Цхьа а ца вицвина

IMG_8118

23-чу февралехь Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан театран концертийн залехь даздира Даймохк ларбархочун де. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама а, Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдильгириев Абубакара а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Даудов Мохьмада а, Нохчийн Республикин Парламентан председатела Абдурахманов Дукхувахас а, иштта кхечу официальни наха а.

Цхьаьнакхетар дIадолош регионан Куьйгалхочо дезачу денца даггара декъалбира ветеранаш. Цул тIаьхьа билгалдаьккхира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь цара гайтина хьуьнарш а,  цхьа а ветеран а вицвина цахилар.

«ХIокху дезачу дийнахь суна даггара баркалла ала луур дара Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранашна. Церан майралла а, доьналла а бахьана долуш вайн мохк а, Европа а фашизман зуламах к1елхьара яьккхина. Суна иштта баркалла ала луур дара полицин белхахошна а, берриге  а эскаргIуллакххошна а. ХIунда аьлча уьш шайн дахар а ца кхоош дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал къийсам латтош бу. Вайна массарна а ма-хаъара, зуламхошна дуьхьал къийсам латтош шен дахар дIаделла Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, иштта цуьнан дуккха а накъосташа а», – элира Кадыров  Рамзана.

Цул тIаьхьа республикин Куьйгалхочо хьахийра США а, Европа а тайп-тайпанчу санкцешца Россин экономика галъяккхарехь къахьоьгуш хилар а, оцу некъан тIехь церан аьтто хирг цахилар а.

«Тахана дерриге дуьненна а гуш ду, США а, малхбузехьарчу Европин цхьайолу пачхьалкхаш а къахьоьгуш ю шайн экономически санкцешца Росси охьатаIо гIерташ. Амма, со тешна ву, церан оцу харц политикин тIаьхьало хирг цахиларх. Вайн мехкан тхьамдин Путин Владимиран доьналла а, хьуьнар а бахьана долуш Россин къаьмнаш цхьабарт болуш ду. Иштта вайн къаьмнашна юккъехь болу барт цхьаьнгга бохалур  бац», – тIетуьйхира цо.

Цхьаьнакхетар дерзош Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шайн белхан декхарш кхиамца кхочушдарца билгалбевллачу бакъонаш ларъяран органийн белхахошна пачхьалкхан, республикин совгIаташ делира. ВорхI полицин белхахочунна а, эскаргIуллакххочунна а Нохчийн Республикин лаккхара совгIат – А-Хь.Кадыровн цIарах  орден елира. (Царех веанна кхелхинчул тIаьхьа). Россин Федерацин Президентан Указца йина йолу «70 лет Победы в Великой Отечественной войне» юбилейни мидалш елира  Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ялх ветеранна.  Полицин а, чоьхьарчу эскарийн барх1 белхахочунна «Къонахаллин» мидал елира. (Царех ворхIанна кхелхинчул тIаьхьа). Иштта «За отвагу» мидал елира ялх полицейскина а, ялх эскаргIуллакххочунна а (царех шиннан шайн белхан декхарш кхочушдеш кхалхар нисделла).

А.АБДУЛАЕВ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: