Россин Премьер-Лигин 19-чу турехь Соьлжа-ГIалара «Ахмат» команда шен цIахь Екатеринбургерчу «Урал» командица левзира бекарг (март) беттан 11-чу дийнахь.
Юьххьехь билгалдаккха лаьа: вайн командина ма-хетта а, ма-луъу а дIа ца доьлху «уралхошца» хуьлуш долу цхьаьнакхетарш.
Ойла ейша шаьш а. Вовшашца 18-зза левзина Соьлжа-ГIалара а, Екатеринбургера а футболисташ. Царах пхи цхьаьнакхетар «Ахмат» тоьлаш дирзина, ялх цхьаьнакхетар «Урал» тоьлаш дирзина. Ткъа ворхI цхьаьнакхетар цхьа а ца тоьлаш дирзина.
Хьаххийначуьра аьлча, хIокху чемпионатан хьалхарчу гонехь хилла матч а, жамI 2:1 долуш, Екатеринбургерчу футболисташа толам боккхуш йирзира.
Цундела, и «ламаст» дохо ойла йолуш майдана бевлира вайн футболисташ. Уьш хьешел гIолехь а ловзура. Гуш дара уьш толаме кхача лууш хилар. Амма хьалхара тайм юкъал тIехъяьллачул тIаьхьа, «Уралан» цхьа контртIелатар юхатухучу хенахь, «Ахматан» защитника Мохьаммади Милада, гал а ваьлла, Е.Городовс лардеш хиллачу шайн кевна чу буьрка туьйхира. Иштта чекхъелира хьалхара тайм.
Ловзаран шолгIачу декъехь кхин а жигара ловзура хIусамдай. Шайн ницкъ ма-кхоччу дуьхьало еш хьеший а бара. Наггахь тIех кIоршаме а ловзура уьш, цхьаьнакхетарехь баьлла аьтто карара ца балийта гIерташ.
Делахь а, шолгIачу таймах 10 минот яьлча жамI хийца-м делира. Шайн гIуданан майданахь кIоршаме левзира «Уралан» футболист. Суьдхочо П.Кукуяно гIуданан тохар дайта 11 метран билгалоне охьайиллира буьрка-пенальти. И тохар говза дира «Ахматерчу» Балай Бекима – 1:1.
И жамI хийца а, толам баккха а вайн футболистийн аьтто ца болуш чекхъелира матч.
РогIерчу 20-чу турехь Нохчийчуьра футболан коьрта команда Башкирерчу «Уфа» командица ловзур ю бекарг (март) беттан 17-чу дийнахь.
Хь.САЙДАЕВ
№20, бекарг (март) беттан 15 де, 2019 шо