Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан белхан гIуллакхашна Хонкарахь хилира.

Хонкаран пачхьенехь Истамбулехь иза цхьаьнакхийтира туркойн дуьненаюкъарчу «Аcibaben» клиникийн сетан генеральни директорца Гюней Тахсинца.
Министра социальни инстаграмехь йолчу шен агIонехь хаам бо оцу хьокъехь: «Хьалха хиллачу бартаца нохчийн педиатрш Хонкарарчу клиникехь стажировкехь бу, «Аcibaden» клиникин профессорша куьйгалла а деш. ХIинца, цхьа бутт баьлча, туркойн лоьраш, дуьненахь а бевзаш болчу говзанчийн, профессор Эльманджи Ильхан коьртехь волуш, тоба йогIур ю Соьлжа-ГIала. Вайн республикин медицинин учрежденешкахь болчу лоьрашца, шайн зеделларг а довзуьйтуш, болх бийр бу цара».
ХIокху бекарг беттан 18–19-чуй деношкахь И.Эльманджис Е.П.Глинкин цIарахчу берийн клиникин республикин больницехь маьхза консультацеш йийр ю, цул сов, клиникин лоьрашна лекцеш йоьшуш, мастер классаш дIахьур ю.
Вевзаш волчу профессоран, нейрохирурган Эльмаджин цIе Германин а, Iамаркан а медицинин гонашкахь, боккха сий-ларам беш, йоккхуш ю.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№20, бекарг (март) беттан 15 де, 2019 шо