Иза хьехархо вара. Шен сица, цIийца, дахаран кепаца. Нохчийн юьртахь, нохчийн берашна нохчийн мотт, литература хьоьхуш вара. 50 шаре хьалакхочуш яра цуьнан белхан стаж. Амма цхьана мIаьргонна а иза дохко ца ваьллера хьехархочун атта боцу некъ ша харжарна.

Цунна дукхадезара бераш, лаьара уьш хьекъале, хьуьнаре, кIорггера хаарш долуш кхуьийла. Хьехархочо дерриге а дора шен дешархошна нохчийн къоман литературин исбаьхьалла йовзийта. Цо, кIадвалар доцуш, дуьйцура дешархошна Бадуев СаьIидан, Мамакаев Мохьмадан, Мамакаев Iаьрбин, Сулаев Мохьмадан, Гадаев Мохьмад-Селахьан, иштта, дуккха а кхечу яздархойн башхачу кхоллараллех лаьцна.
Дешархой самукъадаларца Iара Мальцагов Iабдурохьманан урокашкахь. Шайн хьехархочуьнга болчу безамна, ларамна дуккха а цуьнан дешархоша, лакхара дешаран кхерчаш чекхбаьхна, караерзийна нохчийн меттан а, литературин а хьехархочун корматалла.
ПохIмечу хьехархочух схьадаьлла беркат ду иза. Тахана наггахь а стаг вац Девкар-Эвлахь Мальцагов Iабдурохьманан дешархо хилаза.
Нохчийн ширачу юьртахь Девкар-Эвлахь вина, ваьхна вара Мальцагов Iабдурохьман. Девкарэвлахоша шайн юьртан дозалла лоручу адамех цхьаъ вара похIме хьехархо. Цуьнан дерриге а дахар юьртарчу берашна юкъахь хаарийн серло яржорна тIедерзийна дара.
Амма 2019-чу шеран чиллин (февраль) беттан 24-чу дийнахь чекхдевлира Iабдурохьмана хаарийн беркате нур даржош гездина некъаш. Иза боккха эшам бу ерриге а Нохчийн Республикин дешаран системина.
Дала гечдойла цунна!
А.АРАПХАНОВА
№20, бекарг (март) беттан 15 де, 2019 шо