(Филологин Iилманийн докторан Джамбеков (Овхьадан) ШаIранин 70 шо кхачарна лерина)
2003-чу шеран кхолламан (январь) бутт юккъе боьдуш шийла кхаъ баьржира Соьлжа-ГIалахь.
Конституцин къепе дIахIотто Нохчийчу деанчу федеральни эскаран векалша: лакхарчу лейтенанта Худяков Евгенийс а, цуьнан бIанакъоста лейтенанта Аракчеев Сергейс а Нохчийн Республикин коьртачу шахьаран йистехь маьрша адамаш дайъина хиларх лаьцна бара иза.

Иттех шаре баьлла дIабоьдучу тIамехь и тайпа дегаIийжаме кхаьънаш вайна кест-кеста хезара. Цунна къеггина тоьшаллаш ду нохчийн шира юрт СемаIашка, Шела, Котар-Юрт, БухIан-Юрт.
Дийна делккъахь, бехк-гунахь доцуш, цхьана меттехь кхо стаг вийра, шайн зулам къайладаккха, уьш тIехь хилла машен ягийра. Лаха Варандара бахархой Янгулбаев СаьIид, Хасанов Нажмуддин, Джамбеков Iабдулла хиллера шайн балхара схьабогIуш.
Таллам баран кеп хIоттош, уьш совцийна лакхарчу летейнанта Е.Худяковс, лейтенанта С.Аракчеевс, юха, герз тоьхна, вожийра. И санна долу зулам дуьххьара динчух тера дацара цара. Верасаша декъий шайн цIа дIадаьхьна, тезет хIоттийра.
Белха бисира наной, байлахь дисира бераш, наьрташ санна, товш хилла къонахий лаьттан кийра берзийра, вежарийн дегнаш Iовжош.
ТIаьхьо хиира царах цхьаъ ерриге а Кавказехь вевзаш волчу Iилманчин Джамбеков ШаIранин ваша хилар. ТIаккха вайн махкахошна и бохам кхин а чIогIа базбелира.
Хетарехь, дуьненахь а карор вац Джамбеков ШаIранил маслаIате стаг. Иза даима а массаьрца велавелла-векхавелла ву, дерриге а дуьненна къинтIера ваьлча санна. Беркате серло яржош ду цуьнан велакъажар а.
Дуккха а нахана диканаш дина, деэшначунна гIо-накъосталлица орца кхачийна, дуккха а къоначарна Iилмане боьду некъ баьстина ву иза. Цкъа а, цхьанна а ца хезна цуьнан цхьаьнцца дош дашера даьлла олуш. ШаIрани даима а халкъаца хилла, цуьнан лазамаш, сингаттамаш, кхиамаш боькъуш, уьш шен хеташ.
Ира хьекъал, йист йоцу хIорд санна хаарш, бийца нохчийн мотт болуш ву иза. Цундела оцу бохамах дерг схьахезча, дуьххьара дагадеанарг – ШаIранис муха ловр бу-те и бохам?
Амма цуьнгахь, дуьне цецдаккхал, доьналла, лам меттахбаккхал собар хиллера. Дерриге а нохчийн къоме тезет хIоьттинчу муьрехь шега беана бохам айъина ца хьийзира иза. Цхьанна а леткъамаш ца бира, ша воьхна ца гайтира. Цо церга балда лаьцна, сатуьйхира шен ваша лахьтин кийра верзочу дийнахь. Амма акхачу адамаша дина зулам бекхам боцуш ца дисира.
Цунна схьакарийра варандахой байъина бIаьхой, Iедале уьш жоьпе озабайтира. ХIуъа а хIилланаш зуламхоша, царна тIехIиттинчара хьийзинехь а, таIзарх ца бовлийтира. Федеральни эскаран хьаькамаша дукха бехказлонаш хьийзайора шайн бIаьхой набахти чу ца кхачийта.
Делахь а, ШаIрани къарвелла юха ца велира. Кхаа-деа шарахь лелийра и дов. Присяжни заседательша кIелхьарабохура зуламхой. Царна нохчий, бехк белахь а, бацахь а, хIаллакбар зулам ца хетара. Варандахой тIеман хьелашкахь хIаллакьхилла лара лууш бара присяжни заседательш.
Делахь а, Джамбеков ШаIранехь а, цуьнан накъосташкахь а хьекъал, собар, доьналла хилира юьхьарлаьцначу Iалашоне дIакхача. Аракчеев Сергейна 15 шо, Худяков Евгенийна 17 шо набахти чохь яккха хан туьйхира 2007-чу шарахь. Иза толам бара. Цхьана ШаIранин толам хилла Iаш бацара, харцоно хьаьшна лаьттачу дерриге а нохчийн къоман толам бара иза.
Дукха хьолахь, федеральни эскаран векалша дина зуламаш таIзар доцуш дирзина, цаьрга жоп деха аьтто ца болуш, Iедалан нийсонах а, бакъонах а дог диллина, бохамо Iовжийнарш юхабовлуш меттигаш дукха яьхкина. Амма ШаIранис дижа ца дуьтуш, чекхдаьккхира ша долийна гIуллакх. Церан толам хилла Iаш бацара иза.
Дерриге а нохчийн къоман толам бара эзарнашкахь динчу зуламашна и шиъ мукъане жоьпе озор, заманан йохалла цхьа а зулам а, таIзар а доцуш дуьтур доцийла дIахаийта. ШаIранин амал, хьуьнар, хьекъал, собар, доьналла бахьанехь дирзира и гIуллакх вайн махкахошна мелла а хьаам беш.
Юьхьанца кIеда-мерза, эсала вайн турпалхо хетачарна, евзира цуьнан, эчигах яьккхина гериг санна йолу, нуьцкъала амал. Иза Iилманча хилла Iаш ца хиллера, бакъволу нохчийн къонах хиллера.
Бералла
Шен дукхахболу нийсархой санна, вайнах Сталинан хьадалчаша къинхетамза махках баьхначу муьрехь, ГIиргIизойн махкарчу Фрунзен областехь Каминскан кIоштан Белопикет юьртахь 1949-чу шеран чиллин (февраль) беттан 17-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла иза. Цигахь вахана хьалхарчу классе деша а.

Амма къинхетам хьалхабаьлла, 1957-чу шарахь вайнахана цIаберза маршо йолу. Шен доьзал балош, Даймахка цIавоьрзу ШаIранин да Iела-Хьаьжа.
Нохчийн шира юрт Лаха-Варанда хьалаюзу дахаран аьзнех. Ламанхоша цIинйо дIатесна лаьттина хIусамаш, йолчу таронца бежана, уьстагI, котам вовшахтуху. Ткъа уггаре а коьртаниг, цара шайн бераш дешарна тIедерзадо, тIеюха, когаюха оьшучунна, хIинца санна паргIатонаш ца хиллехь а.
ДегI хьулдеш хилчахьана бедар тоьаш яра, когашIуьйра ца хилчахьана мача «товш» яра. ХIинца санна, портфелаш хержар аьттехьа дацара, уьш а кIадин цуьргах тегча мегаш дара. Коьртаниг дешар дара. Юьхьанцарчу классашкахь дуьйна дика доьшуш а, деша лууш а вара ШаIрани. Цуьнан чIогIа самукъадолура шен хьехархочух а, классерчу берех а.
Бераллехь дуьйна гIиллакх-оьздангаллица хьалакхуьуш волчу кIантана эхь хетара, дешархошна цIахь бан белла болх ца беш, шен хьехархочунна юьхьа-дуьхьал хIотта. Буса ца вуьжуш а, цо Iамайора хьехархочо цIахь Iамо елларг, иза Iамор шен декхар а хеташ. Къаьсттина дукхаезара ШаIранина математикин урок.
Школа чекхъяьккхина ваьлча, вайн республикерчу мехкдаьттан институте деша ваха дагахь а вара иза. Цу хенахь ерриге а СССР-хь тоьллачу институтех цхьаъ ларалуш яра иза. Оцу институтан дIаэцаран зерех чекхвалавелла жима стаг кIорггера хаарш долуш хетара. Цундела хьерчаш хилла хила там бу ШаIранин ойла оцу институтах.
Амма иза данне а дац вайн турпалхочунна кхийолу предметаш ледара хаьара бохург. Цуьнан ойла даима а сутара кхийдина массо а тайпанчу хааршка. Дера, муьлххачу нохчийн кIентан санна, цуьнан бераллехь ма-хилла гал-гIожмех ловзар, аьхка хи тIе лийча вахар, накъосташца хьуьнхара акха кхораш, цIазамаш лахьор, тIаьхьо буьрканах ловзар.
Делахь а, даима а хьалхарчу меттехь дешар хилла. Лакхарчу классашка ваьлча книгаш еша марзвелла, школин программица йогIурш ешна а ца Iаш, кхийолу исбаьхьаллин литература Iаламат дукха ешна цо. Цундела алссам хаарш а, шера мотт а, шарделла йоза а долуш велира иза 1967-чу шарахь Шуьйтара юккъера школа чекхъяьккхина.
Юьхьанца иза шен ойла хьерчаш хиллачу мехкадаьттан институте деша ваха гIоьртира. Цунах гIуллакх ца хилира. Нохчашна хала дара цу заманахь мехкадаьттан институте кхача. ДуьхьалхIиттина зIараш дукха хуьлура. Мехкадаьттан говзанчаш кечбечу институтан дIаэцаран зерех чекх ца ваьлча, воьхна ца хьаьвзира ШаIрани. Эрна хан ца йойуш, жима стаг журналистике кхевдира.
Кегийрхойн «Комсомольское племя» газетан редакцехь схьайиллина къоначу корреспондентийн школа яра оцу муьрехь. Вайн турпалхо оцу школин ладогIархо хилира 1967-чу шеран гурахь. Суьйранна яра къоначу корреспондентийн школехь лекцеш.
Нохч-ГIалгIайн Республикин тоьлла журналисташ бара корреспонденташна уьш йоьшуш. Цара чулацаме къамел дора журналистикех лаьцна, довзуьйтура оцу башхачу корматаллин баххаш, дуьйцура жанрех лаьцна. Дерриге а кхачамболлуш дан Iеминчу ШаIранина боккха пайда белира оцу школехь дешарх.
Школа чекхъяьккхина валале, иза вайн Соьлжа-ГIалахь зорбане дуьйлуш хиллачу республикин газеташка материалаш язъян волавелира. Уьш кест-кеста зорбане юьйлура «Комсомольское племя», «Грозненский рабочий», «Ленинан некъ» газетийн агIонаш тIехь.
Къоначу корреспондента язйинчу материалашка бIаьргтоьхча гуш дара ШаIрани шен сица, цIийца журналистикин суй болуш хилар. Говзачу маттаца, кIорггерчу хьекъалца, дешнийн къелла йоцуш, язйина хуьлура цуьнан статьяш.
Газетдешархойн тидам шайна тIеийзош а нислора уьш, дукха хьолахь.
Хьаналчу къинхьегаман новкъахь
Шуьйтан кIоштан «Ленинец» кIоштан газетан редакцехь 1971-чу шеран хьаьттан (август) беттан 23-чу дийнахь дIаболабелира Джамбеков ШаIранин корматаллин журналистикехь болу хьаналчу къинхьегаман некъ.

Юьхьанца могIарера литературин белхахо вара иза. Амма дукха хан ялале жимачу стеган хаарш, хьуьнар билгалдаьллачу редактора культурин отделан куьйгалле хIоттийра ШаIрани. ТIаьхьо-м цо «Ленинец» газетан жоьпаллин секретаран болх а бира. Хаза зама яра иза.
Хаддаза керлачу анайисте дIавоьху къоналла, дагна дукхабеза болх, уллехь тешаме накъостий, бIаьрса хьоьсту нохчийн къоьжа лаьмнаш, мел мелча а ца Iебаш, лаьмнех схьадуьйлу шийла шовданаш, дог ловзадоху нохчийн оьзда мехкарий. Ткъа уггаре а коьртаниг, кIоштан газетехь бен балхахь вацахь а, журналист дош-дезар хета зама яра иза. Жимма а кхачамбацар хьахош статья газет тIе яьллехь, цунна жоп дала дезаш хуьлура бехкениг.
Иштта, лакхара дуьйна, низамца дIахIоттийна дара Советийн Iедало. Ш.Джамбековс газетехь куьйгалла ден отдел шен семачу тергонехь латто декхарийлахь яра спортехь, школашкахь, культурин кхерчашкахь долу хьал.
Жимма а кхачамбацар шайна тосаделлехь, иза Iорадаккха бакъо йолуш бара журналисташ, цхьаннах а ийза ца луш. Ша яздийриг ира, говза яздора цо, хьакъ доллучу тIегIане иза дIакхочура, Шуьйтан кIоштан бахархоша цунах боккха пайда а оьцура. Цул сов, хIинца санна жима яцара кIошт цу хенахь.
Итон-Кхаьлла, Шара а, цигара ярташ а, кIотарш а Шуьйтан кIоштана юкъайогIуш яра. Газетан белхахоша уьш даима а шайн семачу тидамехь латтайора. ХIинца санна машенаш яцара цу хенахь. Дукха хьолахь, ярташка, кIотаршка некъ гIаш бора журналисташа.
Хетарехь, лаьмнашца хьаьрчина Iохкучу ерриге а нохчийн ярташкахула, мел лаххра, уьттазза чекхваьлла вайн турпалхо. Цундела, цунна дика девза нохчийн къоьжачу лаьмнашкара хьал а, цигарчу бахархойн дахар а. Балха тIехь мел сиха хьийзинехь а, дешар дIа ца тесна ШаIранис.
1972-чу шарахь балхана юкъара ца волуш, иза деша воьду Нохч-ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан университетан филологин факультете. Кхиамца иза чекхйоккху 1978-чу шарахь.
1975-чу шарахь дуьйна СССР-н Журналистийн Союзан декъашхо а ву. Хаддаза шена тIехь къахьегаро кхачийна журналист оцу кхиамийн лакхене. Адамаллех юьзна йолчу цуьнан башхачу амало дукха адам довзийтина вайн турпалхочунна журналистикин атта доцу некъаш цо гездечу муьрехь.
Цо цкъа а, цхьа а дош ца яздина цIархазмана. ШаIранис зорбане доккхуш долу хIора дош хилла сица литтина, говзачу пхьеро огу тIулг санна, цIеначу даггара сирлачу ойланца аьгна. Цуьнан хIора хьаьрк ю нохчаллин амалехь, къоман оьздачу хотIехь.
Iилманан хьаьрмахь
Бераллехь дуьйна нохчийн халкъан бартакхолларалла дукхаезаш вара ШаIрани. Генарчу ГIиргIизойн махкахь ехачу Iаьнан суьйренашкахь цунна кест-кеста хезара дас дуьйцу халкъан иллеш. Иллешкахь декара турпалчу дайн доьналла, майралла, яхь, собар.
Иштта, дозаллица дуьйцура дас нохчийн мехкарийн оьздангаллех. Нохчийн халкъан бартакхоллараллехь буьйцу хезна ШаIранина Шотойн Аьстамар, дог майра Вара, Джумин Акхтула, Мадин Жаьммирза, иштта дуккха а кхиберш.
Дас а, цуьнца сакъера суьйранна чугулбеллачара а дуьйцучу иллешка ладоьгIуш кIант ойланашкахь хийлазза са тIомадолий, сийна бошмаш, юькъа хьаннаш, лекха лаьмнаш долчу Кавказе кхочура. Цунна чIогIа лаьара иллешкахь буьйцучу турпалхойх тера хила.
КIайчу говрахь, даьккхинчу туьрца вайнахана Кавказе боьду некъ баста лаьара цунна, иштта, чIогIа махкахоша цу Кавказана сагатдеш хилча. Кхунна-м цкъа а гина яцара и Кавказ, юьйцу хазар бен.
Делахь а, кIанта дегайовхо кхобура цкъа мацца а иза шена гург хиларх, ша цига кхочург хиларх. Уьш бераллера мерза сатийсамаш бара. Ша воккха хила воьлча, ШаIранис дIаяздан долийра шена хезна бартакхоллараллера иллеш. Юьхьанца цунна ша и стенна до а ца хаьара.
Делахь а, заманан йохалла нохчийн халкъан бартакхолларалле болчу безамо валийра иза 1979-чу шеран оханан (апрель) беттан 30-чу дийнахь Нохч-ГIалгIайн Республикин историн, филологин, социологин Iилманийн-талламан институте.
Оцу дийнахь дуьйна схьайогIуш ю ШаIранин нохчийн литературица, фольклораца йолу уьйр-марзо. Дуккха а шерийн сатийсам кхочушхилла, цо Iилманийн хьаьрмахь дIаболийна шена дукхабеза болх: нохчийн къоман селхане таллар, таханене бIаьргтохар, Iилманан буха тIехь кханенан ойлаяр.
Дуккха а Iилманан белхаш зорбане баьхна ШаIранис, нохчийн къоман бартакхоллараллех дерг довза луучунна Iаламат пайдехь хир болуш.
1980-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь дуьйна Джамбеков ШаIрани Л.Толстойн цIарахчу Нохч-ГIалгIайн университетехь болх беш ву, вайнехан филологин кафедрехь. Вайнахски филологин кафедрехь ассистентан даржехь болх беш цо кхиамца аспирантура чекхйоккху Гуьржийн Iилманийн академин гуьржийн литературин институтехь. Аспирантурехь шен хаарш тIедуза дагца къобалйина ШаIранис хаьржинарг «Фольклористика» говзалла яра.
Цул сов, аспирантурехь доьшуш волуш, иза хIора аьхка Нохч-ГIалгIайн университетан студенташца ломарчу ярташка хьалавоьдура халкъан бартакхолларалла гулъян. Шуьйта, Итон-Кхаьлла, Шара, Нажи-Юрт, Веданан кIоштийн ярташкахула чекхволура нохчийн къаношкара керла иллеш, туьйранаш, забарш, дийцарш, аларш дIаяздеш.
ХIора аьхка ечу экпедицешкахь цара, иштта, дIаязйора вайн меттан диалекташ. ЦIархазмана еш экспедицеш яцара уьш. Хаддаза Iилманан талламаш бара царна тIехь ШаIранис а, цуьнан белхан накъосташа а дIахьош. Цунна къеггина тоьшалла ду 1990-чу шарахь вайн турпалхочо зорбане яьккхина 592 агIо йолу «Нохийн фольклор». 15 эзар экземпляр яра цуьнан тираж.
Амма дукха сиха наха дIаэцна, вайн махкарчу туьканашкара дIаелира, цул тIаьхьо (1991-чу шарахь) араяьлла ШаIранин «Нохчийн туьйранаш» санна. Мехала белхаш бу чекхдаьллачу бIешеран 90-чу шерашкахь цо арахецна книгаш. Баккъал а, шен къам а, цуьнан шатайпана халкъан бартакхолларалла езачу стаге бен гуллур йолуш хазна яцара иза.
Кхин хIумма а Джамбеков ШаIранис дина ца хилча а, халкъана, уггаре а хала еанчу хенахь цо зорбане яьккхина и ши книга бахьанехь къоман исторехь яха юьсур яра цуьнан цIе. Амма динчух тоам бина цкъа а паргIатволуш Iедал дац цуьнан. Синтем бохург хIун ду ца хаьара цуьнан даима а лехамехь долчу синна.
1994-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан Iилманчийн кхеташонехь нохчийн филологин кафедрин лакхара хьехархо хоржу Джамбеков ШаIрани. Ткъа 1997-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 10- чу дийнахь университетехь керла кхоьллинчу нохчийн литературин а, фольклоран а кафедрина куьйгалла дар тIедуьллу цунна Iилманчийн кхеташоно.
Муьлхха а декхарш шена тIедехкича а, массарна юьхькIам боллучу кепара, уьш, кхочушдан хьуьнар, похIма, лаккхара корматалла йолуш ву иза. Белхан накъосташна, студенташна цхьабосса дукхавеза иза. Иттех шарахь гергга болх бина ШаIранис вайн республикерчу университетан нохчийн литературин а, фольклоран а кафедрехь.
МогIарерчу хьехархочунна тIера дIаволавелла кафедрин куьйгалле кхаччалц, лакхарчу даржашкахь белхаш бар нисделла. Амма цкъа а амал хийцаелла яц цуьнан я адамашца йолу юкъаметтиг телхина яц. Джамбеков ШаIранина шен балха тIехь даима а коьртаниг хилла вайнехан студенташа дешар, царна шайн хаарш тIедуза лаар. Нохчийн матте безам болуш деша веана муьлхха а студент даима а шен уллера верас хетта хьехархочунна.
Иштта волчу студентана гIортор хилла лаьттина ШаIрани. Мел дукха гIуллакхаш шен хиларх, цкъа а, Iилманехь беш болу талламаш сацийна вац иза. Цунна къеггина тоьшалла ду масех книга араяьлла вайн турпалхо, 2002-чу шарахь Россин Яздархойн союзе тIеэцар.
Ткъа 2008-чу шеран асаран (июнь) баттахь ШаIранис филологин Iилманийн кандидатан диссертаци чIагIйира. «Жанровые и поэтические особенности чеченских героикоисторических песен–илли» яра цуьнан диссертацин цIе. Говзанчаша лаккхара мах хадош тIелецира цо бина талламаш. И талламаш а ШаIранис шена дукхадезачу нохчийн турпалаллин иллешкахь бина бара. ТIаккха уьш ледара хуьлийла дацара.
БIешерийн кIоргенера, таханене кхаччалц, вайн дайша сатийсина зама ю карахь ерг. Мехкан куьйгаллехь нохчи ву, цкъа а ца хиллачу кепара маьрша ду Нохчийчохь бусалба дин лелор, цIиндина зераташ. Нохчийн Республикин коьрта шахьар къагош лаьтта «Нохчийчоьнан дог» цIе йолу маьждиг, цунна юххехь ю мехкан муфтият.
Ткъа уггаре а коьртаниг, вайн махкахь 2009-чу шеран хьаьттан (август) беттан 20-чу дийнахь схьайиллина (Дала къайле тайойла цуьнан) Кишиев Кунта-Хьаьжин цIарах йолу Россин исламан университет.
2009-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна цигахь болх беш ву Джамбеков ШаIрани. Филологин а, естественнигуманитарни Iилманийн а кафедрехь доцент ву иза. ТIекхуьу чкъор хааршца хила лууш, хьанал къахьоьгуш ву. Иза филологин Iилма довзийтина Iаш вац студенташна.
Цо дуьйцу нохчийн къоман оьздачу гIиллакхех, ламастех, йовзуьйту вайнехан къаьхьо чам беттало селхане, Iамабо сирлачу кханенах дегайовхо кхаба. Цуьнан самукъадолу хааршка кхийдачу студентех. Цо цкъа а тесна ца буьту и тайпа кегийрхой. Хаддаза шен семачу Iуналлехь латтабо уьш. ШаIрани а веза студенташна дукха.
Цуьнан лекцешка кхачар доккха ирс хета кегийрхошна. Мотт шера болуш, нохчийн къомах дерг говза дуьйцуш хьехархо ву иза. Кхоа ца деш, шен хаарш тIекхуьучу чкъурана дIалуш ву. Цхьана Исламан университетехь болх бина Iаш вац иза.
2014-чу шеран товбецан баттахь дуьйна Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь а нохчийн филологин кафедрехь профессор ву иза. Бакъду, шинхьа-кхаанхьа балхахь вара аьлла, Iилманехь къахьегар дIатосуш а вац.
2016-чу шеран мангалан (июль) беттан 30-чу дийнахь цо чIагIйина филологин Iилманийн докторан диссертаци. Вайн махкахь бевзина ца Iаш, ерриге а Россехь гIарабевллачу нохчийн яздархойн Мамакаев Мохьмадан, Айдамиров Абузаран, Окуев Шимин говзарш тIехь, Iилманан буха тIехь бина талламаш бара Ш.Джамбековс филологин диссертацига берзийнарш.
Диссертацин тема яра «Место фольклора в системе мировидения, литературно-эстетической концепции и творческой индивидуальности чеченских писателей».
Филологин Iилманийн докторан диссертаци чIагIъян кечлуш Джамбеков ШаIранис дуккха а талламаш бира, Iилманан статьяш зорбане ехира. Хетарехь, уьш бIе гергга яра. Делахь а, къасто луур дара царна юкъара тоьлларш.
Нохчийн Iилманчаша диссертацеш чIагIъяр, цкъачунна, оьрсийн маттахь хиларна, церан монографеш а, Iилманан статьяш а нисло оьрсийн маттахь. Цундела церан цIерш а оха оьрсийн маттахь язйо. Мехала болх бара ШаIранис Окуев Шимин «Лай тIехь цIен зезагаш» роман талларехь бинарг, «Художественно-психологическая парадигма в романе Ш.Окуева «Красные цветы на снегу» цIе а йолуш.
Цул тIаьхьа Iилманчас Мамакаев Мохьмадан «Зеламха» роман талларехь къахьегна, зорбане яьккхира «Роль фольклора в художественной системе романа М.Мамакаева «Зелимхан» цIе йолу материал. Иштта, доггах къахьийгира цо нохчийн халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран говзарш толлуш а.
Нохчийн воккхачу, яздархочун Айдамиров Абузаран кхо роман яра цо Iилманан буха тIехь теллинарш: «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц».
Iилманан талламаш кхаа романа тIехь бина хиларе терра, йоккха статья хилира цунах «Функциональное многообразие национального фольклора в системе документально-художественного дискурса трилогии Абузара Айдамирова» цIе а йолуш.
ШаIранин Iилманан статьяш зорбане йийлина Дона-тIерачу-Ростовехь, ХIинжа-ГIалахь, Москвахь, Пятигорскехь, Майкопехь, Тбилисехь, Соьлжа-ГIалахь. Нохчийн къоман литература талларехь Iаламат боккха болх бу Iилманчас бинарг.
Вайнехан литературоведени кхиорехь хьалхахьа яьккхина йоккха гIулч ю иза, тIаьхьенаша шех пайдаэца хьакъдолуш. Иштта, ШаIранис филологин Iилманийн доктор а, Нохчийн хьехархойн университетан проректор а йолчу Джамбекова Тамарица цхьана язйина, дешархошна, хьехархошна гIоьнна лерина «Нохчийн халкъан бартакхолларалла. Дешаран пособи» арахецна 2012-чу шарахь.
Доцца аьлча, хаддаза къахьоьгуш ву-кх вайн турпалхо, похIме Iилманча, нохчийн мехкан яхь йолу кIант Джамбеков ШаIрани. Нохчийн Республикин куьйгалхойн тидамехь бу цуьнан хьанал къинхьегам. Цунна теш хIуьтту Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас 2002-чу шарахь Джамбеков ШаIранина елла Сийлаллин грамота.
Иштта, Сийлаллин грамота елира вайн турпалхочунна 2012-чу шарахь Нохчийн Республикин Парламенто а.
2013-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана «Къинхьегамехь билгалваларна» сийлаллин билгало елира цунна. Ягарйина цаваллал, тайп-тайпана мидалш ю цунна елла.
2014-чу шарахь вайн махкарчу Интеллектуальни туьшо «За подвижничество» номинацехь «Дато бухIа», ахчанан совгIат даларца билгалваьккхира, кIадвалар хIун ду ца хууш, хаддаза нохчийн къоман дуьхьа хьанал къахьоьгуш волу Джамбеков ШаIрани.
Тахана къоман филологехь къахьоьгуш болчу тоьллачу Iилманчийн хьалхарчу могIарехь ву иза. Нохчийн Iилманехь мах боцу беркат хилла дIахIоьттина цуьнан хьанал къинхьегам. Ша санна тайна, хаза доьзал а бу цуьнан: ши кIант, ши йоI. Уьш лаккхарчу дешаран кхерчаш чекхбаьхна, цхьацца корматаллаш караерзийна, хьаналчу къинхьегамца шайна напха лохуш бу.
Цуьнан цхьа кIант юрист ву, важа – гIишлошъярхо. Цхьа йоI вайн махкахь евзаш кардиолог ю, ткъа шолгIа йоI Нохчийн Республикин МЧС-хь – психолог. Наггахь а стаг хир вац вайн махкахь ШаIранин хIусамнана Джамбекова Тамара ца евзаш. Иза а филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн хьехархойн университетан проректор ю.
Цундела, цхьана а кепара шеконаш йоцуш, дахарехь а, кхоллараллехь а санна, шен ирс карийна вайн турпалхочунна. Бакъду, атта-м ца кхаьчна иза оцу толамийн лакхенашка. Халкъана, махкана оьшуш стаг ву ШаIрани. Хьаналчу къинхьегаман беркате серло яржош схьавогIу иза шен дахаран новкъахь. Оцу серлонан зIаьнаршкахь хьалакхиъна студентийн масех чкъор.
Царах дукхахболчарах халкъан зовкх дебон говзанчаш хилла. Цкъа мацах похIмечу хьехархочо Джамбеков ШаIранис даг чу тесна нохчаллин суй бу цаьрца богуш, диканна гIиттош, ойланаш, хаддаза, дай баьхначу лаьттах хьерчош, керлачу анайисте кхойкхуш.
50 шо гергга хан ю шен хаарш, хьуьнар, говзалла ца кхоош, Джамбеков ШаIранис нохчийн къоман кхане кхиайо. Иза даима а нохчаллех къилба дина вехаш ву, нохчаллина, нохчийн маттана гIаролехь лаьтташ ву.
Хазахета шен 70 шо дузаре иза кхоллараллин кхиамашца, ирачу хьекъалца, сирлачу ойланашца, деган комаьршаллица кхаьчна. АллахI-Дала кхин а 70 шарахь вахавойла вайна иза, бевза-безачийн вуо ца гуш, кхин цкъа а тIеман эрчоно дог ца Iовжош, Iилманехь толамийн ирхенаш йохуш.
Веза-Воккхачу Дала дебадойла Нохчийчохь Джамбеков ШаIрани санна оьзда, дог цIена адамаш!
ГАЗИЕВА Аза
№19, бекарг (март) беттан 12 де, 2019 шо
Дела реза хийла авторна (А. Газиева) ишта чулацам болуш, турпалхочуьна дахаран массо аг1о гойтуш, нохчийн сий долу оьзда къант Ша1рани тхуна вовзийтарна!
Даггара «Амин!» ала лаьа суна Азас шен публикации ерзош аьлчу дешнашна:
«Веза-Воккхачу Дала дебадойла Нохчийчохь Джамбеков ШаIрани санна оьзда, дог цIена адамаш!»