламаз хьелуш дара, новкъахь лаьттийла а дацара.

Нохчийн ширачу иллешкахь, туьйранашкахь ма-дийццара, хьаша-да тIеэцаран хаза гIиллакх гайтира Iумаран хIусамехь болчара (халахеташ делахь а, церан фамили йовзаза йисира). Ламазаш дина, чай мелла, Руслан зIене валаре хьоьжуш Iара тхо. Цкъа-делахь, суо бен кхин йоI тхайца цахиларна, хала дара суна, шолгIа-делахь, де суьйрене ластарна, цIенна генахь хиларна сагатдора. ЦIадаха дезарна сагатдеш тхойшиъ бен (со а, лакхахь вийцина корреспондент а) цхьа а цахиларна шекдевлла, хаьттича, вуьш-м буьйса йоккхуш Акташ-Аухахь совцуш хиллера. Шайн хIусамера тхо арадовлуш, дуьххьара шайга еана хиларна, суна совгIатна Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахарх лаьцна йолу жайна делира хьошалла динчара. Эххар, Руслане хьежарх гIуллакх ца хилла, мовлад дешначу керта юхадахара тхо. Цига кхаьчча кхийтира тхайга хIумма а ца олуш, Руслан дIавахний… Хаьттича, Соьлжа-ГIала йоьдуш цхьа а машен ца йиснера. ПхоьалгIа сахьт доладелла хан яра, шийла де а дара. Эххар а догIа а доладелира. Шен гIуллакхна кхайкхина тхо (корреспонденташ) луларчу республике хьовха, цкъа а кхачаза долчу генарчу юьрта дигна, цигахь тхо охьакхиссина дIавахнера Руслан. Дависа цуьнан, шен сел чIогIа гIаддайна хьал хиллехь, «хьовсийша, дукхадахарш, шу дIадигар ца хуьлу сан» аьлча, кхетар доцуш а ма дацара тхо!.. ХIан-хIа, иза а ца элира  «Шу хьийза-м дира ас, кхуза дахкарна Дела реза хуьлда» а ца элира Ишттачу меттехь дукха цецваларна ала дош а доцуш вуьсу…

Iумара а, цуьнан накъосташа а Соьлжа-ГIала йоьду машен лехарх гIуллакх ца хилира. Уьш-м хьошалла дина, тхо шайга дIадига гIертара. Амма Iан йиш яцара. ГIаддайна лаьтта тхо гина, вистхила тIевеара оьздачу аматехь волу цхьа стаг. Иза Дагестанан Казбекски районан депутат волу меттигера вахархо Умаев Iусман хиллера. Тхоьгарчу хьолах кхетта Iусман, Руслан бехказа  воккхуш, хаза вистхилира тхоьга. Дига деззачу метте ша дIакхачор ду элира. ТIееана суьйре йолуш, догIуш догIа долуш, кхечу республикехь, хийрачу юьртахь дисинчу тхуна цуьнан дешнех мел кхаъ хиллера дийца а оьший-те?! ЦIадахарх дог диллинчу тхуна доккха совгIат дара иза. Новкъахь Iусманца хиллачу къамелехь хиира тхуна Нохчийн меттан денна лерина цIей цо вовшахтоьхна хилар. ХIора а шарахь Нохчийн меттан дийнахь а, Нохчийн зудчун дийнахь а, иштта кхидолчу дезденошкахь а цу тайпа цхьаьнакхетарш вовшахтухуш, мовлад доьшуьйтуш хилла Умаев Iусмана. Дагестанехь Iаш болчу нохчийн цо йоккха терго еш хиларх кхийтира тхо. Соьлжа-ГIала  Зорбанан цIенна хьалха схьадалийра тхо Iусмана. Оьшучу хIуманна тIехь ша накъост ву шуна, аьлла, шен телефонан номер а елла, дIавахара иза. Цо хIоттийначу гIиллакхо, цуьнан оьздангалло лар йоцуш яйъира Руслана йина вас. ТIаккха юха а дагадаьхкира ширачу иллин бакъдолу дешнаш: «Дависа хьан, оьздангалла, хьо массаьрца хIунда яц-те?!..». Дахарехь йоккхург башха дукха хан ца хилча, вай дерриге а бакъдуьнене дерза дезаш хилча, хала ду-те вовшашца оьзда, кIеда-мерза хила? Хала ду-те гIиллакх лело?.. Ахь хIоттийначу  гIиллакхо  стагана до хазахетар а тоьар ма дара, кхин мах ца бийцича а!

А.МУСАЕВА

Авторан суьрта тIехь: Дагестанан Акташ-Аух юрт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: