Нохчийн Республикин къоман музейхь Зударийн дуьненаюкъарчу денна лерина даздарш хилира. Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштан Берийн кхоллараллин цIийнан хьехархо Янарсаева Дагман а, Хьалха-Мартан кIоштара доларчу «Iайнаъ» школин директор Чурчаева Iайнаъ а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан студенташ а, Соьлжа-ГIалин, Шуьйтан кIоштарчу Лаха-Варандарчу а, Гуьмсан кIоштарчу Джалкхерчу а школашкара дешархой а бара даздаршкахь дакъалоцуш.
Зударийн денна леринчу литературин-музыкин программа дIахьош яра Къоман музейн «Нохчийн Республикин халкъийн культура а, этнографи а» отделан коьрта говзанча Магомадова Эльза.
Нохчийн зударех лаьцна видеокийсак гайтинчул тIаьхьа, зударшна, наношна лерина байташ йийшира хьехархойн университетан студенташа Джамбеков Бувайсара а, Солтаханова Сурьянас а, Ибаева Эдинас а, Тагиева Мадинас а.
Цул тIаьхьа шаьш кечйина музыкальни программа гайтира школин дешархоша а. Бераша даггара йоьшура ненах лаьцна байташ. Ирсе дара бераш шайна ма-ттов нанойх лаьцна байташ еша а, эшарш лекха а аьтто болуш.
Нохчийн зудчо юкъараллехь лелочу маьIнех лаьцна дийцира Янарсаева Дагмана а, Чурчаева Iайнаа а.
З.ЯХЪЯЕВА
№20, бекарг (март) беттан 15 де, 2019 шо