Чиллин (февраль) беттан тIаьхьарчу дийнахь, Нохчийн Республикин дешаран ерриге а учрежденешкахь нохчийн къоман литературин классик, поэт Мамакаев Iаьрби дуьнен чу ваьлла 100 шо кхачарна лерина Этнографин диктант язйира.
Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон къоман а, дешаран а политикин а, регионашна юкъарчу зIенийн а, экспертни а отделан коьртачу говзанчас Ойбуев Iаьрбис билгалдаьккхира: «Сан дог, хьо деттало къахьоьгуш халкъана» аьлла йолу Этнографин диктант нохчийн мотт кхиоран а, бахархойн нохчийн маттехула долу хаарш талларан а Iалашонца язйира. Диктант язъярехь толамхо билгалваккхар а дацара коьрта, вайн бахархойн нохчийн матте безам кхоллар дара».
Этнографин диктант язъярехь дакъалоцуш республикин дешаран организацеш хилла ца Iаш, министерствийн, ведомствийн куьйгалхой а, белхахой а, ткъа иштта, диктант язъян лаам болу нах а бара.
Диктант язъян деллачу цхьана сахьтехь Мамакаев Iаьрбин дахарх, кхоллараллах лаьцна долчу 50 хаттарна жоьпаш делира.
З.ШАЛИЕВА
№20, бекарг (март) беттан 15 де, 2019 шо