Магомаев Iабдулмуслим нохчи хилла

1919-чу шеран бекарг (март) беттан 7-чу дийнахь Баку гIалахь йолчу оперин театрехь премьера хилла. Дукха башха хIоттийна «Шах Исмаил» хилла гойтуш. Дукха адам гулделла премьере. Оркестран дирижер оперин автор Магомаев Iабдулмуслим хилла. Иза цуьнан дуьххьарлера опера ю.

ХХ-чу бIешеран юьххьехь Кавказехь гIараваьллачу композитора дукха къахьегна оцу дикане кхача гIерташ. Азербайджанан культурин кхиам хилла ца Iаш, ерриге а исламан малхбалехь мерза кхаъ хилла дIахIоьттина опера, вайн махкахочун къегина похIма бахьанехь. ХIинца а малхбален къаьмнийн цхьайолчу театрашкахь хIоттош ю Iабдулмуслима язйина «Шах Исмаил» опера.

Магомаев Iабдулмуслим нохчи ву. Цуьнан да Махьмин Мохьмад Йоккхачу АтагIара хилла, тайпана вашандаро а волуш. Къилбаседа Кавказехь цIе йоккхуш пхьар хилла иза, герз деш, шел говза пхьар вайн махкахь ван а воцуш. АтагIара охьавеана Соьлжа-ГIалахь Субботниковн цIарахчу урамехь Iаш хилла иза.

Цуьнан ялх бер хилла. Кхо кIант, кхо йоI. Кхаа кIанте цо дешийтина. Ткъа Iабдулмуслим СоьлжаГIалара школа чекхъяьккхина ваьлча Гуьржийн махка хьажийна кхидIа а дешийта, Гори гIалахь йолчу хьехархойн семинаре.

Пхийттараваьлла Iабдулмуслим 1900-чу шарахь Гуьржийчу ваха новкъа волуш, Даймахке болчу безамца, халкъана, махкана диканаш дан хьаьгначу ойланца, сирлачу Iалашонца дог дуьзна вара. Хьехархочун говзалла караерзийна цIавирзича, вайнехан берашна школа схьаелла дагахь а хилла иза.

Соьлжа-ГIалахь гIуллакх ца хилахь а, Йоккхачу АтагIахь шега иза схьайоьллуьйтург хиларх тешна хилла. Амма, цунна моьттург аьттехьа а ца хиллера.

1904-чу шарахь хьехархойн семинари кхиамца чекхъяьккхина цIавирзинчу Iабдулмуслимна Соьлжа-ГIалахь болх ца хилира. Керста динехь долчу бераша доьшучу школехь, бусалба динехь волу хьехархо магош вацара оцу хенахь. Ткъа нохчийн ярташкахь школа йиллийтар доьхуш цо яздина кехаташ жоп доцуш дисира. Къона говзанча оьшуш стаг вацара кху махкахь, нохчийн къомана къаьхьачу гIайгIанийн буькъачу боданца садукъдеш еанчу заманахь.

КхидIа долчу дахарна, доьзална напха лахарна амал ша бан безаш хилира жима стаг. Гуьржийчохь доьшуш волчу хенахь цунна вевзинера, тIаьхьо Азербайджанехь гIараваьлла композитор хинволу Гаджибеков Узейра, «Аршин мал алан» музыкальни комедин автор. Да-нана Азербайджанехь Iаш делахь а, схьавалар жIайхойх долуш вара Узейра.

Бахьана и делахь, а я вовшийн амалш тайнехь а, хьалхарчу курсехь дуьйна чIогIа доттагIалла тасаделлера шина кIентан. Дуьххьара хезачунна мел тамашийна хетахь а, дуьнен чу валар а цхьана шарахь, цхьана дийнахь 1885-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 18-чу дийнахь хиллера цу шиннан. Уьйр-марзо Iаламат чIогIа а яра цуршиннан.

ВижаргIаттар, чу-ара валар а даима цхьаьна дара. Дерриге а дахарехула чекхдоккху цушимма и гергарло. (ТIаьхьо Гаджибеков Узейра Москвахь консерваторехь доьшуш волуш, Iабдулмуслима кест-кеста ахчанца гIо-накъосталла до шен доттагIчунна). Кхин цхьа бахьана дара и довха гергарло чIагIдеш – и шиъ сема лерса (музыкальни слух) долуш вара.

Ткъа хIорш доьшуш болу семинари низам чIогIа долуш яра. Хьехархойн говзалла караерзорал сов, студенташ декхарийлахь бара цхьа-ши мукъамийн гIирс Iамо. Дукхахболчу студенташна ца дезара мукъамийн гIирсаш Iамош долу дарсаш. Ткъа Iабдулмуслим а, Узейра а алссам хан оцу гIирсашца йоккхуш вара.

Iад-хьокху пондар, виолончель, кларнет Iамайора цара. КIорггера Iамадора музыкин баххаш, Iамайора нотин хьаьркаш. Исбаьхьачу мукъамашка безам кхоллабеллера шина кIентан. Цундела, дукха тамашийна ца хета Соьлжа-ГIалахь Магомаев Iабдулмуслимца хьаькамаша хIоттийна чорда кеп ма-ярра Узейрана хаар, цуьнан кхоламехь доттагIчо жигара дакъалацар.

Шен доттагIчунна Нохчийчохь белхан меттиг нисъян сихвелла стаг воцийла хиъначу Узейрас Азербайджане дIакхойкху Iабдулмуслим. Иштта нисделла вайн махкахочун Даймахках валар. Ца ваьлла дIатесна цо дай баьхна латта.

Соьлжа-ГIалина 6 бIе чаккхарма гена йолчу Ленкоранехь 1905-чу шарахь дIаболийра Магомаев Iабдулмуслима шен къинхьегаман некъ. Каспий-хIордан йистошца Iуьллуш яра и гIала. Цигахь Iедалан дайша мукъамийн школа схьаеллар тIедиллира Iабдулмуслимна.

Школа схьайиллина ца Iаш, Азербайджанан халкъан иллин, ерриге а Кавказехь шуьйра гIараяьлла, цIарна цIеяхана хор вовшахтуьйхира цо. Халкъан мукъамийн гIирсийн оркестр вовшахтуьйхира. Ткъа уггаре а коьртаниг, Ленкорань Iаламат беркате хилира цунна керла мукъамаш бахарна.

Семинарехь доьшуш волуш, цхьацца кечамаш беш а, мукъамаш даха дагахь йозанан хьаьркаш дIаязъеш а вара иза. Ленкоранехь гучуевлира цуьнан дуьххьарлера мукъамийн говзарш: «Жима фантази», «Туземцийн мукъамийн поппури».

Кхузахь билгалдаккха догIу оцу хенахь Къилбаседа Кавказехь дехачу дерриге а къаьмнех туземцаш олуш хилла хилар. Цундела, вайн бакъо ю Iабдулмуслиман поппури вайнехан мукъамийн буха тIехь кхоьллина хиларх дегайовхо кхаба.

I.Магомаевс вовшахтоьхна хор а, оркестр а, дуьйцийла йоццуш, йоккха меттиг дIалоцуш хилла Ленкоранан юкъараллин дахарехь. Цигахь цхьа мероприяти дIайоьрзуш ца хилла оркестр а, цуьнан дирижер а воцуш. Азербайджанан йоккхачу музыке некъ баьстина Магомаев Iабдулмуслимна, цигахь цо баьхначу кхоллараллин кхиамаша.

1911-чу шарахь Гаджибеков Узейрас Баку дIавуьгу Iабдулмуслим. Азербайджанан коьртачу шахьарахь къаьсттина жигарабоккху вайн махкахочо керла мукъамаш бохуш беш болу болх. Мукъамийн училищехь хьехархочун болх бо цо. Азербайджанан къоман мукъамийн гIирсийн пачхьалкхан оркестрехь болх бо.

Кинофильмашна, Бакухь йолчу, театраша хIитточу спектаклашна мукъамаш боху. Тоьлла Iад-хьокху пондарча ларалуш хилла Iабдулмуслим. Баьхначу кхиамех тоам ца беш, цо операш язйо.

1935-чу шарахь «Наргиз» опера язйо цо. Боккхачу кхиамца чекхйолу цуьнан премьера. Цу хенахь арадаьллачу «Правда» газетехь йоккха статья араелира оцу оперин лаккхара мах хадош, цунна мукъам баьккхинчу авторан похIмина хастаме дешнаш ца кхоош. ХIинца а Азербайджанан пачхьалкхан оперин театран репертуарехь ю и ши опера.

Магомаев Iабдулмуслиман тоьллачу говзарех ларалуш ю «Нохчийн хелхаран йиш» («Чеченская лезгинка»), «ПаргIатъяьккхинчу зудчун хелхар» («Танец освобожденной женщины»). Кхин цхьа хIума а дара суна билгалдаккха лууш.

Делахь а, шена тIехула сингаттамийн дохк дукъделча, шен шина кIантах цхьаъ – Мохьмад Нохчийчу хьажаво цо. Масех шарахь вайнехан къоман театрехь художникан болх бо Мохьмада.

1938-чу шарахь Нохч-ГIалгIайчуьра кегийрхой, Москва, театральни институте деша боьлхуш, оцу тобанах дIа а кхетий, иза ГИТИСе деша воьду. Ткъа 1941-чу шарахь фашисташа вайн Даймахкана тIелатар дина, дIаболабеллачу тIаме воьду, институтера кхиболу нохчийн кIентий санна.

1944-чу шарахь Краков гIала фашистех паргIатйоккхуш кхелха Iабдулмуслиман кIант Мохьмад. Амма, цунах дерг композиторна хуийла дацара.

Сталинизман гIурано ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь Iожаллин кохьарна юкъа хьарчийра башхачу мукъамийн говзанча, композитор Магомаев Iабдулмуслим.

1937-чу шеран мангалан (июль) беттан 28-чу дийнахь, Нальчикехь, хIаллаквина иза НКВД-н йовсарша. 52 шо хилла говзачу композиторан. Царах 35 шо гергга Даймахках хьоьгуш даьккхина.

Буьрсачу заманан зуламечу мехаша идийна Магомаев Iабдулмуслим хьомечу махках ваьккхина. Делахь а, цуьнан дахарера бакъдолчара тоьшалла до Нохчийчоь йицйина иза ваьхна цахиларна. Цундела, вай а декхарийлахь ду Магомаев Iабдулмуслиман амат иэсехь латто а, иза вуьззина нохчийн кIант хилар дагахь латто а.

Вайнехан синан бIаьвнех цхьаъ ву и похIме композитор, къоман культурин хазна хилла дIахIотта езара цуьнан чулацаме кхолларалла.

Нохчийн къоман истори, цуьнан башха культура ца евзачара хаддаза дуьйцуш цхьацца хабарш ду, СССР-н халкъан артист похIме иллиалархо Магомаев Муслим нохчи ву-вац бохуш.

Цул сов, Муслима цкъа а даре ца дора шен нохчийн орамаш хиларх. Цунна азербайджан хилар сийлахь хетара. И санна долчунна аьлла хир ду нохчийн яздархочо Ибрагимов Лоьмас: «Цхьанна лууш делахь, хилийтийша цуьнан деда маймалх схьаваьлла!».

Нохчийн къоман цхьа мисхал а галдала хIума дац цхьана стагана, СССР-н халкъан артист Магомаев Муслим иза велахь а, шен орамаш цадовзарх. Иза цуьнан синъэгIазалла ю.

Бакъду, Iабдулмуслима-м даима а дозалла деш хилла ша нохчи хиларх. Дуьне цецдоккхуш хьийкъинчу бешахь а, наггахь нисло-кх телхина стом.

А.АРАПХАНОВА
№19, бекарг (март) беттан 12 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: