Чиллин (февраль) беттан 26-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнан актови залехь даздира филологин Iилманийн кандидатан, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь культурехула йолчу а, къаьмнийн юкъаметтигийн юкъараллин-консультативни а Советийн декъашхочун, республикин Iилманийн академин фольклоран а, литературин а секторан куьйгалхочун Мунаев ИсмаьIалан 70 шо кхачар.

Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос.
Цигахь дакъалоцуш бара федеральни а, республикин а пачхьалкхан урхаллин, Парламентан, республикин Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин векалш, луларчу республикашкара Iилманан белхахой, нохчийн халкъан артисташ.
Мероприяти дIахьош хиллачу Хурцаева Элизас дуьйцура: – «Ненах лаьцна довха дешнаш яздина И.Мунаевс. Вевзаш волчу Iеламстеган Жамалдин йоI яра ИсмаьIалан нана Рукъехьат. Цунна дукха туьйранаш, шира дийцарш хаьара. Уьш берашка дуьйцура цо. ИсмаьIалан да Булач даьхнилелорхо вара (цуьнан дедас шен доттагIчун Булачханан сийдеш тиллина яра и цIе). Нагахь санна ГIойтIара цхьаъ юьртара аравала дагадеана велахь, цо иза Iуьйрре Булача шен даьхни дIалахкале дан дезаш хуьлура (даьхни дукха хиларна). ИсмаьIалан ялх да ХьаьжцIахь хилла ву. Царах цхьаъ Дама ламанхойн дозуш цахиларехь бечу тIамехь кхелхина».
Элизас хьалхара дош юбиляре делира.
«Лараме хьеший, доттагIий, белхан накъостий, шу марша догIийла. Кху чохь сан гергарнаш, доттагIий бу, шу ца хиллехьара со а хир вацара, ас даггара пусар до шун. ХIара мероприяти ян еза аьлча, дуьхьал вара со. Амма, бераша а, накъосташа а шайна чIогIа оьшуш а, деза а ду сан доттагIий а, вайн дайша лелийначо хIинцалерчу чкъурана синан Iаткъам бар а гар аьлча, реза хилира. Суна эхь хета айса кIезиг гIуллакх дарна, вайн халкъана оьшуш долчунна кхин а доккха дакъа юкъадилла дезаш дара. Суна ала луур дара вайн халкъан культурина тIеIаткъам бечух. Пачхьалкх йиллар чIогIа хала а, дукха агIонаш йолуш а гIуллакх ду. Суна хетарехь, АллахIа къинхетам бина вайн халкъах, Цуьнан пурбанца, Нохчийн Республикин хьалхара Президент А-Хь.Кадыров а, хIинцалера Куьйгалхо Р.Кадыров а бахьана долуш ду вай хIокху хьолехь. Цунах кхета деза вай. Сан кхиамаш а царах боьзна бу. Суна тIехIуьттуш йолу проблемаш и куьйгалхой бахьана долуш шашах дIайовлура. Вайн халкъан хиндолчунна кхерам болуш, хала хан яра иза. Референдум дIаяхьар бахьана долуш, пачхьалкх йилларна бух биллира. Цул тIаьхьа хиллачу дахаро гайтира вай хаьржинарг нийса некъ хилар. Тахана вайн аьтто бу Куьйгалхочунна дашца а, гIуллакхца а, бечу балхаца а накъостий хила а, республикин дерриге а дакъошкахь долу хьал тодан а. Болх муха бан беза гойтуш, вайна дика масал хилла лаьтташ ву вайн республикин куьйгалхо. Эзарнашкахь туристаш оьхуш, хазъелла дIахIоьттина вайн гIала. Цуьнан вай хама бан беза. Вай къахьега деза ламасталлин халкъан культура денъярехь а, нохчийн мотт ларбарехь а. Оцу декъехь а вайна масал ду вайн куьйгалхо. Иза массанхьа а вайна гIо дан гIерта, вай цуьнан накъостий хилла дIахIитта деза. Ишттачу ойланехь веха со. Сан ирс хилла А-Хь.Кадыровн а, Р.А.Кадыровн а бIанакъост а, шун тешаме лай а хила. Сан аьтто хилла дахарехь дика доттагIий нисбелла, суна юххехь даима а тешаме накъостий хилла», – элира И.Мунаевс.
Цул тIаьхьа вистхилира Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитель Жамалдаев Шаид. Цо элира: – «ИсмаьIал, бакъдолуш, вайн халкъаца доьзна долу муьлхха а хIума деза хеташ ву. Вайна бохаме даьхкинчу 90-чу шерашкахь, шина майданахь лаьтташ хиллачу нахана юкъахь маслаIат дан, уьш кхето гIерташ, къахьоьгуш вара. Грозненски кIоштахь дукха хIолламаш бу. ТIом болчу хенахь, со оцу кIоштан куьйгалхо волуш, кеманаша а, яккхийчу тоьпаша а тIееттачу хенахь хIолламаш боха ца байта араваьлла лелла ву, цIеначу даггара, цхьана а хIумане са ца туьйсуш. Везачу Дала тхуна вахавойла хьо ИсмаьIал. Хьекъал долчу стагана гуш а, дезаш а ду хьуна ахь лелош дерг. Дала мукъ лахь, вайн тIаьхьено мах хадор бу хьан къинхьегаман».
Цул тIаьхьа вистхилира Роскомнадзоран Къилбаседа Кавказан федеральни округан урхаллин куьйгалхо Поляничев Дмитрий. Цо элира: – «ИсмаьIал, культурин тIаьхьалонийн гIайгIабеш, кхоллараллин стаг велахь а, шен дахаран цхьа дакъа пачхьалкхан гIуллакх дарна дIаделла ву. ХIетахь вевзина тхойшиъ. Цо вовшахтоьхна ю республикехь болх беш йолу урхалла. Луур ду, ИсмаьIал, даима а, иштта могаш волуш, хьо вехийла».
РАН-н гуманитарни талламийн институтан ГIебартойн-Балкхаройн Iилманан туьшан коьртачу Iилманан белхахочунна Гутов Адамна дош делира.
«Шун хилла ца Iаш, ИсмаьIал тхан а ву, – бохура цо. – ХIунда аьлча, тхо белхан накъостий ду, цхьа гIуллакх деш. Нагахь санна цо иза охачул дика дахь, иза тхан бехк бац, цуьнан кхиам бу. ИсмаьIал сол жима велахь а, иза ас язйинчу монографин редактор хилла ву. Дуккха а халонаш тIеIитталуш бина ИсмаьIала дахаран некъ, тIаьхьарчу шерашкахь нохчийн халкъо лайнарг дуьззина хьакхаделла цунах. Цкъа а цхьана а меттехь сий ца дожош чекхваьлла иза ерриге а халонех. Цхьаьнцца а хьагI-гамо йоцуш а, гIоьртина воцуш а ваьхна. Шен даго хьоьхург дора. Ткъа даго хьоьхург нохчийн халкъана оьшург дара. Со ца гIерта ИсмаьIална юххе а хIиттина къахьегначу нехан къинхьегаман мах лахабаккха, ИсмаьIала зорбатохийтина нохчийн фольклоран 8 том иттех шарахь гулйина Нохчийчоьнан массо а маьIIе воьдуш, республикин гуонахарчу ярташка а воьдуш. Гулйина ца Iаш, халачу хьелашкахь лар а йина иза нохчийн халкъана, Iилманна, вайн культурина. ХIора халкъан культура дуьненан культурин цхьа мехала дакъа хилла дIа ца хIоьттича, хIокху дуьнен тIехь дахар хир дац. Цунна къахьоьгуш ву И.Мунаев. Цуьнан Iалашо яц гIаравала, я хIуманна сатесна а ца до и гIуллакх. Со тешна ву иттаннаш, бIеннаш шераш дIадевлча цо арахецна нохчийн фольклор нохчийн халкъан хIоллам хилла дIахIуттург хиларх».
Абхазин Республикин Iилманийн академин историн институтан директоран заместитела Гумба Гурама, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела К.Ибрагимовс, РАН ДНЦ меттанийн, литературин, искусствон институтан нийсаяздаран талламийн отделан Iилманан белхахочо Магомедов Мохьмада, Хь.И.Ибрагимовн цIарахчу Комплексан Iилманан-талламийн институтан директора, Нохчийн Республикин академин академика, профессора, техникин Iилманийн доктора Батаев Денис, нохчийн меттан хьехархочо Дамбаев Хьамзата, кхечара а билгалдоккхура И.Мунаевс нохчийн халкъан фольклор, истори, искусство Iалашъярехь а, кхиорехь а динарг доккха гIуллакх хилар.
Цхьаьнакхетар хаздинера нохчийн халкъан артисташа Паскаев Рамзана а, Абдурашидова Кузанис а, «Илли» тобано а дIааьллачу иллеша, эшарша.
Л.ИБРАГИМОВА
№19, бекарг (март) беттан 12 де, 2019 шо