Совдегар, коллекционер, ресторатор, ресторанийн «Кунаки» сетан долахо, спортан-туризман «Къоьзан Iам» комплексан директор – дукхахболчарна иштта вевза Успанов Юни.
Амма иза, цул сов, нохчийн халкъан вуьззина кIант а ву.
Facebook а, Instagram а социальни сеташкахь дIаязвелла ца Iаш, царна чуьра шен агIонаш лелош а ву иза.
ХIокху деношкахь цо язбина рогIера хаам. Цу тIехь юкъараллин транспортана тIехьашхула даьккхина сурт ду, ткъа суьрта тIехь, «Знаменск – Моздок – Знаменск» аьлла, йоза а ду гуш.
Оцу суьрта бухахь, «Къоман кхетамах лаьцна» аьлла, цIе а туллуш, иштта яздина Юнис:
«Вайн ярташна а, шахьаршна а къомо техкина цIерш яха езаш ду вай, вайга кхечара кховдийна цIерш а йитина. Иза юх-юха дийцар а, цунах сайга ладугIурш кхето гIертар а кIордош вац со. 1944-чу шарахь нуьцкъаха даьхна вай вешан Даймахках, ткъа вайн хIусамашка Iен-баха кхечу халкъийн векалш ховшийна. Вайн яртийн а, шахьарийн а шира, нохчийн цIерш дIа а йохуш, керла цIерш техкина. Оцу муьрехь вайн къоман ах дакъа хIаллакьхилла ала мегар ду. Делахь а, Делан къинхетамца, 13 шо даьлча, юхадерза дуьйладелла вай вешан махка. Цул тIаьхьа 60 сов шо даьллехь а, вайн ярташна а, шахьаршна а техкина «керла» цIерш тахана а цхьаьна ехаш ю. Масала, сан дай баьхна Iели-Юрт хIинца а «Гвардейски» ю. Амма оцу балхана бехке Iедал ца до ас – бехке вай, вайн халкъ ду. Вай ду и шира, нохчийн цIерш дIа а тесна, вайга кховдийна, вайна коча тесна «керла» цIерш лелошдерш. Цхьа а нохчи шен Даймахка юха ца верзийта Iалашо хиллачеран лаамаш бу вай кхочушбийраш. Амма вай цIадаьхкина. Цундела, вай декхарийлахь ду вешан яртийн а, шахьарийн а шира, нохчийн цIерш «юхаерзо». Iедало-м, масала, дукха хан йоццуш, сан дай баьхна юрт йолалучохь долу хаамийн у а хийцина, цу тIе «керла» цIе а, изза цIе ингалсан меттан бакъенашца а, иштта, нохчийн, шира цIе а язйина. Делахь а, хаамийн аннаш хийцарх нислур долуш дац и хьал – и хьал хийца вайн къоман кхетам хийца беза. Ткъа вай и ца дахь, цхьа цуьрриг а мах бац вайн».
УСПАНОВ Юни
И йоза а, и сурт а дукха сиха даьржира социальни сеташкахула а, мессенджерашкахула а.
Цхьаберш цо бохучунна чIогIа реза хиллачух тера ду – иза гора цара язъечу комментарешкахь.
Цхьаберш реза бацара – «зама а кхин ю, цIерш а кхин, аттанаш хила еза» яздора цара.
Делахь а, къаьсттина халахеташ дерг кхин дара – дукхахболчарна бен-башха а ца хетачух тера дара юьртан а, шахьаран а хьовха, шайн къоман а, шайн мехкан а, шайн а цIе хийцарх. Ма эхь ду иза!
И.АДАМОВ
№20, бекарг (март) беттан 15 де, 2019 шо