ХIокху деношкахь, шеца цхьаьна Правительствон хьалхара вице-премьер Тумхаджиев Iийса а волуш, кхаа гIаларчу гIишлошъяран майданашкахь хилира республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Республикин уггаре а жимачу а, «къоначу» а гIалахь – Курчалойхь – Кадыров Рамзан хилира кIоштан Культурин цIа дечу майданахь.
Безачу хьешашна дуьхьал веанчу кIоштан префекта Кадыров Хьамзата ечу гIишлонах лаьцна дийцина ца Iаш, гIишлошъярхошна оцу майданахь кхоьллинчу хьелех лаьцна а дийцира.
Цул сов, Культурин цIенна гена йоццуш йолчу кхин а цхьана майданахь а хилира уьш. Цигахь дукхахьаштийн лекхагIишлойн комплекс яран белхаш бу дIаболийна.
Курчалойра Гуьмсе вахара Кадыров Рамзан а, Тумхаджиев Iийса а. Цигахь и шиъ хьаьжира еш йолчу гIалин махлелоран керлачу комплексе. Инвестицийн чоьтах ечу комплексо, 9 декъах (модулах) а лаьтташ, дIалоцу 3 га майда. ХIора а декъехь 15 туька хир ю.
Комплекс яран майданахь къахьоьгуш 500 сов белхало а, 20 техника а ю.

Цу кхертахь а, цунна гонахарчу майданахь а кхерамазаллин а, совдегарийн а, эцархойн а дерриге а хьашташ кхочушдайтар Гуьмсан кIоштан префектана Оздамиров Iусманна тIедиллира Кадыров Рамзана.
РогIера гIала Шела яра. Цигахь деш Европехь а уггаре доккха долу маьждиг а, хьафизийн хьуьжар а ю. Маьждиган хьокъехь аьлча, билгалдаккха догIу иза 20 эзар стагана лерина хилар.
Маьждиган тхевнан локхалла 43 метр ю, ткъа момсарийн локхалла – 63 метр. Маьждиг чохь а, арахьа а кечдина ду желтойн кIайчу мармарца. Шен кечдарца дуьненарчу цхьана а маьждигах тера дац и.
Цул сов, тидамза дита йиш яц оцу маьждигана республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIе тиллина хилар.
Маьждиг даран балхана терго ечу Эдильгириев Iамруддис хаийтира, иза, берриге белхаш чекхбаьхна, 2 бутт баьлча схьадоьллург хилар.
Цунна гена йоццуш еш ю хьафизийн хьуьжар. Иза Кишин Кунта-Хьаьжин (Дала къайле цIинйойла цуьнан) цIеяхханчу мурдех цхьаъ хиллачу Дурди-Шайхан цIарах хир ю.
Иза, ма-дарра аьлча, иштта бен хуьлийла а дацара, хIунда аьлча, Дурди-Шайх Iийнначу кертахь и еш хиларна.
МутIаIеламашка Къуръан дагахь Iамадайтарна хьелаш кхоьллина Iийр дац оцу хьуьжарехь – цигахь Iен корпус а, спортзал а, арахь ловзарийн майданаш а хир ю.
И.ХАСАХАНОВ
№20, бекарг (март) беттан 15 де, 2019 шо