«Ас дIалур ю Пачхьалкхан коьрта экзамен»

Дешаран а, Iилманан а министерствон Дешар кхиоран институтан Филологин а, дешаран а лабораторин Iилманан белхахоша, «Ас дIалур ю ПКЭ» гIо-Iамат вовшахтоьхначара вайн республикин 9-чу классийн нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна гIоьнна лерина семинар-практикум дIаяьхьира.

Республикин ерриге а кIошташкара хьехархой баьхкинера семинаре. «Нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечамбар» яра цуьнан тема.

Хууш ма-хиллара, 9-чу классийн дешархоша Пачхьалкхан коьрта экзамен нохчийн маттехула дIалуш ю. Дешархошна оцу экзаменна кечамбарехь гIо даран Iалашонца вовшахтоьхна ю «Ас дIалур ю ПКЭ» гIо-Iамат.

Муьлхха а Iамат санна йовза а, болх бан дIавола хан езаш а ю иза. Цуьнан дикаллин мах хадош берш а, делахь, кхачамбацарш билгалдаха хьакъ берш а хьехархой бу. Цундела, хьехархошна гайтира ду оцу гIо-Iаматца болх бар муха дIадахьа деза а, церан хаттаршка ладогIа а, жоьпаш дала а дика гIуллакх дара Дешар кхиорна институто семинар-практикум вовшахтоьхна дIаяхьар.

Юьйцуш йолу гIо-Iамат вовшахтоьхначу тобанна юкъахь ву Нохчийн Республикин халкъан хьехархо Абдурзаков Шертбек, иштта, Iилманан декъехула болу цуьнан накъостий, Россин Федерацин юкъарчу дешаран сийлахь белхахой Дудаев Султан а, Дашаева Лайлаъ а, Тутаева Сацита а, Хунарикова ПетIамат а.

Семинар дIайолош хьехархошка йистхилира гIо-Iаматан авторех цхьаъ йолу Дашаева Лайлаъ.

– Лараме хьехархой! Шун хаттаршна жоьпаш дала кийча ду тхо. ХIокху шарахь 9-чу классашкахь дуьххьара болх бечу хьехархойн мухалле а хир ду аьлла хета тхуна хаттарш, – элира цо.

Вайн республикин ерриге а кIошташкара схьабаьхкинчу хьехархошна юкъахь гIеметтахIиттинарш а, къонанаш а бара. Церан хаттарш гулделла а хиллера. Иза дика хеташ а бара Дешар кхиоран институтан Iилманан белхахой. Царна юкъахь дара дешархошна сочинени язъярехь кхин керла, шуьйра кепаш йовзийтар, нохчийн меттан экзаменехь жимачу йозанан болх нийса кхочушбайта тIе тидам бахийтар а, йозанан а, сочиненин а, оцу шина а белхан мах хадоран хьесапех дерг дийцар а.

Проекта тIехь, гойтуш, дуьйцура Дашаева Лайлаа, Тутаева Сацитас, Хунарикова ПетIамата хьехархошна довза, къасто луурш.

Оцу семинарехь дакъалоцуш яра вайн республикин нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн Ассоциацин куьйгалхо Бергоева Айза. Шена хетарг довзийтира цо: «Тахана хIокху семинарехь хьехархошна пайдехь хир долу дукха хIума дийци. Хаттаршна доцца, нийса жоьпаш даларх дерг дийцира. Экзаменан белхан мах хадорах, иза дешархошка нийса кхочушбайта уьш кечбарх а лаьцна дийцира».

Хунарикова ПетIамата дийцира сочинени муха язъян еза, Тутаева Сацитас дешархоша барта жоьпаш дала дезачу хаттарех дерг дийцира. Масала, фразеологизман карчам цхьана дашца муха эр дара, иштта оцу кепехь долчу тIедахкарех лаьцна а дийцира.

Кхин цкъа а билгалдаккха лаьа, 9-чу классийн дешархоша Пачхьалкхан коьрта экзамен нохчийн маттехула дIалуш ю.

Дешархошна гIоьнна аьлла, вовшахтоьхна ю «Ас дIалур ю ПКЭ» гIоIамат. Экзамен кхаа декъах лаьтта. Царах 2 дакъа (1, 2-гIий дакъойн мах экзаменан комиссис хадош бу, ткъа 2-чу декъана компьютеро таллам а бо, мах а хадабо.

Семинарехь дийцаре динчух коьртаниг дара экзаменан тIедахкарийн мах хадоран хьесапех дерг. Болх берзош хIора хьехархочунна сертификат делира.

Къастоза цхьа а хаттар ца дисира. Оьшуш, пайдехь семинар яра иза.

З.ХИЗИРОВА
I-Б.Арсанукаевн суьрташ тIехь: семинаран дакъалацархой

№20, бекарг (март) беттан 15 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: