Соьлжа-ГIаларчу А-Хь.Кадыровн цIарахчу «Сийлаллин аллейхь» йолчу музейхь Зударийн дуьненаюкъарчу денна лерина «Дог хьоьсту бIаьстенан басарш» гайтам схьабиллина.

Оцу гайтамехь дакъалаца кхайкхина яра Россехь евзаш йолу, нохчийн къоман культуре болчу боккхачу ларамца билгалъяьлла йолу Москвара суртдиллархо Сопова Ксения.
Гайтам схьабелларан даздаршкахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун пресс-секретарь I.Каримов, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча Т.Алиев, Нохчийн Республикин Суртдиллархойн союзан председатель В.Умарсултанов, «Сийлаллин аллей» хIолламан музейн директор I.Ахмадов, бевзаш болу суьрташдахкархой, Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан техникин университетан «Архитектура» факультетан Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан Искусствон факультетан студенташ, искусствоезархой.
Гайтаман башхалла яра оцу дийнахь хьовсархойн кхиэле диллинчу 130 суьртан авторш зударий-суьрташдахкархой хилар.
Царна юкъахь бара оцу гайтаман куратор йолчу Даудова Фатимин, Дадакаева Элитин, Тайсумова Тамарин, Умарова Асетан, Чимаева Эсетан, Дадаева Анжелин, иштта, республикин тIегIанехь дIахьочу гайтамехь дуьххьара дакъалоцучу авторийн белхаш. «Графика», «Живопись», «Портрет» жанрашкахь дехкина дара суьрташ.
Зудчун дуьнене болу хьежамаш, зудчун философи, сатийсам, цо лайнарш, дерриге а дара оцу белхашкахь. Евзаш йолчу искусствоведа Хадчукаева Миланас лаккхара мах хадийра суьртийн.
– Дерриге а дакъошкахь кхиъна богIуш бу вайн зударий, амма суртдилларан говзаллехь баккхий кхиамаш а, кхиар а алссам го суна, – элира цо.
Сопова Ксенияс, забаре даьккхина, элира: «ХIинца санна кхуьуш дIаболхахь шун зударша суртдилларан говзалла боьршачу нахера схьаяккха йисина минот а яц. Со цецъяьлла, йоккхаеш ю нохчийн зударийн похIманах».
I.Каримовс, В.Умарсултановс, Т.Алиевс билгалдаьккхира нохчийн зударий суртдилларан искусствехь, юьхькIам боллуш, къахьоьгуш хилар. Вайн республикин бахархойн а, ткъа иштта, хьешийн а аьтто бу оцу гайтамехь хила.
Суьртийн авторшна, къоначу суртдиллархошна зезагаш делира, цара республикин искусство кхиорна юкъа йоккха хазна йилларна баркалла элира Каримов Iаьлвис.
З.ЦЕНТОРОЕВА
№20, бекарг (март) беттан 15 де, 2019 шо