КIезиг ло дар бахьанехь дукха ялта хIаллакьхилла Нохчийчохь

Цкъа а ца хиллачу кепара ло кIезиг долуш Iа хилар бахьанехь 100 эзар гергга гектар латта тIехь дIадийна ялта хIаллакьхилла республикехь.

Хилла долчу зенан хьесапдархьама белхан тобанаш кхоьллина Нохчийн Республикин юьртан бахаман министерствос.

Зен хиларан бух бовзуьйтуш долу кехаташ Россин Федерацин юьртан бахаман министерстве дIалур ду.

Кхолладеллачу хьелашца доьзна Нохчийн Республикин 13 кIоштахь къаьсттина халачу (чрезвычайни) хьолан раж дIакхайкхийна. ХIокху шеран бекарг (март) беттан 11-чу дийнахь зорбатоьхначу сацама тIехь, иштта, яздина ду: «2018-чу шеран товбецан (сентябрь) баттера дуьйна 2019-чу шеран бекарг батте кхаччалц йолчу юкъана, беттан юккъерчу барамал а алсам йовхо латтар а, еххачу хенахь ло цадар а бахьанехь, гуьйренан ялташ хIаллак а хилла, Нохчийн Республикин агропромышленни комплексехь хIоьттинчу халачу хьолаца доьзна, къаьсттина хала хьелаш хилар дIахьедаран а, церан тIаьхьалонаш дIаяхаран а системин урхаллин органашна «Къаьсттина хала хьал» раж юкъаялае».

Къаьсттина халачу хьолан раж юкъаялийна Нохчийн Республикин ТIехьа-Мартан, Веданан, Грозненски, Гуьмсан, Курчалойн, Теркан, Невран, Нажи-Юьртан, Соьлжан, Хьалха-Мартан, Шелковски, Шелан кIошташкахь а, Соьлжа-ГIалахь а.

А.ВАХАЕВА
№20, бекарг (март) беттан 15 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: